Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 27.08.2008, 16:30   #1361
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
ЗIе етта ахь соьга, экаме синош а дохуш,
Геннара сан лере кхачаеш хьайн озан тов.
Iаткъаме дехарш до соьга хьуо йиц ма е бохуш,
Iийжаеш йирзина яланза къастаран чов.

Амма хьо ца теша ас хьайга хьуо еза аьлча,
Сайн деган куьзга ду ас аьлча хьайн дегIан куц.
Со вуха вогIур ву, хьан цхьалла мох хьекхна яьлча,
Эсаран бос эцна ялале хьан месийн буц.

Ас хьуна юха а канашкахь яхьар ю бIаьсте,
Сайн деган дургална тIедоьхуш хьан денойн вай…
Кхоьлинчу ойланийн бIостане уьйриг а бастий,
Кхин цкъа а лахахьа цу юккъехь цхьа сирла тай….


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 27.08.2008, 23:47   #1362
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Кхаж баьлла керлачу гуьйрене кхин цкъа-ъ ладогIа,
Со хьуьнах лелаш ву, къорза куз когашца хьуьйш.
Мохк хуьйцу олхазарш ма-гиннехь, сайн шерийн могIа
Сийначу стигалахь хетало царах дIауьйш.

Белхаме и аьзнаш дIадайча льмнашна тIехьа,
ЦIеххьанчу ойлано кхетамехь кхуллу-кх цхьа вас:
БIаьсте ма-яьллинехь, олхазарш доьрзур ду цIехьа,
Амма сан дIадахна шераш кхин схьадогIур дац.

Хетарехь, иштта сан дахар а дIагIур ду хецна,
Дуьненан майданахь шозлагIа бIаьсте ца гуш.
ЧIагIдо и стиглано - лепачо сира бос эцна,
Мархаша - дIалаьцна Iачара сан маьлхан гIуш.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 27.08.2008, 23:48   #1363
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Сан массо сатийсам дIабахна тилла,
Нигат деш хIусам ян бIаьстенан варшах.
Хьан цIе-м 1а, сан деган доIа а хилла,
Элпашца хьекхалуш кхетаман Iаршах…

Вай вовшехкхетарийн седарчий терахь
Баттана уллехь го со хьаьжча хьала.
Со цхьалла охьуш ву безаман хьерахь,
ТIаьххьарчу байттамалх хьо ларъеш хала.

Дог сирла хьайн дацахь бIаьргийн гIуш леппал,
Сан дешнаш кег а деш, ма леха тIамарш.
Ойланза ма хьагъе вайн уьйран къепал,
Ц1е санна, йохъелча гIайгIанан гIамарш.

Ахь дагалецамийн бала ца лайна,
Лач некъо цундела хьо шеца юьгу.
Ас деша схьаделларх хьан кхиэлан жайна,
Цхьана а хьаьрках со кхета ца туьгу.

Мел ч1ог1а сацамбарх сийна цIе йилла
Хьо лоьхуш, ас лаьттахь мел йинчу харжах,
Хьан цIе-м, 1а сан деган доIа а хилла,
Элпашца хьекхалуш кхетаман Iаршах…


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 27.08.2008, 23:50   #1364
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Стигал а къанлуш ю, къежделла седарчий Iенош,
ГIерта и жимъян шен къорзачу юьхьтIера кIац…
Эрна ду чот етташ, дагардар дахаран денош:
Хьесапан Да волчу Делан бен уьш карахь дац…

ВогIу со тIаьхь-тIаьхьа гIелвелла, цхьацца ког боккхуш,
Уьдуш ас яьккхина хиллехь а къоналлин хан.
Соьгара бакъо ца эшна со дуьнентIе воккхуш,
Соь хоьттуш хир дац-кха эхарта вахар а сан.

Мацца а, юьхь-чаккхе йоцучу новкъа со ваьлча,
Со шайца вац бохуш, ма хила гIайгIане шу:
Махьшаран майданахь къематан де серладаьлча,
Шуна со массарна юха а ган воьгIна ву…


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 27.08.2008, 23:51   #1365
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Хилаъ хилла цхьаллин хIусам готта,
Соъ ца вели цуьнан бурко ланза.
Хьоьх ен ойла цу чохь ирахIоттахь,
Тхевнах корта кхетий, йо-кха лаза.

Вайн ирсана хийра хилла некъаш
Ас дерриш а цу чохь кара Iамий.
Лаьхьарчашха суна улле текхаш,
ДIаьвшах бузу цара деган чами.

Хилаъ хилла цхьаллин хIусам шуьйра,
Шел йоккханиг йоцуш кхиэлан эвлахь:
Дуьне ма-дду акхаевлла уьйраш
Цуьнан пенел арахьа ца евлла.

Вайн безамна ямарт хилла хьаьгIнаш
ХIинца-м цуьнца цхьана тхов кIел еха.
Цара, яхкош сан син элан раьгIнаш,
Дагах буцу матар боьлла Iеха.

Iаса луьйзуш, кхочу хьажахIотта
Хьох а санна, со шех тешна туьйра:
Хилаъ хилла цхьаллин хIусам готта,
Лаьттахь хIусам йоцуш шел кхин... шуьйра.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 27.08.2008, 23:53   #1366
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Гуьйренан неIсагIехь

Август бутт дIабоьду, текхаеш аьхкенан цIока,
Мажъелла боьлак Iа меллаша ша-шега луьйш.
Акхачу стоьмашца дог Iехош дIахIоьтти кока,
Ма тера-ъ хетало хьан беснийн цIазамех уьш.

Зарзарша дIамелла Iуьйренан Iаьнарийн шура-м.
Бацалахь лепаш ду бIаьрзечу догIанан хи.
Хьан бIаьргийн хIорда чохь техка сан сатийсам-бурам,
ТIекIел ма долийла безаман тулгIеш тIехь и.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 27.08.2008, 23:56   #1367
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Цхьа гуьйре йогIур ю хьо ялош шеца,
Йочанаш марзъелча хьан корехь сеца…
Стигалан Iарш Iадош маьхьаршца шайн
ГIаргIулеш дIагIур ю, мохк буьтуш дайн.
Детийха лепачу тхин бIаьргийн метта,
Iуьйренца кIац хир ю баца тIе летта…

Ширачу къастаран чов йоккхуш Iийжа,
ГIаргIулийн барт хир бу хьан дагчохь тийжа…
Хьан дола дерзадеш шеконийн сур,
Кхачор ду хьан иэсо лешийна нур,
Сирачу мархаша, бIаьрхиш а Iенош,
Мохь тоьхна, дIадуьгуш аьхкенан денош…

Мехаша лоькхур ю Iаржъелла хьаннаш,
Дахкаран бамбано къардича Iаннаш…
Цхьалла а хIуттур ю, синхаам леш,
Къаьхьачу хьан дагахьбалламан теш…
Сар-сарахь, малхбузе бодашлахь йовшшехь,
Сан иллеш хьан дагчохь хьерчар ду вовшех…

Эгна гIаш Iохкур ду, ткъарш санна, муьста,
Шаьш гича, зийзош хьан ойланаш луьста.
Уьш гIийла доьлхур ду хьан когаш кIел,
Хьийзош хьан кхетамна гIайгIанан гел.
Дуьххьарчу лайн чимийн шовкъйоцу ловзар
Хилла дIадоьрзур ду хьо суна йовзар…


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 27.08.2008, 23:57   #1368
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Юха а оьхки-кха стигална коча
Можачу гуьйрено гIаргIулийн туьтеш.
ГIадожар долало къамел дан коча
ХIаваэ, буьттуш шен туьйране пуьташ.

ГIаш ловзон тIера ду карзахе мехаш,
Цаьрца шайн хиндолчух лаьцна пал туьйсуш.
Iаьнарца дусуш шайн «хьаз-хьиз» ден пехаш,
Хьун чIанаяккхарехь хьалхе а къуьйсуш.

Мунда ю тIаламе бIаьрг бетташ хьаьтта,
Юх-юха дагардеш бешара цIевнаш.
МаьркIаже тIекхаччалц диллина лаьтта
Ялта чудерзочу ахархойн кевнаш.

Иэсехь дIа ца бойтуш толамах тешам,
Ша куьйгаш кховдийча маршонан малхе,
Сан къоман амало зийна ду: кечам
ТIамна а, Iаьнна а бан беза хьалххе...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 28.08.2008, 16:40   #1369
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Сан шовкъаш гIайгIанан кIуьралахь къаръелла,
Сайн цхьаллин кхерча ас тахкарна…
Со-м воьду стигларчу гIаргIулех тарвелла,
Пебетташ къоьжачу дахкарна
.

Со кхочур вац кхин хьо Iаш йолчу кIотара
Хьан куц сайн бIаьрсица ловзадан…
Со воьду, секх санна безаман Iодара,
Йовзазчу йоьIан дог Iовжадан.


Кагбелла сан кхоллам ма бетта зоьпара -
Сан чов хьан дарбанах шекъяьлла…
Со воьду, хIоъ санна йоккхачу тоьпара,
Хьан деган дилханах чекхваьлла.


Къастар а дели-кха вайга барт хаьттина.
Хилла и дуьненчохь масанна?..
Со воьду, веллачун кийрара гIаьттина,
ДегI дуьтуш, дIадоьду са санна.


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 28.08.2008, 16:42   #1370
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Даймехкан дагна гел хьийзайо г1арг1улийн назмано.
Адамийн ойланех шар-шарахь юцалуш ю и.
И шайна ма-хеззи, сан шераш боларна даз ма ло,
Набарна оьгу уьш, сан 1алашонаш а юий…

Г1аш оьгу, шабарийн белашца гуо охкуш тийналлин,
Шайн къорза барзакъаш лаьттахь а муха тов хьажа.
Б1аьрг баса баккхарал совнах шен б1аьрлачу cийналлин,
Стигало-м хебадо т1ехь маьлхан нур даьгна хьаж а.

Мархаш ю — билхина маьлхан б1аьрг бакъабен йовлакхаш.
Уьш х1инца б1аьрхиша язйина, ай ма-ллу ю-кха.
Йочане ойланаш, со везачо шу ма йойла-кха,
Со-м хьийза вой аша, коьрте а хьийзаш юкъ-юкъа
.

Дехкаша нох дохуш санна ду шур-шур дар дерзано…
Дохк муьйлу лаьтто — ша лам оьзна, яьккхина шура.
Кхоьлина денош бен ца уьйзу гуьйренан терзано,
Ду иза сан б1аьргийн нур оза ца дашшал кура
.

Хьан х1уонехь х1ун алий, даккха ас сайн ирсан самукъа,
Т1аьхь-т1аьхьа шийлачу хаспашка марзделла 1алам?
Генна д1а кхийсахьа г1айг1анан герканаш цкъа мукъа,
Хьо ч1анадоллушехь горбоьду сан б1аьргийн т1алам…


Мехашца техкабеш гаьнгали сан хазахетаран,
Хаахьа, буй иза аса хьайн сеаларх бина.
Ахь суна т1ехула лаьцначу стигалан четаран
Бос мухха белахь а, аьхна бу даим сан сина.


Сан са бен хьайн кхача бацахь, и ца бууш аз ма ло,
Дахкарла хьерчаеш мажъелла хьайн бецийн чуьйраш…
Даймехкан дагна гел хьийзайо г1арг1улийн назмано,
Сирлачу г1айг1анан хих йохуш адамийн уьйраш…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.