![]() |
|
|
#1371 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Шерийн чкъурах зIаьнарш чекх а йохуш, Лепа суна бераллера седа. Батто шен хьонхалца стигал охуш, Хаьа цунна дог сан доккхадедан. Меттаххьедеш кхиэлан дашо терза МIаьргонашца тIехтиллачу хенан, Бераллера цхьа синхаам мерза Дагчохь даим бен бан гIерта шена. Олхазаран куьцехь тов-кха иза ТIемаш детташ тулгIенаш тIехь иэсан. Цуьнца цкъа а ма хуьлийла къиза Iаьржа дилха сан гIайгIанан хьесан. Лепа баьлча бераллера седа, Сан син оьмар шен серлонах хуттуш, Илли хIутту Iаьвшший дог сан хьедан Ирсан цIенойн кхин цхьа пен а буттуш. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1372 |
|
Вес репутации: 27 |
ГУЬЙРЕ
Сийна бос дIабала гIерта анайистан долара, Iаьржа тIемаш дIадаржийна стигал тебаш лаьттана. Цхьа шатайпа хецаделла хIинца механ болар а - Синтем боцчу сеаларшна цуьнан каде Iаь тайна. Генийн цIендарш гучудуьйлуш, азлуш йолчу хьаннаша Шайн гIадожарх къа хьарчадо диттийн массо шабаран, Ойла лакъош, суна бала барна кхоьруш санна ша ТIеян сиха йоццушехьа зама хина шабаран. МогIа-чIу а Iуьттуш, цIанйо ас сайн деган туьнкалгаш, (Собар кхаччол са ца тийсарх шийла денош дахкаре), Мажъеллачу баца тIера тхин кIайн-меда зуьгалгаш Йох ца елча бамбанал а кIеда долчу дахкаре. Со-м Iа лоьхуш оьгуш долчу гIашка ала кIедо дош, Царна ца моттийта къинхетам сайн меттан къийбелла. Даймахкана ямарт хилар (синош дезахь) тIедожош, Олхазаршна бале дуьйлуш мисарболат къилбенан. Цо тIеийзо шайн ойланаш тIома-акха йийларна, Уьш дIаоьху, бIаьран хишца Делан хIора де дуьлуш, Шайн баннаш чохь юьсуш йолчу мас-пелагийн йийбарна Шайна тIера сагIа хилла Iаьнахъялар тIедуьллуш... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1373 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Еларан малхаца къагадеш сан кхиэлан баххьаш, ГIортахьа башо сан дагтIера гIайгIанан ша. Хьуна ца моттийта со вогIу тешнабехк бахьаш, Хьан кераюккъе ас даржадо сайн цIена са. Хьан куьйгийн серло а, сан сих схьаIийдалун нур а Хирг хиларх со теша вовшашца Iаламат товш. Цаьршиннан барт гича, ешар ю гIайгIанан гIура, Вайшиннан дегнаш чохь хир яц и кхин меттаххьовш. Хьан васто бол битахь сан дагалецамийн хьерахь, Кхехкор ду безаман шовкъо сан дагчуьра мутт. Хьо юххехь хилча, соь дагарло седарчийн терахь, Хьо гена ма-яьлли, чубужу стиглара бутт. ГIийбатан букъ кагбеш, йолахьа тешамна берта, Хьайн куьцан хьурматна со лардеш хилча хьайн сий. Со-м реза ву хьуна гIаш ван а хьан гIенийн керта, Ирачу тIулгаштIехь тийсахь а когашна цIий. Ас хьуна гатдина са хIинца дуткъа ду тайл а, ХIетте а, сан денойн той ду-кха хьо ирсе гар. Дашочу хьан дагчохь хIумма а ца доьду къайла, Гуш санна даточу лайтIера массо а лар… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1374 |
|
Вес репутации: 27 |
Поэтан дог
Де-дийне къахета суна хьоьх, поэтан дог: Адамийн гIийбато туьйсу хьан дилханах мIараш. Поэтан дахаро мел туьйхи кхераме ног, МостагIийн тобано детта шен хьараме тIараш. Дуьненан бендацар – къизалло ловзаден гIулг - ЦIийх лиэша Iеминчу поэтан дагна тIекъерза, Шек доцуш диканна вуоно тIеластийча тIулг, Там хуьлуш кагделча Бакъ оза гIертачун терза. Адамийн зуламо етташехь шех дера ка, Поэтан дог кхочу дуьненан массо а маьIIе. Хьосту цо гIийланиг, мискачух хетарца къа, Къурд ала кечвелларг гIаттор а лору цо маьIне. Шегара гIо оьшуш волчуьнан хIусамехь го, ДIакхачош цунна а шен комаьршаллех цхьа дакъа. Къар ца луш, поэтан дарбане дог деттало, Бекабеш дерриг а дуьне чутардина накха… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1375 |
|
Вес репутации: 27 |
Къаналлех лаьцна ойланаш
Хершнийн бой тосур ю шераша хьан юьхь тIе маса. Къизачу къаналлин гуро хьан лоцур ду дог. Тешаме гIоьнча а хилла хьан лелар ю Iаса. И цхьаьна ца хилча, хIуттур вац хьо баккха ког. Маьждигехь хутIба деш ца хаззал гIеллур ду лерса, Мера тIе дазлур ду чекх сагун куьзганийн дукъ. Сиркхонийн йозалло дулур ду хьан дегIан терза, IаддаргIах тарлур бу хено хьан саттийна букъ. Кегийнаш гIертар бу ма-хуьллу хьуна пебетта, Царна а къордор ду ахь шайна хьехамаш бар. Цхьа синтем хир бу хьан дахарехь хьайна ма-хетта: Хьуо санна баккхийчу нахаца къамелаш дар. КIант хир ву кхоьлина, нус хир ю оьгIазе, дера, Де-дийне ца лууш хIусамехь дека хьан аз. Лазам сов бийларна, вирзина хьекъале беран, Iасане юьйцур ю ахь хьайна мел хилла вас. ТIаьххьара мIаьрго а хир яц хьан дегIана аьхна, Цо аьлча хIоттор ду хьан сино ловзийна гIулг. Юьртахойн тобано барам тIехь кешнашка ваьхьна, Хьо лаьттах вуллур ву, гIевланга хIоттийна тIулг. Амма ахь кхиийнехь хьайн кертахь бакъволу къонах, Хир воцург осала, тIедеттарх халонийн дарц, Адамийн иэсехь хьан цIе хир яц къух даьлла гонах, Хьан кхерч а шеллур бац, цIенош а тIекхетар дац. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1376 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Сан г1айг1анан дилха дат1ош, доккхуш дато нур чекх, Жил-1аламан керахь хьийзаели маьлхан урчакх. Стигал ма-ю д1асадаржлш шен з1аьнарийн ч1ораш, Доьллу цо сан нана чохь 1аш йолчу ц1ийнан кораш. Ницкъан барам нис а бина, сарахь ша д1атуьйрриг, Мох а листа болабели мархийн къоьжа уьйриг… Дерриг дуьне дуьзна хетта гезгамашин теша – Со-м уьш мархийн билзигех схьадевлла хиларх теша. Сатийсамо х1инций-х1инций боху, са ца 1уьйддург, Шуьйра теси аьрзуно а стиглахь гуо – цхьа туьйдарг… …Беран хенахь нанас суна юьйцина ши пазат Зарз а елла, сан оьмаран когаш бовларх азат, Шен чилланах мел дозалла деш дерг а къар до 1а: Сан некъ бохбеш лела дела ненан довха доИа. Сан къоналлин г1ушлакхехь цо дуьйцина ши кара Дарцо уг1ош йолчу арахь со дожийна вар а Нана восе хетта дац-кха, со шен дагах хьерчаш, Цунна го сан кхин каранаш – къинхьегаман берчаш… 1алам ахь х1ун барзакъаш сан нене дуца боху? Оццул боккха г1ирс а бахьаш, хьо-м тхан керта дог1у! Ма-ттов шуьйра туьйсуш долчу туьйдаргашла 1енош, Со г1еметтах1отталц шорта дара ненан денош. Х1инца-м, ткъа, уьш д1адевллачийл вуно к1еззиг хета – Тегар бен, кхин х1ума юцар дац-кха ненан, х1ета: Дуткъделлачу синан хьесий дохкуш б1аьран меха, Кхиэлан эвнна гота-готта лол бетташ и еха… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1377 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Хии суна, бес-бесарчу ойланашка вуьйлуш, Дуй хьан амат сан дахаран цхьа шатайпа кица. Цуьнан ховха маьIна дац-кха сан кхетамна къуьйлуш, Ас и айса тегна дела догуш долчу сица. Некхан бердаш хьоьстуш, доьдуш ду хьан месийн татол, Нека хууш доцу бIаьрса хьерчош шена буха... Хьайн беснешца алу хилча дуьне довха латтол, ХIунда дуцу ахь сан лаам бехка эхьан чуха? Синхааман гIушлакхе хьан дегIан малхах хьоьгу - Цхьа а марха тIехь а йоцуш, кхетар бу и маца? Цхьаллин баьрччехь кхозучуьра сан син текха оьгу Ахь седарчий лийса кхехьна сатийсаман цаца. Синпхенашца ас тIедоьху сайн синметте хьарча Ховхачарех лаьхьарчий - хьан дегIан горга сизаш... Хьо гуш юй ас хьайна йина мукIарлонийн ларча Иркено тIе суй а тесна, сан балдаш тIехь сийсаш?.. ГIенашкахь бен дист ца хилла хьоь сан эвхье дехарш. Уьш а шовкъан уьрсо дагах даьхна цастарш ду сан... Сан безаман малик ду хьан юьхь-сибат тIехь дехаш, Дола яккха ца хIуттуш хьан бIаьргийн сийна хIусам... 1илман Юсупов Красивое стихотворение. В нём поэт раскрывает свои самые искренние чувства и показывает читателю, как сильно может любить человек. Мне нравится это стихотворение, потому что оно очень чувственно и выразительно. Твоя поэзия,1илман нужна нам, людям XX1 века, потому что задевает самые сокровенные струны души, открывает красоту окружающего мира. Красота, естественность, искренность твоей поэзии доходят до полного совершенства, они настолько изумительны,светлы и музыкальны! Я верю,что очень скоро(возможно) такой же талантливый человек,как и ты,1илман,напишет музыку на твои стихи и мы с восхищением будем слушать эти песни. Дала мукъалахь! Дала аьтто бойла хьан,1илман!
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1378 |
|
Вес репутации: 27 |
Базарахь
ТIаьхь-тIаьхьа цхьа тамашийна базар езаелла, Сица куьйгаш дуьлий, денна цига воьду со. Цигахь цкъа а ца го суна цхьа а велавелла – Ша массеран яххьаш цигахь даим хебна го. Тахана а-м хьалххе дIахIоьттина хIара базар. Кхузахь массо юхкуш ву, ткъа, оьцуш вац со бен. Юхкуш ерш а хIун ю: гIайгIа, бохам, бала, лазар… Дера бу, дIа ойла йича – ирсдайначийн бен! Шен лазар дIаэца олий, цхьаммо орца доккху, Со-м тIевоьду, ла ца лой и иштта гIийла гар. Деган бохча меллаша сайн кийрара схьадоккху, ДIадагардо цIена дашо ахча – доглазар… Кхуза баьхкинчара и бен лоруш дац-кха тIаккха! Жимма и шен керакхаьчнарг – юьхьца векхало. ГIертарх хIун ду цхьаццаверг и алсамо тIедаккха, Цунна гIоли хилчахьана, дог сан лекхало… ХIоранна тIехIуттуш, базархула со чекхволу, Цхьа ца вуьтуш схьа ца оьцуш декъаза салпал… Йохка хIума чекх ма-яьлли, адам дIасадолу, Со а цIехьа воьрзу, новкъахь вохуш махьо гал. Дуьне дIа а тийна, буьйса шина декъе яхча, Ягайо ас оцу махьан сингаттаме бог… ТIаккха дагадогIу суна дIакхачийна ахча – ТIаьххьара ас кийра дуьллуш, деса хилла дог. Барт а боккхуш, хьаста лиъна, ас и караоьцуш, Сан бIаьрсинан дола даьлла сурт инзаре ду: Сан оьмаран мехкан ара нуьре хIаваъ хоьцуш, Къинхетам шен дашо ахча зорбатухуш бу… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1379 |
|
Вес репутации: 27 |
Хуьлуш ду иштта а
Хуьлуш ду иштта а: гуьйренан шийла мох тийча, Седарчийн жIугано мархашна хичаш йо яйн. Ношбелла бутт а бу, анаюх хьеста кIордийча, Цецбуьйлуш, боьлакахь декхнаш гуш - ша санна кIайн. Хуьлуш ду иштта а: аьхкенан Iаьткъинчу малхо Лаьттана гIарол дан хIоттайо шен къиза тов. Цаьпцалгийн аьзнаша, дог лохуш шайн бала балхо, Яьгначу бацалахь даржадо латкъаме зов. Хулуш ду ишта а: дIахьулдеш ламанийн баххьаш, Царна тIехьерчаш го тIуьначу дахкаран боз. Iа догIу, кIайн бедарш чохь йолу тIорказ а дахьаш, Даймехкан сакIамдеш хийца шен барзакъан бос… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1380 |
|
Вес репутации: 27 |
Сан дой
Сан денош дой ду, уьш ца Iебаш хоьхку ас дахаран арахь. Шо-гуо чекх мел бели, керланиг кхин болон уьш кийча ду. ГIеххьачу реманан да волчу суна а-м хало ду ала, Маса дин хир бу сайн берриг а, бисинарг маса гуо бу. КIайнчу дойн бергаша хIост динчу некъашца — сан хазахетарш. Iожа дой толаме кхачаран билгало — безаман кхаъ. Расха дой бахьанехь дикачу нахаца со цхьаьнакхета. Борачийн толамо, оьшшучохь гIо дина, велаво цхьаъ. Хьалхарчу могIарехь сираниш нислуш а меттигаш йогIу. Цаьрца ю сан гIайгIа, сан дагахьбалламаш, даг чуьра вас. Царна шед етташ со челакхчу дахкарлахь некъ ца гуш вогIу — Цундела со церан толамна кхин башха тIера а-м вац. Буьззина мах хадош, ца ваьлла сайн дойх со довха дош аьлла. И алар, шераш дIа мел кирчи, ша дазлуш сан декхар ду, Цахаарх, муьлха дин хьалха а баьлла, со дуьненчу ваьлла, Я иштта, муьлха дин тIаьхьа а бисина, д1акхелхар ву… Угар а хьомечу дойша дог ирсе деш шаьш долчу ден, Дехкина бIиллигаш дIаяздеш, артбелча сан кхиэлан къолам, Ахьа а боккхур бу цхьа а шех ца хьоьгу хьайн къиза толам, ХьаргIанан тIомал а Iаьржа дин — дахаран тIаьххьара де…. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|