Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 29.08.2008, 14:08   #1381
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Маьлхан дегI дIахьулди марханан обано,
Шелдеш сан зIаьнарша ловзийна илли.
Баккъаш тIе девллачу IиндагIийн тобано
Зезагийн кортош тIе Iаьржа варкъ дилли.

IиндагIийн дуьненахь хан такхар маьлхаза
Аьрха ду дагчуьрчу безаман суйнна.
Малх юха схьакхетча хетар ду мел хаза
Шовданехь хьо ларъеш лаьттачу суна.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 29.08.2008, 14:09   #1382
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Нагахь со дIаводахь,
бIаьстенан бай ведбеш хуьта,
Къиношца техкаян
генарчу махкара огар,
Со везаш йолчу ахь
латор бу елхаран къуьда,
Ткъа со ца везачу йоIа -
шен еларан стогар.
Амма со цIаверзахь
шарам бан сайн деган уьйтIа,
Юха а бIостане хир ду-кха
шуьшинна со гар:
Суна ца езачу ахь
сица латор бу стогар
Ткъа суна езачо -
ша динчу маренан къуьда...
И ши дух серлонан
дина сайн бIаьргашна хьарам,
Вайшиннан эшамах
бийр бу ас безамна барам...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 29.08.2008, 14:09   #1383
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Сан массо сатийсам дIабахна тилла,
Нигат деш хIусам ян бIаьстенан варшах.
Хьан цIе-м 1а, сан деган доIа а хилла,
Элпашца хьекхалуш кхетаман Iаршах…

Вай вовшехкхетарийн седарчий терахь
Баттана уллехь го со хьаьжча хьала.
Со цхьалла охьуш ву безаман хьерахь,
ТIаьххьарчу байттамалх хьо ларъеш хала.

Дог сирла хьайн дацахь бIаьргийн гIуш леппал,
Сан дешнаш кег а деш, ма леха тIамарш.
Ойланза ма хьагъе вайн уьйран къепал,
Ц1е санна, йохъелча гIайгIанан гIамарш.

Ахь дагалецамийн бала ца лайна,
Лач некъо цундела хьо шеца юьгу.
Ас деша схьаделларх хьан кхиэлан жайна,
Цхьана а хьаьрках со кхета ца туьгу.

Мел ч1ог1а сацамбарх сийна цIе йилла
Хьо лоьхуш, ас лаьттахь мел йинчу харжах,
Хьан цIе-м, 1а сан деган доIа а хилла,
Элпашца хьекхалуш кхетаман Iаршах…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 29.08.2008, 14:12   #1384
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
ХIетте а

Сан безам дIабаха, ластийна куьг,
Къастаро сан кийра шен тача дилли.
ХIетте а, сан дагчохь ша етта муьрг
ЛагI ца еш, декаш ду сан ирсан илли
.

Дуьненан сингаттам гибихки ас,
Сайн некъан тачанах беха муш бина.
ХIетте а, зевне ду сан иллин аз,
ГIелделла, латкъам беш, и хьанна гина?


Сан дог Iа дахаран догIанна кIел,
ТIадамийн тобано де-дийне огуш.
ХIетте а, сан илли ца делла шел,
Даймехкан сийнна ша хиларна догуш.

ТIех суна ца баьккхи кхиэло шен кад,
ДIамалар тIедожош цу чуьра бала.
ХIетте а, сан илли-м ца делла кIад -
Цунна, схьахетарехь, ницкъ бели Дала.


Син арахь гIаттийна мIаьргонийн дарц,
Iожалла тIегIерта, синтем а бууш.
ХIетте а, сан илли шек дIа а дац,
Сан халкъан иэсехь ша лийр доций хууш.


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 29.08.2008, 14:13   #1385
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Со, безаман ч1урам хилла, г1ийлла вогуш 1а,
Ала, юй хьо сан ц1е ларъян реза?
Дагчу доссахь цхьа ларамза синхаамийн 1а,
Г1ура яшон хьуна ч1урам беза.

Дагна лулахь йовхо йоцуш, безам хьекъаш бац,
Цуьнан сийнна вогуш ву со г1оза.
Сатийсаман ц1оцкъамаш т1е йиллахь сира к1ац,
Ахь со къайллах хьайна гергаоза.

Цхьаллин сег1аз юккъехь йогуш юткъа ц1е ю-кх тайн -
Хала-ъ ду-кха йийсар хилла, къага.
Лелаш волчу сан когашка хьакхар керча дайн,
Маржа, цунна т1ехь хьан амат ага!..
Дегайовхо яош, кхобуш лаам бу ас сайн:
Даим цу хьан б1аьргийн корехь вага…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 29.08.2008, 15:08   #1386
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
Цитата:
Сообщение от Amazonka2 Посмотреть сообщение
* * *
Буто ша ма-биннехь хIорда чу хьоьдучу хишна,
Гуьйренан эсаро гур боьгIча бацалахь тхишна,
Безаман кхерчан цIе овкъарша яьккхича къайла,
Хьан васт ас дIадуллу сайн дагалецамийн лайла.

Малхбузехь гIорийча суьйренан зIаьнарийн мекха,
Йиш хаьлла Iаьнан мох баьлча шен ма-хуьллу хьекха,
Сайн дог ма-карийннехь, куьг доцчун пхьош санна, деса,
Деллачу хьан вастан гIевлангахь ас доьшу еса…


1илман Юсупов
Хаза байт ю,вуно хаза...
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 29.08.2008, 15:36   #1387
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Ас беттан бIаьштиг тIе огу хьан амат,
Лаьтта тIе дегадеш седарчийн тхи.
Ца боху ас хилла кхиэлан кхаж ямарт,
Хилла ца бахахь а тешаме и.

Хьан сийнна ас олу гIаргIулийн илли,
Латкъаме декадеш гуьйренан де:
Вас кхобуш ма Iелахь, суна бехк биллий,
Цо гIайгIа тийсахь а хьайн дагна тIе…

Ас маьлхан зIаьнаршца яздо хьоь кехат,
Уьш хьоькхуш сийначу стигална тIе…
Ахь суна дитина безаман эхарт
Хьан ирсан дуьненна ган лаьий-те?


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 29.08.2008, 15:37   #1388
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Шераша тасахь а сайн дагчу Iеха,
Йиллахь а цара сайн коьрта тIе кIац а,
Со гIертар вац хаа со лийр ву маца,
Хаарна дуьненчохь со хIунда веха.

Лелар вац, Iожалле хьал-де а хоьттуш,
Кхоьруш цо вахьарна, сих цIе а яьлла.
Амма со эзарза валанза ваьлла,
Хьо сайна юххера дIаяьлла моьттуш...


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 29.08.2008, 15:49   #1389
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Сатийсар

Хеталуш хьо Дала маликах йоссийна Лаьтта
Хьан озах хьоьгу со, вацахь а хьоь хилла вист.
Хьо суна гина де кхетамехь, малх санна, лаьтта,
Хьан бIаьргийн стигална ца гарх сан син анайист.


Ас юьхьарлаьцначу муьлххачу гIуллакхан дакъа
Хьайца ас ду аьлча, тешар а ярий-те хьо?
Хьоь къайллах сатийсар хилла сан бакъо а, хьакъ а,
Хьо яккха ца хIуттуш ас ечу ойланийн бIо.

Хьо ца гуш де даьлча, дуьненах кхоллало шеко,
Синтеман бIаьштигна гIайгIано хьежабо чхар.
Хьан елар дIахIуттуш шен зевне горгали беко,
Хьан бIаьргийн сийналло сан дагна детта хьацар.


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 29.08.2008, 22:14   #1390
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Бесарчу хетарийн Iехаме туьйра,
Суна букъ берзийна, хьо-м эрна лаьтта:
Ластае суна хьайн марзонан куьйра,
Луо суна цхьажимма са хьандан даьтта.


Лаамийн боьранахь, дохк хилла, йижахь
Сан шерийн чкъура кIел мел лаьцна шеко,
ДIалакха сан ирсан хелхаран йиш ахь,
Со хьакъвеш ойланийн геманаш еко.

Езачун кIажарша вихкинарг хийла
Беттасин кираша кIайбинчу ломах,
Шовкъан гел идийнарг син гуо тIекъийла
ТIаккха бен кхетар вац хьан вастийн чомах.

Дахаран хьашташ а, кхолламан буьйр а
Со далон ма-хьаьжжи вовшашца уьйре,
Сийлахьчу хетарийн дош говза туьйра,
Iехае сан ирсан буоберийн гуьйре!

Мацца а ларор хьо къа латор лара-м
Иллина вирд даккха Iемина со гар.
Дала а богуьйтур бац хьуна хьарам
Ша хIокху сан кийрахь латийна стогар.


Цо иза, милт къайлаяллалц, чуузуш,
ТIаьххьара къегича бIаьвнаш сан деган,
Наха мах хадор бу, соьгахьа узуш,
Юсупан Iилман цIе хиллачу стеган...

1илман Юсупов



Поэт мысли, поэт философских раздумий,1илман, мы еще не раз услышим твое имя! Наверное,если бы 1илман Юсупов не был бы философом,мы бы не узнали столько глубоких поэтических откровений.
Сочетание низкого и высокого рождает поэзию - вот основная философская мысль поэта.
У 1илмана редкий дар,дар художника слова- умение зачерпнуть поэзию из обиходности, придать бренной прозе жизни поэтический блеск.
Баркалла хьуна,1илман!
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.