![]() |
|
|
#1401 |
|
Вес репутации: 27 |
Беттан суьрташ
Седано шен негIар дегон бIаьрг ма-билли хьала, ГIурту бутт шен чIама корта мархийн чета болла – Оцара-м, ткъа, цIокъболат тIе лоьцуш, ийци хьала Дахкаро хийисте боьгIна хилла бамбин хIоллам… Сирла чорпа ерриг лаьттан кийра тар ца елча, Бутт бу кийча дIо лаьмнашна тIехьа дIаIано а… …Вайша вовшийн бIаьрга доьдуш, ши дог тохаделча, Шен шабарийн чиркх чуузу диттийн доIано а… Беттан меда Iаж гиболла ша-ша хьакъ ю моьттуш, ЗIаьнарш-мехий сийсон йовлу дIо седарчий зуьнаш… …Махо, белшах куьг а детташ, суна тIе хьуо тоьттуш, Хьан йохьана-м чIогIа тайна сан бехкаман хьуьнарш… Баттана-м гуш ду вайн синойн когабуьхьархIиттарш, Хьуна гаьнгали бан кийча мархийн сира гата, ГIадожаран маттахь къайллах луьйн хьан бIаьргаш-дитташ, Хьостан хи чохь зорбакхетта хьан кIайн юьхь-сибат а… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1402 |
|
Вес репутации: 27 |
Гуьйренан денош
Сагатдо аша-м сан, гуьйренан денош, Нур доцу серло сан байташла Iенош, Эгна гIаш эсарца йийсаре лаьцна, Iаьмнашкахь хи бехдеш, Iеха тIе лаьцна. Со маца вер ву шун гIайгIанна ваьцна? Сагатдо аша-м сан, гуьйренан денош, Дахкарлахь дIахьулдеш со чохь Iен цIенош. Элхьамцан коьллашла хьерчаеш шело, Аш йо-кха ерриг а боьлакна гIело. Со маца воккхур ву шун балех кхиэло? Сагатдо аша-м сан, гуьйренан денош, Сан деган серлонах IиндагIаш делош. Лачкъийна латтадеш стигалан лила, Ма гIойша сан ирсан бIаьстенан къила. Ас хIун дан деза-те шун лай ца хила? 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1403 |
|
Вес репутации: 27 |
Аьхкенан суьрташ
Стигла кхийда лаьмнийн сийна баххьаш, Цаьрга хьежа ца до-кх суна кIорда. Со ирзера вогIу, йол цIа яхьаш, Ченан кIуьро къайлайохуш ворда. ХIоаш санна, горга тIулгаш луьйсуш, Генна боьранашлахь дохк ду къоьжа. Уьду мархаш, хьалхайовларх къуьйсуш. Мара къовла лууш маьлхан гоьжа. ТIеттIа Iеткъаш, малхо IиндагI къийдо, Дийна мел дерг механ «хIуьпах» хьегош. Цаьпцалгаша шовкъе аьзнаш ийдо, ХIара дерриг Керка-дукъ а декош. Дуьне мел ду тевно туьйсу Iеха Верас хилла хьийза гIуш-лакхенан. Некъа йистехь бецийн къужалш еха Евзар йоцчу яьхна варкъо ченан. Хьоме Даймохк! Муьлха ву сан къомах Хьо карийнарг кхузахь уггар хьалха? Ма дезийла хада сан хьан чомах, Гуттаренна хьоьх а ваьлла, кхалха… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1404 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Хьан амат охьуш ю сан деган кахьар, СадаIа, бохуш, ахь ма е и чеха: Хьагаме хьан дегI ду - сан бIаьргийн шахьар, Берриг а сатийсам сан цигахь беха. Сан дагалецамна хьо гIенах гича, Сан кхетам шел ца бо гIайгIанан шано. Ас хIун де сайн ойла йийсаре йича Хьан куьцан къайленийн ховхачу бIано? Хилахьа эсала хьайн месийн дуьхьа, Дог ирча ца хиллал хьуо хилча хаза. Дац-кха сан идар хьан озана дуьхьал Сатийсар кIоршаме хьан Iиттарш хаза. Дуьнен чохь хьо мел ю хир яц-кха йоьхна Сан дегайовхонан экаме гIовла. Хьо - дашо хьостам бу сан даг чу тоьхна Хено сан малбина синхаам къовла... Хьуна тIе ас бечу сутарчу некъах Шен хIайкал дан гIерта синхьехам мерза. Сан кхиэлан гIопаста юзий хьайн некхах, Цкъа меттахдаккхахьа сан куьйгийн терза... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1405 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Еларан малхаца къагадеш сан кхиэлан баххьаш, ГIортахьа башо сан дагтIера гIайгIанан ша. Хьуна ца моттийта со вогIу тешнабехк бахьаш, Хьан кераюккъе ас даржадо сайн цIена са. Хьан куьйгийн серло а, сан сих схьаIийдалун нур а Хирг хиларх со теша вовшашца Iаламат товш. Цаьршиннан барт гича, ешар ю гIайгIанан гIура, Вайшиннан дегнаш чохь хир яц и кхин меттаххьовш. Хьан васто бол битахь сан дагалецамийн хьерахь, Кхехкор ду безаман шовкъо сан дагчуьра мутт. Хьо юххехь хилча, соь дагарло седарчийн терахь, Хьо гена ма-яьлли, чубужу стиглара бутт. ГIийбатан букъ кагбеш, йолахьа тешамна берта, Хьайн куьцан хьурматна со лардеш хилча хьайн сий. Со-м реза ву хьуна гIаш ван а хьан гIенийн керта, Ирачу тIулгаштIехь тийсахь а когашна цIий. Ас хьуна гатдина са хIинца дуткъа ду тайл а, ХIетте а, сан денойн той ду-кха хьо ирсе гар. Дашочу хьан дагчохь хIумма а ца доьду къайла, Гуш санна даточу лайтIера массо а лар… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1406 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Нагахь со дIаводахь, бIаьстенан бай ведбеш хуьта, Къиношца техкаян генарчу махкара огар, Со везаш йолчу ахь латор бу елхаран къуьда, Ткъа со ца везачу йоIа - шен еларан стогар. Амма со цIаверзахь шарам бан сайн деган уьйтIа, Юха а бIостане хир ду-кха шуьшинна со гар: Суна ца езачу ахь сица латор бу стогар Ткъа суна езачо - ша динчу маренан къуьда... И ши дух серлонан дина сайн бIаьргашна хьарам, Вайшиннан эшамах бийр бу ас безамна барам... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1407 |
|
Вес репутации: 27 |
Седане
Бус-буса сан ойла тIеийзо марзбелла седа, Байбеш сан синлазам, ахь говза йо суна гIоли. Суьйранна малх бузуш болало хьо суна къеда, Iуьйранна малх кхеташ дIабов хьо, баьгна а болий. Генара лепа хьан дуьне ду – цIеран дарц тIома, Ткъа, нур хьан мел сирла лепахь а, ду чIогIа къена. Шийлачу шелонца хьо хIунда хьоьжу соь гома - Экамчу буьртиге Лаьттарчу йовхачу ченан? Моттало сих-сиха, дийна а буй-те хьо, олий, Седарчий делча а, серло ца ле олу церан: Эзарнаш бIешерийн боданех майрра чекхйолий, Хета и схьайогIуш есаллин чкъура юккъера. Хьо белла Iиллахь а, хьан долахь стигал ю сийна. МIаьргонан IиндагIа ду со хьан кхолламна хьалха. Седарчийн тобанехь хьо цхьаъ бу со санна, тийна, Адамийн пхьоьханехь со а ву хьо санна, цхьалха. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1408 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Сан гIайгIанан дилха датIош, доккхуш дато нур чекх, Жил-Iаламан керахь хьийзаели маьлхан урчакх. Стигал ма-ю дIасадаржош шен зIаьнарийн чIораш, Доьллу цо сан нана чохь Iаш йолчу цIийнан кораш. Ницкъан барам нис а бина, сарахь ша дIатуьйрриг, Мох а листа болабели мархийн къоьжа уьйриг… Дерриг дуьне дуьзна хета гезгамашин теша – Со-м уьш мархийн билзигех схьадевлла хиларх теша. Сатийсамо хIинций-хIинций бохуш, са ца Iуьйддург, Шуьйра теси аьрзуно а стиглахь гуо – цхьа туьйдарг… …Беран хенахь нанас суна юьйцина ши пазат Зарз а елла, сан оьмаран когаш бовларх азат, Шен чилланах мел дозалла деш дерг а къар до Iа: Сан некъ бохбеш лела дела ненан довха доIа. Сан къоналлин гIушлакхехь цо дуьйцина ши кара Дарцо угIош йолчу арахь со дожийна вар а Нана восе хетта дац-кха, со шен дагах хьерчаш, Цунна го сан кхин каранаш – къинхьегаман берчаш… Iалам ахь хIун барзакъаш сан нене дуца боху? Оццул боккха гIирс а бахьаш, хьо-м тхан керта догIу! Ма-ттов шуьйра туьйсуш долчу туьйдаргашла Iенош, Со гIеметтахIотталц шорта дара ненан денош. ХIинца-м, ткъа, уьш дIадевллачийл вуно кIеззиг хета – Тегар бен, кхин хIума юцар дац-кха ненан, хIета: Дуткъделлачу синан хьесий дохкуш бIаьран меха, Кхиэлан эвнна готта-готта лол бетташ и еха…I 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1409 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Хьуьнчохь латта тIун а делла, некъан лар ца го. ГIанийн можа беркат оьгу дитташ тIера охьа. Кху дуьненчохь айхьа цхьаьнхьа дагалоцуш со Стиглахь лела Iаьржа мархаш тергалъелахь ахьа. Кеста Iаьно, шок а етташ, чекхдоккхур ду шо, Боьлакарчу диттийн баххьех дорцо етташ кхесаш. Кху дуьненчохь хьайна цхьаьнхьа виц ма-велли со, Стиглахь гой-те хьоьжур юй хьо мархийн къоьжа месаш? 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1410 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Даймехкан гIаролехь хан йоккхуш сема, Бухтоха кийчча Iаш кхерамаш тIеман, Букъ тIехьа лоьцуш шен дай баьхна кхерч. Даггара вецаш шен халкъана, цIийнна, Ша хьанал даьккхинчу рицкъанан сийнна Лоьруш шен куьйгаш тIехь мел кхиъна берч, ДагтIера дIайохуш стешхаллин гIоьмаш, Даггара кхиош шен ойланийн стоьмаш, Поэзин дитта тIехь кходуш шен га, Цхьа маьIна билгалдеш, кхоллалахь шеко, Майрра бIобулуш шен иллин аз деко, Дош кхуллуш, дошамах ца етташ ка, Вар-валар гайтаран терахьийн йоза, Кадолуш шен байтийн терзанахь оза, Шен дагалецамаш абаде хьош, Халонех чекхвуьйлуш, ца лиеткъаш цкъа а, Шен юьхь тIе ца юллуш туьтмIаьжиг цхьа а Верг ву-кха хьакъ ала Даймахках дош… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|