![]() |
|
|
#1411 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
1омачохь беттан сурт тховса а дисина сайнна, Шовкъашна качвелла, буьйгIу ас ойланехь бохь. Вовшеха хьекхало IиндагIаш, кIамделча санна, ХIаваан пардонах чекхбуьйлу бухIанан мохь. Жима ши марха ю, туьйдина седарчийн кIархаш, Къорзачу стигалахь меллаша шайн болар деш. Корсаман куйнаш а техкина лаьтташ ю тархаш, Боьранийн лергашка къайллаха забарш а еш. Дахкаро цIуббина, цIанбина уьшалан зорха, Шелделла тхиш ца ло тIуьначу бацалахь дох. Шен тIома куьг Iуттий, егайой седарчийн хорха, Сийначу серлоно багабой, дIаэккха мох. Юьртара пхи цIа ду тховса а вайшинна юккъехь. Тоххарехь йижна хьо гуш ю-те мосалгIа гIан? Хаалахь, сан са дуй набъечу хьайн кераюккъехь, Шен йовха Iаь етташ ховхачу пIелгашла хьан… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1412 |
|
Вес репутации: 27 |
Беттан хьокхам
Дарделлачу цIоькъалоьмах дарцо мIараш туьйсуш, Цистина сан коре лаьцна шан пардонан кIай. Ткъа стигало мархийн цецах чекх лайн дама луьйсуш, Кху сан кертан бога дуззуш, бод биллина кIайн… Пхьуьйре юлуш кийча хир бу буьйда хьокхам беттан. Мархийн цецахь, бенчохь санна, цо Iаь еттар ю… Дорцан цIока Iуьллуш хир ю, луо а хилла детта. Кху сан коран бIаьрга лаьцна кIай а жимлур ду. Со а хир ву пхьор дан дагахь, пеша дечиг туьллуш. Ялтин мерза хьожа сунна баттах йогIур ю. Тхайн туьнкалган буйна к1уьран беха гIуркх а буьллуш, Беттан хьокхам кхерчан цIерга божон гIуртур ву… ТIаккха сайна даго довдар схьахезар ду шера: «ХIунда гIерта беттан хьокхам хьо чубожон, хIай?! И-м хьан нанас шен доьзалан синмаршонна тIера, Мац ма-делли, седарчашна хьалха буьллуш ба-й…». 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1413 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Сан деган дахкарлахь хьулделла сан дедайн ирзе, ХIара ю цкъачунна вайшинна ас лаьцна хIусам. Кхузарчу деноша дийр ду-кха вайший а ирсе, Адамийн бIаьрг хиларх бодано лардийр ду буса-м. Сан ирсан даьIахкаш, шовкъаша обанаш баьхнарш, Кхузахь бен карор яц мацца а вайн къастар хилахь… Тахана бацахь а гуш-хезехь хIара латта аьхнарш, Амма уьш цкъа лелла, шайн синош лийчош кху тхилахь… Тешаман серлонгахь ас шаръеш хьан кучан хеборш, Сан пIелгийн зIаьнаршка ма цеце хьоьжу дIо стигал – Лааман маьркIаже хьан синцIеналлина тебош Со велахь, сан илли дуьжийла аз хилла къийган. Сутара IиндагIаш – акхачу ойланех даьзнарш – Сайн даг чу нуй хьокхуш, со дерриш хIаллакдан кхиъна. Цундела тийна Iа сан бIаьргийн дехаре аьзнаш – Дуьзна уьш, хьан гIенийн дахкаран тийналла йиъна… Лач ойла-шаршолаг тIех шера хилла, хьо шаршахь, Оьздачу ойланца ас хьуна гIатта гIо до-кха. Цул тIаьхьа ирзенна гонаха даьллачу варшахь Мукъаман гураца лоцу хьо – сайн бовха кхокха… Хийистехь коьллаша шайн луьста цIоцкъамаш хебош, Бухара схьакъерзарх моьлкъанан баьццара бIаьргаш, Цхьа а вац вайн доцчу къиношна неIалташ дебош, Хьан боху вайшиъ ду эхь-бехках яе гIерташ гаьргаш?.. Уьйр цIена латтаеш, хIумма а цхьаммо ца эрриг, Цхьа хьанал цIе летта, вайший а кху хене даьлла. Ахь бIаьргийн когашца мосазза хьаьшна со верриг? Амма со, лазаме там хиларх, осал ца ваьлла… Ларанаш кег а еш (тIехерцош дIо лаьмнийн тархаш) Со-м сацо хьожур ву хьан шераш хьийзаден бера. Ас марахь йохйийр ю стигалахь ношъелла мархаш, Царалахь тосалахь тIадамаш – хьан бIаьрхих тера… Даймахко диллина сан иллин кийра хьан амат, Ас и схьадалийна сайн дедай баьхначу ирзе. И ду-кха Iаламан уггар а доккха Iаламат, Къеначу кху лаьттан иэсехь а дуьсу дерг ирсе… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1414 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Сан бехко-гIалато схьаетта хьожа а ца лайна, замано вабанца Датадо сан дагалецамийн диттийн ша Iаьнарца кIаддина гонаш, Цу диттийн орамийн пехаша доьIу са хIаваах дIаэн ца дуьтуш. Сан хазахетарийн бIаьргаш а Iийжабеш «байттамал» олучу сабанца, Чопанах-марчонах хьерчаеш мискъалан зарратал сан ледарлонаш, Сан ирсан керлагIа маргIалш цо лийчадо, лазаман хи тIе а дуьттуш… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1415 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Юха а оьхки-кха стигална коча Можачу гуьйрено гIаргIулийн туьтеш. ГIадожар долало къамел дан коча ХIаваэ, буьттуш шен туьйране пуьташ. ГIаш ловзон тIера ду карзахе мехаш, Цаьрца шайн хиндолчух лаьцна пал туьйсуш. Iаьнарца дусуш шайн «хьаз-хьиз» ден пехаш, Хьун чIанаяккхарехь хьалхе а къуьйсуш. Мунда ю тIаламе бIаьрг бетташ хьаьтта, Юх-юха дагардеш бешара цIевнаш. МаьркIаже тIекхаччалц диллина лаьтта Ялта чудерзочу ахархойн кевнаш. Иэсехь дIа ца бойтуш толамах тешам, Ша куьйгаш кховдийча маршонан малхе, Сан къоман амало зийна ду: кечам ТIамна а, Iаьнна а бан беза хьалххе... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1416 |
|
Вес репутации: 27 |
Ши безам
Дозаллин акхтарган буьххье а баьккхина синхаам сайн дуьххьарлера, Массарна и гайта гIерташ, ас хьийгира ял йоцу къа. Кхолламан мох баьлча, акхтарган бохь бойна, чубужуш и цунна тIера ДIабуьзна ирсан малх ах бен схьакхетанза хIинца а хета-кха, ткъа… Къайлахчу ойланан кулла кIел лечкъабо тахана-м сайн безам керла. Дахаран эсаро сан син гIад чахчийча, цо во со гуттар а вох… Мел буьрса хьекхарх а, де-буьйса ца лоьруш, гойтуш шен инзаре дералла, Хийлазза цу куллах ког дIа а тасалуш, горбаха кхолламан мох… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1417 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Буьйса ю. ДIатийна бIаьстенан арц. Ткъа суна-м ца до хьан кор хьеста кIорда. Сан бIаьргаш - сутара ши аьрзу яц Хьан чиркхах-ижунах лууш шайн пхьор дан. Мелхо а, экаме зарзарш ю уьш, Тийналлин серлонехь иллийн зов зуьйш. Дитташа тIедетташ зазанийн дарц, Сахиллалц екар ю сан деган бухIа. Лехаме сан лараш - кхокхарчий дац ГIур-гIур дан гулделла хьан кора буха. Адамийн мотт хуу тотеш ю уьш, Эсалчу дешнашца хьан чиркхе луьйш. Амма цхьа олхазар - къастаран хьаргIа ГIерта сан безамца даста шен марха... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1418 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Даймохк, хьоьх тешийна ирачу могIанан баьлча, Сан илли-ахархо балхана каде тIетаьIа-кх. Iожалла хетало оханехь ойлане ваьлча, Дахаран терзанахь товш йоцу вортанан даьIахк. Седарчийн жарж бууш, берстинчу беттан кIайн кIежар Бахьанехь хетало буьйсанан IиндагIаш аьрга… Даймохк, хьан корера кIирвелла со арахьежар Iаьткъича, хир бу-кха Iожаллин боданна бIаьрг а. Къоналлин кенара синхаам хIоара буьйлуш, Хьан шунаш дохорах ларъелла сан шерийн метиг… БIаьрсинан къурдашца хьан лаьмнаш, аренаш муьйлуш, Лоьху ас сайн илли цкъан цкъа а лийрдоцу меттиг. Амма со ца волу цуьнах сайн къубба а йина, Осала хьесталуш, лензаллин гIевланга хийша – Сан илли дуьненан массо а пхьегIанахь хьийна, Дика а, вон а цо цхьабосса тIелаьцна Iийша. Цундела гIерта со, дош къуьйлу гIурчош а дагош, Абаден хIусаме доссадан сайн илли – хьаша – Адамийн шовкъаца уьншеран бодаш а къагош, Цо цигахь буцур бу хьоь болчу безаман маша… Хьайн лаьмнийн уггар а лекхачу момсар тIе даккха Чекхдаьллий-даланзий сан илли, хьайн сица луьттуш. Азаллин къайле а, ясталуш, хьаьар ю тIаккха, Кхолламан синтемах седарчийн кIохцалш а Iуьттуш… 1илман Юсупов Какое сильное и красивое стихотворение! В творчестве 1илмана Юсупова тема родного Даймохк, вплоть до дома и двора, как я заметила, занимает особое место. Тоска по родному краю определяется не только его особыми качествами - красотой природы или необычностью метности, теплотой людей, для 1илмана важно и другое: благодаря сильной эмоциональной памяти каждая деталь родных мест вызывает у него воспоминания о событиях или ощущениях прошлого - иными словами, является эмоционально насыщенной. Это стихотворение так актуально для всех нас, находящимся за пределами родной Чечни. Кто-то так же, как и я, наверное, прочитав,будет грустить по родным местам. 1илман,твоя поэзия-подлинное искусство,доносящее до нас смысл и высоту жизни. Поэзия,которая сопровождается жестами волнения, совести,веры и любви. Дела реза хуьлийла хьуна,1илман!
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1419 |
|
Вес репутации: 27 |
Газель
Хьо - кIур бу сан дагах цIе яьлча баьлла. Сан бIаьргаш ца Iийжо хьо генаяьлла? Стигалахь хьан васто йитинчу лорах Мох хилла вогIу со хьан Теза-Кхаьлла. Цхьа тамехь зов хазахь хьайн лерехь декаш, Лара со иллица хьайн дола ваьлла. Сан кхиэлан тхов тIера чоргIе а йохош, Безаман ладар сан дагах чекхдаьлла. Со гича хьайн коран юьхьлаьцна лаьтташ Хаалахь со лелий, собар а хаьлла. Деган цIе шен кIуьрах дIаэнза йисахь, Iилмана ша дуьне дуьтур ду аьлла... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1420 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Хьаннашца дов дели гуьйренан мехийн, Дохк йижи лаьтта хьан йовлакхал сира. Ла ца ло аьлла сан Iиттарийн мехий, Вайн уьйран мохь охьабилли ахь гира. Дегаллин гIалатах хьо кхето санна, Хьан лерехь шабарш деш оьгучу гIаша, Бух болуш баккха бехк ца хили сан а, Дохко а яьккхина, хьан ойла хьаша. Со йохьах ца вуьйхи, ца вуьйжи гора, Ахь чIагIо ца йохий, ца хийци дош а, Боггушехь шелбели хьан бIаьргийн кIора, ХIаваъо дIаяьхьи хьан месийн хьожа. Вайшиннах цхьаммо а ца ийци пайда КIеззигчу хенах а Iодикаяран: Хьуна а ца хии вай къастар дайдан, Суна а ца лии кхин дахдан хIара. Стигалахь пхьоьхане гулъели мархаш ЭтIачу сан даг тIе шайн туьха таса... Орамаш телхина вайн уьйран маргIалш Бухдаьхна довллушехь, къаьсти вай дIаса... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|