![]() |
|
|
#1421 |
|
Вес репутации: 27 |
Езаче
Дуьненан тIулгаш тIехь екош сайн дахаран ворда, Хьан дегIан синтарна гуо туьйсу де-дийне ас. Цхьа къурд бен ца оьшу суна-м хьан марзонан хIордах, Цкъа лерса хьасттал бен ца оьшу суна-м хьан аз. Ма-хуьллу тийсалуш сингаттам олучу ломах, Сайн дахар такха со кийча ву хьан дагна хехь, Мотт Iоттал хьаса бен ца оьшуш хьан ирсан чомах, Ког биллал меттиг бен ца лоьхуш хьан ойланехь. ХIун ду ас хьан корехь зевнечу иллица хьабарх Сайн оьмар чехаеш, бегабен бIешерийн пен? Со оьшуш вац хьуна цхьа суй бен ахь ечу набарх, И суна тоьар бу къагабан хьан гIенийн бен. Мацца а йоьссича сан даг чу Iожаллин гIура, Сирта-тIай тIехула сан ваха дезар ду дIа. Со лоьхуш вац хьуна серло бен хьан куьйгийн чкъуран, Ахь доьIуш долчу син Iаьнарх со тоам беш Iа. Сан оьмар тIехьерчош, хьийзаш ю заманан сема, ГIеметта хIоттар а схьакхечи, оллийна цIом. Ткъа суна-м ца оьшу цхьа цинц бен хьан беснийн деман, Хьан баьргийн цхьа бIаьца тоийта хьожур ву со-м. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1422 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Буто ша ма-биннехь хIорда чу хьоьдучу хишна, Гуьйренан эсаро гур боьгIча бацалахь тхишна, Безаман кхерчан цIе овкъарша яьккхича къайла, Хьан васт ас дIадуллу сайн дагалецамийн лайла. Малхбузехь гIорийча суьйренан зIаьнарийн мекха, Йиш хаьлла Iаьнан мох баьлча шен ма-хуьллу хьекха, Сайн дог ма-карийннехь, куьг доцчун пхьош санна, деса, Деллачу хьан вастан гIевлангахь ас доьшу еса… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1423 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Огаран аренах къежделла д1адаха Сан сийна, муттане денош. Сан дагна гергара хиллачу хийистехь Г1аьттина боьмаша шач… Х1ун бала бара хьо дагаян, Чов йостуш, пайденза дешнаш а 1енош? Кхолламо биллинчу новкъара юха а Со х1унда вели-те лач? Ойланехь мел йинчу ч1аг1онца гамвелла, Кхетаман буйнара ваьлла, Ас х1унда лоьху-те дахаран мангало Цкъа мацах даьккхина кес? Сан шерийн дарцаша-м тоххарехь йижийна, Ерриг а сирйина яьлла Гилано-къоналло дозалла щех дина 1аьржа варкъ диллина кхес…. Х1етте а, х1етте а сан дагалецамийн Легашкахь хьан сибат лаьтта, Сан г1енийн хьошаллех хьо 1аба ца туьгуш, Синтемза 1ийжа сан дог… Цкъа дагалацахьа вайшиннан безамо Сендина б1аьстенан латта, Хийисте вай ший а д1адоьхуш, Бацалахь тачано йиттина ног… …Зарзарийн аьзнаша б1аьстенан к1уьралахь Хьан озан пиллигаш хьедеш, Эвхьечу мукъамо аьхна кадиттира Самалхадаьллачу сих. Беттан нур даьржича хьан ч1агарш лепаеш, Т1етт1а сан дог доккхадедеш, Лалийна к1айн деши иэделла хетара Апари хьоьстучу хих… И оьзда мукъамаш цкъа карлабовлийта Тахана со хьаьгна вацахь, Г1олда-кха т1аккха сох лаамо цистинчу Бехкаман буржалийн къа. Г1ан туьду ойланаш нагахь сан бакъ елахь, Со-м цкъа а вицвина вац ахь. Цундела оху ас, б1аьсте а ялале, Сайн дегайовхонан кха… Цундела лоьху-кха сайн деган сайра чохь, Кароре ч1ог1а сатесна, Ас хьоьца яьккхинчу йоццачу цу хено 1аь тухуш, ц1андина х1у. Буьртиг карийча а, кха эрна ца дайта, Даггара цу т1е и тесна, Къоналлех хаьддехь а, и деба-ца деба Хьежа а-м со кийча ву… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1424 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Сан массо сатийсам дIабахна тилла, Нигат деш хIусам ян бIаьстенан варшах. Хьан цIе-м 1а, сан деган доIа а хилла, Элпашца хьекхалуш кхетаман Iаршах… Вай вовшехкхетарийн седарчий терахь Баттана уллехь го со хьаьжча хьала. Со цхьалла охьуш ву безаман хьерахь, ТIаьххьарчу байттамалх хьо ларъеш хала. Дог сирла хьайн дацахь бIаьргийн гIуш леппал, Сан дешнаш кег а деш, ма леха тIамарш. Ойланза ма хьагъе вайн уьйран къепал, Ц1е санна, йохъелча гIайгIанан гIамарш. Ахь дагалецамийн бала ца лайна, Лач некъо цундела хьо шеца юьгу. Ас деша схьаделларх хьан кхиэлан жайна, Цхьана а хьаьрках со кхета ца туьгу. Мел ч1ог1а сацамбарх сийна цIе йилла Хьо лоьхуш, ас лаьттахь мел йинчу харжах, Хьан цIе-м, 1а сан деган доIа а хилла, Элпашца хьекхалуш кхетаман Iаршах… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1425 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
ЦIегIачу догIмашца меттах а хьуьйш, Мархаш Iа малхана тIехьа. Дешица кхелина ю-техьа уьш Я мекхаш йиъна ю-техьа? Суьйрено сирачу куьйгашца шен Эгна гIаш даржадо новкъа. Эхьхетча санна Iа малхбузе цIен, Къайле гуш шовданан шовкъан. Гоьмукъах терра бу ламанан бохь, Малх гIерта цу буьххье хаа. Юха а чов йинчу зIаьнарийн мохь ХIуттур бу сан синтем баа… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1426 |
|
Вес репутации: 27 |
Сан са
Хьо хIунда сеттина, цицигах букъ тIе а боккхуш, Сан къинойн лам гина, билли-те хьан кийра ша? Далла ас ен Iамал яц-те хьо сийлалле доккхуш, Сан дегIан чорхана яппарш ян Iемина са? Цхьа гIуллакх ас дича, мах хадош, ахь дош ца олу, Ткъа, наггахь Iехаво, хьуо доьду моттуьйтуш дIа… Лензаллин неIсагIе ерриг а хьайн долахь йолу Хьо хилча гIайгIане со даим цецваьлла Iа. Баннекъийн тIулгаш тIехь Нохчийчоь букъ тIехьа лоьцуш, Леллачийн стиношца гергарло дуй-техьа хьан? Бусулба хьо делахь АллахIан омра тIеоьцуш, Царна а луур ду хьо шайца г1азотехь ган.. Хьо каде хьовзалахь Махьшарехь вай вовшахкхеташ, АллахIах хетачохь сов тIаьхьадисина эхь. Хьуо кхачахь пирдовсе, цагинчех цигахь къахеташ, Даггара делхалахь хьо церан цIерашна тIехь? 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1427 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Буьйса ю. ДIатийна бIаьстенан арц. Ткъа суна-м ца до хьан кор хьеста кIорда. Сан бIаьргаш - сутара ши аьрзу яц Хьан чиркхах-ижунах лууш шайн пхьор дан. Мелхо а, экаме зарзарш ю уьш, Тийналлин серлонехь иллийн зов зуьйш. Дитташа тIедетташ зазанийн дарц, Сахиллалц екар ю сан деган бухIа. Лехаме сан лараш - кхокхарчий дац ГIур-гIур дан гулделла хьан кора буха. Адамийн мотт хуу тотеш ю уьш, Эсалчу дешнашца хьан чиркхе луьйш. Амма цхьа олхазар - къастаран хьаргIа ГIерта сан безамца даста шен марха... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1428 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Лаьттахь харш – сан некъ бу, ткъа, стиглахь – гIаргIулийн могIа. Лакхахь тIам мел туьйхи, бухахь а сих бо ас ког. Дахкарх чекх Iийдалуш, тIедогIу гуьйренан догIа, Шелоно жагIантIехь керчадо шовданан дог. Эгна гIаш Iохкуш ду, геш оьхьуш стигала хьала, Уллерчу коьллашлахь шур-шур деш ца хеза зу… Йиллинчу метте со вогIуш ву хьалхачул хала: Къастаран синхьехам тIеIаткъам бан говза бу. Гуьйре дIа ма-яхха, вайшиъ а хир дац-кха цхьаьна. Къастаран неIсагIехь ма къийса соьца къа, мел. ГIертар бу сан кхерч а, лалаеш маьргонаш Iаьнан, Шен цIеран маттахь дан хьоьх лаьцна соьца къамел… 1илман Юсупов Любовная лирика Юсупова полна светлых и нежных чувств к женщине,которые давали ему мощный источник вдохновения. Вечной любви нет, я не думаю,что 1илман искал эту вечную в своей жизни, возможно, как гениальному поэту и как самому светлому человеку вечной для него была только потребность любить. Сколько читаю Юсупова, прихожу к одному мнению,что в своих шедеврах любовной лирики он говорит именно о своих чувствах, а не отношениях, связывающих или связывавших его с возлюбленной. Возможно, я немного ошибаюсь. Думаю,поэт простит меня за эти вольнодумства. ![]() Баркалла хьуна,1илман!
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1429 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Маьлхан дегI дIахьулди марханан обано, Шелдеш сан зIаьнарша ловзийна илли. Баккъаш тIе девллачу IиндагIийн тобано Зезагийн кортош тIе Iаьржа варкъ дилли. IиндагIийн дуьненахь хан такхар маьлхаза Аьрха ду дагчуьрчу безаман суйнна. Малх юха схьакхетча хетар ду мел хаза Шовданехь хьо ларъеш лаьттачу суна. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1430 |
|
Вес репутации: 27 |
Сонет
«Хьо суна еза-кха» - и кхо дош ду-кха Сайн дегайовхонца со чохь Iен гIишло. Хьох лаьцна ойла ас йо дела дукха Шераш дIа эхарх а, сан хьиэ ца тишло. Суо воьдуш хьан деган токхечу дукъа Син аре дIалаьцча гIайгIанан ишало, Кхаъ боцуш хьо йитахь суна хир ду къа - Цундела ас хьуна безаман йиш ло. И ю-кх сан гIеметтахIоттаран Iаса. И луьйзуш, хьо йолчу вало со маса. Ношбелла сатийсам хьан корехь Iа сан - Хьан куьцах баьккхина цхьа мерза хьаса... Ма къахьлур дац суна хьан дашо сибат Сан даге цо мел до шен эвхье гIийбат... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|