![]() |
|
|
#1431 |
|
Вес репутации: 27 |
Нене
Нана, аса-м хьан хебарийн Къахьа-дуьра йоза тидда. ГIеххьа хан ю сан даго и-м Хала гочдина. Хьаьжаюккъех доьду харш – Сан некъ бу кхерам болчу идда. Цунна уллехь – харш – сан гIалат, Ахьа гечдина… Шийла маьIна долуш ду-кха Бесни тIера кхин цхьа харш а: Со цкъа мацах, цомгаш хилла, Меттахь Iиллина. Хьан бIаьргашна гонаха ю Дахарера сан лараш а – ХIинца уьш а хершнийн куьцехь Го сан иллина… …КIентан кошан барз ларбечу Чуртан сема IиндагIа а Саццаза хьан юьхьтIе оьгуш, Харш хуьлуш ду шех…. КIант хьайх дIакъаьстичахьана Ахь ловш йолу хIара хан а КIоргга балдийн сенаш охкуш, Къиза хьерча хьиэх… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1432 |
|
Вес репутации: 27 |
Дахаре
Хенан сиркхо — наб тIегIерташ, бIаьргийн хIоаш луьйсуш, Дахар, и хьан маьIна довза сан а дийзи-те? Сан механа еза йоцу гIеметталла къуьйсуш, Кхиэлан туька гатъеш, хIуьтту-кх шераш гийзиге… Кхача гIерта юьхь сан хершнийн гезгамашин кара, СингIаш хьега девлла баьрзнех эгначу гIанийн… Амма дегI сан боддинехь а, лагI ца йи ахь хIара Деган Iомахь буру хьийзо шовкъийн кIуркIмани… Ца юсторна нехан хьокъо сан рицкъанан ворта, ХIуьтту хир ду теш хьо деган цIеналлина сан: Ахь семанна даьтта хьаькхна сан оьмаран ворда ТIера яц-кха, цIийзаш, адамашна кула ян… Лиъна хьан нийсонан хьоста къинхетамза лакъон, Вуонаш гIерташ диканийх дан шайна муьтIахь леш, Елла-те ахь, «дахар» аьлла, хьайн цIе тилла бакъо Кху деношна, уьш хиларх а, дIадовларца леш?.. Байтийн совнахдевлла генаш синан херхо хедош, Сан ойланан бага юзуш дешнийн жираша, Хьо го суна пхьуьйшахь, четахь хазахетар къедош — Чохь а, тIехь а дашо динарг ирсан тираша… Лалур доций хууш хьайга дог сан къийдалар, Сих-сиха ахь соьга кховдош ши совгIат ду, дахар: Ойланаш яр — син пардонна сийлахь даьIнаш дахар, Илли алар — йоьрзуш йоцчу чевнах цIий далар… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1433 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
ЦIегIачу догIмашца меттах а хьуьйш, Мархаш Iа малхана тIехьа. Дешица кхелина ю-техьа уьш Я мекхаш йиъна ю-техьа? Суьйрено сирачу куьйгашца шен Эгна гIаш даржадо новкъа. Эхьхетча санна Iа малхбузе цIен, Къайле гуш шовданан шовкъан. Гоьмукъах терра бу ламанан бохь, Малх гIерта цу буьххье хаа. Юха а чов йинчу зIаьнарийн мохь ХIуттур бу сан синтем баа… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1434 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Стогаран милт хьалауззушехь, можачу серлоно чоь серлайоккху, Къорачу татанца стогаран шишанах беттало полланан тIам... Генарчу некъаша сан даг тIе тийсинчу, хьаьхначу кIадонал йоккха, ГIайгIа ю тховса а бовзуьйтуш суна шен стимал а къахьбелла чам. Ас цунна лерина леррина ю ларъеш, гIевланга йиллина латтош, Ойланийн хьаьвхенехь меттамотт лаьцначу шийлачу IиндагIийн курс. Генара деанчу конвертан четарчу дешнашца синхаам гIаттош, Сайн деган уггар а къорачу соне ас дIагулбо гIайгIанан кIурз. И бу-те ачанах биллинарг богучу стогаран шишанна гонах? Цо карзахбоху-те дахарехь Iаьржа бос ца ловчу полланан бIаьрг? Овкъаршлахь ца яйта дахаран кIайн алу ша вогу бакъволу къонах, Адамийн кхетамехь язлучу сийлаллин йозанехь дуьтуш шен хьаьрк. Хорша шен герз лору хIинца а вайн догIмех къастазчу бIешерийн хьуно, И къаръеш латийна, вай леккха латтайо ойланийн йовшйоцу цIе. Мацах цкъа ваьгна дIаваьлла вай бахахь а хьуьнаре Джордано Бруно, ХIетте а гIерта вай ваьгначу цуьнан чим ийначу алуна тIе. ХIора а декхар ву шен деган суйнаца оьмарехь цIе лато йоккха, Багабеш хьомечу шен халкъан белшаш тIе тевжина гIайгIанийн лам... Хьажал, ас стогаран милт хьалауззушехь, цо гIийлла чоь серлайоккху: Йогучу милтана тIекхача гIерта-те, бетталуш, полланан тIам?.. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1435 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Букарчу цхьаллин бу чекх сагун бIаьргаш, Къастаран мукъамаш царна чохь го, Го суна Iаьржачу гIайгIанан хьаьркаш, Пайденза дIадахна сайн хIора шо. Царна чохь мустлуш ду гуьйренан догIа, Къеж а деш уьйранза гатлун синош. ГIаргIулийн тоба го, нисбина могIа, ДIайоьдуш, ваIданийн можа гIаш хьош. И гаро цхьажимма сан дагна ялйо: Йоьрзур ю и цIехьа - тIехтилча Iа… Шен бIаьргаш къерзабо букарчу цхьалло, Цкъа хIинца-м царна чохь сингаттам Iа. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1436 |
|
Вес репутации: 27 |
Саллар
Хьоьх нIаьна ала со ца хIутту, сан хьоме саллар, Исбаьхьа ойланаш юй хууш хьан коьртехь IаьIна. Комаран диттан гIаш ду-кха хьан баьццара кхаллар, Адамо къобалдан хьакъ ду хьан дахаран маьIна. Iаламат хала ду мах хадон муьлххачу белхан Оцуьнан чаккхенга диллина вар-валар хилча. Цаьцваьлла со хир вуй хаарна хьайн сина велха, Ахь шек а ца болуш, тIеуьйзу Iожалла ирча. Хьайна тIе хаддаза хьерчадеш дуткъа тай къоьжа, Эххар цо хорамбой, хьо цуьнан кIоргенехь ле-кха. Хьан сирла каш хуьлий дIахIутту ахь бина гоьжа - Азаллехь ахь юьхьарлаьцна хьан Iалашо лекха. И листа волалахь, бекар бу цхьа зевне чилла - Ахь цкъа а дешанза хьан кхиэлан тIаьххьара жайна... Ахь доггах хьегна къа цуьрриг а эрна ца хилла: Адаман хьашташа тIеоьцу и чIогIа тайна. ...Сан деган салларна тIехьерчаш, могIанийн теша ГIеметтахIоттош бу сан иллийн мукъаме гоьжа. Жимлучу рицкъанан ницкъах со ца вуьту теша Комаран гIаш санна, оьгучу сан коьртан чоьша... Лахьтанан гоьжанахь хууш сайн дезар дуй Iилла, Ас оццул къахьегча, ца лоьхуш хастам а, ял а, Хир бац-те мацца а сан байтех мел баьлла чилла Сох бухадуьсучу иэсана цхьа бедар ялла... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1437 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Хала до оьгучу гIаша дуькъачу дахкарлахь нека, Дерзана довлучу диттийн мехаша пусар ца до… ДогIанан тIадамийн мукъам хьан коран экъанахь бека, Шеконийн гIаттаман баьчча хьан дог ду ца боху цо? Стигалан шийлачу некхах гIаддайна тIамарш а етташ, Йоьдучу гIаргIулийн жуьто тийжарца дуьне до къахь… Кураллин пIелгашца айхьа ойланех мел дина шеддаш, Хьайн даг тIехь моьнашка доьрзуш лан муха лайра-те ахь? 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1438 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Со, безаман ч1урам хилла, г1ийлла вогуш 1а, Ала, юй хьо сан ц1е ларъян реза? Дагчу доссахь цхьа ларамза синхаамийн 1а, Г1ура яшон хьуна ч1урам беза. Дагна лулахь йовхо йоцуш, безам хьекъаш бац, Цуьнан сийнна вогуш ву со г1оза. Сатийсаман ц1оцкъамаш т1е йиллахь сира к1ац, Ахь со къайллах хьайна гергаоза. Цхьаллин сег1аз юккъехь йогуш юткъа ц1е ю-кх тайн - Хала-ъ ду-кха йийсар хилла, къага. Лелаш волчу сан когашка хьакхар керча дайн, Маржа, цунна т1ехь хьан амат ага!.. Дегайовхо яош, кхобуш лаам бу ас сайн: Даим цу хьан б1аьргийн корехь вага… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1439 |
|
Вес репутации: 27 |
Нене
Нана, аса-м хьан хебарийн Къахьа-дуьра йоза тидда. ГIеххьа хан ю сан даго и-м Хала гочдина. Хьаьжаюккъех доьду харш – Сан некъ бу кхерам болчу идда. Цунна уллехь – харш – сан гIалат, Ахьа гечдина… Шийла маьIна долуш ду-кха Бесни тIера кхин цхьа харш а: Со цкъа мацах, цомгаш хилла, Меттахь Iиллина. Хьан бIаьргашна гонаха ю Дахарера сан лараш а – ХIинца уьш а хершнийн куьцехь Го сан иллина… …КIентан кошан барз ларбечу Чуртан сема IиндагIа а Саццаза хьан юьхьтIе оьгуш, Харш хуьлуш ду шех…. КIант хьайх дIакъаьстичахьана Ахь ловш йолу хIара хан а КIоргга балдийн сенаш охкуш, Къиза хьерча хьиэх… 1илман Юсупов Поэтическое послание самому дорогому для поэта человеку. Сколько в этом стихотворении нежности и сдержанной любви. "Хьан бIаьргашна гонаха ю Дахарера сан лараш а"- эта строфа наполнена огромным смыслом: здесь и тепло, и ушедшее время, и грусть... Добротой 1илмана наполнено каждое строка этого стихотворения.Оно написано просто, без пышных фраз, высоких слов. В нем вся душа 1илмана Юсупова. "…КIентан кошан барз ларбечу Чуртан сема IиндагIа а Саццаза хьан юьхьтIе оьгуш, Харш хуьлуш ду шех…."-сколько в этих строфах печали...Пронзительной болью в сердце отдаются эти стихи о матери,молча страдающей и скрывающей свои слезы... Дала ма эша войла хьо санна волу к1ант,1илман. Хьуна техкийна ага ца хила-кх эрна.
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1440 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Сайх къаста ца луу сирделла некъаш а тийжош, Са кхийдош гуьйренца даттанах яьллачу цIерга, Шеконийн кIуьралахь сайн деган бIаьргаш а Iийжош, Со вогIу вохвала хьан синан серлонна герга… Дахарх ас ен ойла яц хьуна хIинца сан аьрга, Гуьйренца ношъелла, чуйоьжна дагтIера вас. Беттасин гоьмукъах вогIалуш хьан коран бIаьрга, ХIусаман кIоргенехь дегор ду хьан гIаларт ас… Хьоь кхайкха мегий ас седарчий оьгучу ара, ДIагойтуш хьуна а сайна бен ца бевза некъ? ГIайгIа сан охьуш а, луьйсуш а хьо яцахьара, И муха ер яра сан деган цацанах чекх?.. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|