Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 26.08.2008, 18:42   #1351
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Лайн чимийн мотт буьйцу жоп доцчу безамо,
ГIайгIанах-доттагIчух и дIа-м ца къастало.
Ткъа, дешнаш – лайн чимаш – сан дагна – беза мохь:
Цо и ги буьллушехь, шира чов ястало…

Ойлано пал тосу: «ДIахьулбан беза муо,
Зезагаш тIе дуьйгIуш, чов дIа ма-йирззинехь…»
Амма, мел малх хьажарх сан деган ирзене,
Луо даша-м дуьтуш дац жоп доцчу безамо…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 26.08.2008, 18:44   #1352
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Буьйса ю - IиндагIа доьдучу дийнан.
Iуьйренан къайле ю – сатасар.
Бахьана цхьаъ ду со хиларан дийна -
Ас хьоьга даггара сатасар.

Иза ду, хетарехь, хьаргIанал къена,
Хьо-м цуьнан верас ю хьалхара.
Ткъа, дахар - мIаьрго ю гергарчу хенан
Дуьненчу валаран, кхалхаран.


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 26.08.2008, 18:45   #1353
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Хьан дагна гIенах гахь акхтаргийн заза,
ЙогIучу бIаьстенна со вицлур вац.
Цаьпцалгийн зов хир ду бацалахь хаза,
Бекхна дIахIуттур бу ламанан арц.

Дийцахьа суна хьайн гуьйренан гIенаш,
Мел лууш вацахь а уьш тида со:
Мажделла гIаш оьгуш, дассалуш генаш,
Суна вайн къастаран бIарлагIа го.

Хьайн Iаьнан гIенашца сан кораш кхала
Хьо йола ма-елли, ас ойла йо:
Ахь ша тIехь йина-те сан ирсан гIала,
Я суна сайн дахар лайн басахь го?

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 26.08.2008, 18:47   #1354
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Лаьттахь харш – сан некъ бу, ткъа, стиглахь – гIаргIулийн могIа.
Лакхахь тIам мел туьйхи, бухахь а сих бо ас ког.
Дахкарх чекх Iийдалуш, тIедогIу гуьйренан догIа,
Шелоно жагIантIехь керчадо шовданан дог.

Эгна гIаш Iохкуш ду, геш оьхьуш стигала хьала,
Уллерчу коьллашлахь шур-шур деш ца хеза зу…
Йиллинчу метте со вогIуш ву хьалхачул хала:
Къастаран синхьехам тIеIаткъам бан говза бу.

Гуьйре дIа ма-яхха, вайшиъ а хир дац-кха цхьаьна.
Къастаран неIсагIехь ма къийса соьца къа, мел.
ГIертар бу сан кхерч а, лалаеш маьргонаш Iаьнан,
Шен цIеран маттахь дан хьоьх лаьцна соьца къамел…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 27.08.2008, 12:48   #1355
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
КIордийна сан дагна ял йоцуш дага,
Лаьтта тIехь ког баккхар тIам тохар хеташ.
ГIайгIано тахкийча ойланийн ага,
Кхачий-те сан дегайовхонан хеттарш?

КIордийна сайн цхьаллин набахтехь валла,
Маршо ган йиссина мIаьргонаш лоьруш.
Сайн цIена ниййаташ гуш хилча Далла,
Со хIунда ву-те сайн халбатах кхоьруш?

КIордийна сайн гIенийн дахкарлахь лийча,
Тийналлех тешийна набаран гIовла.
Шеконийн иэс лардан суо хилча кийча,
Со хIунда гIерта сайн синков дIакъовла?

КIордийна къежбан сайн ойланийн бода,
Шеретан дарже а баьккхина иза.
Сан оьмар – секх ду-те кхолламан Iодан,
Я адам ду и - цо лазийнарг къиза?


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 27.08.2008, 12:49   #1356
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *

Сахиллалц хьекхначу гуьйренан механ йишхаьлла.
ГIигI а деш, Iа хIинца, гIалх дайна пхьу санна, и.
Дахкаран чопанна юккъера халла схьадаьлла
Кхоьлина сатасар кIайдала ца туьгу кхин.

Стигалан белша тIе кхоьллина шен оба еха,
Зоьрталчу мархано шелйина хIаваан Iаь.
Набкхетта Iуьллучу уьшалан тийналлин Iеха
Семачу дитташна аздоцу къадоьхуш Iа.

Ирачу догIмашца лаьтта тIехь даьIнаш а дохуш,
Некъаш а лаьхьарчех цхьаццанхьа дIатекхаш го.
Ткъа, царах цхьаъ мукъа ца хилча хьо йолчу богIуш
ХIун гIуллакх дадийна я мича воьдуш ву со?

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 27.08.2008, 12:51   #1357
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
1омачохь беттан сурт тховса а дисина сайнна,
Шовкъашна качвелла, буьйгIу ас ойланехь бохь.
Вовшеха хьекхало IиндагIаш, кIамделча санна,
ХIаваан пардонах чекхбуьйлу бухIанан мохь.

Жима ши марха ю, туьйдина седарчийн кIархаш,
Къорзачу стигалахь меллаша шайн болар деш.
Корсаман куйнаш а техкина лаьтташ ю тархаш,
Боьранийн лергашка къайллаха забарш а еш.

Дахкаро цIуббина, цIанбина уьшалан зорха,
Шелделла тхиш ца ло тIуьначу бацалахь дох.
Шен тIома куьг Iуттий, егайой седарчийн хорха,
Сийначу серлоно багабой, дIаэккха мох.

Юьртара пхи цIа ду тховса а вайшинна юккъехь.
Тоххарехь йижна хьо гуш ю-те мосалгIа гIан?
Хаалахь, сан са дуй набъечу хьайн кераюккъехь,
Шен йовха Iаь етташ ховхачу пIелгашла хьан…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 27.08.2008, 12:53   #1358
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***

Сан ненан меттара сатоссуш хьала а гIоттий,
Сан когех хьаьрча некъ - дийнахь сан бан безаш берг.
Ткъа, самаволлушехь, соьга цкъа хьал-де а хоттий,
Со кхарста кIамво цо, хуьлий сан боцуш ца терг…

Ткъа, буса, набаро хьаьстича сан зийза кIажош,
Мел чIогIа кIадбаларх, шен хеннахь ца буьжу дIа:
Боьдий, дIахотталой сан ненан нилхачу кIажарх,
Со ларвар доьхучу доIане ладоьгIуш Iа…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 27.08.2008, 12:54   #1359
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***

Къоламан белаца кехат а охкуш,
Де-дийне доккху ас цхьа сирла каш.
Цецдохуш дуьненан сан гIуллакхаш,
МогIанийн бIаьллаш ду гонаха Iохкуш.

ДIабогIа кечбина гIайгIанан хIоллам,
Букарчу цхьалло шен гехь латтабо.
Суждане эгахь а ойланийн бIо,
ДоIа дан сих ца ло сатийсам-молла-м.

Кхолламан барам бу цкъачунна беса —
Шен гIийла мухь цунна кеста гур бац:
Къахьоьгуш со мел ву, дIадолор дац
Дуьненан лазамо шен Iеса еса.

Шардо ас упханаш массо а байтан,
Воттанан меттана тIехьоькхуш са…
Марчонна лоьру ас хьарчоза къа —
Илланчин оьмаран цIеналла гайта…

Шатайпа каш доккхуш ас гойту масал,
Массарна хетийла дацахь а дош.
Шеретан мах хаддол кхиъна сан дош,
Хуьлуш шен ден коша лаьттан цинц тассал…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 27.08.2008, 16:29   #1360
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Хьан амат охьуш ю сан деган кахьар,
СадаIа, бохуш, ахь ма е и чеха:
Хьагаме хьан дегI ду - сан бIаьргийн шахьар,
Берриг а сатийсам сан цигахь беха.

Сан дагалецамна хьо гIенах гича,
Сан кхетам шел ца бо гIайгIанан шано.
Ас хIун де сайн ойла йийсаре йича
Хьан куьцан къайленийн ховхачу бIано?

Хилахьа эсала хьайн месийн дуьхьа,
Дог ирча ца хиллал хьуо хилча хаза.
Дац-кха сан идар хьан озана дуьхьал
Сатийсар кIоршаме хьан Iиттарш хаза.

Дуьнен чохь хьо мел ю хир яц-кха йоьхна
Сан дегайовхонан экаме гIовла.
Хьо - дашо хьостам бу сан даг чу тоьхна
Хено сан малбина синхаам къовла...


Хьуна тIе ас бечу сутарчу некъах
Шен хIайкал дан гIерта синхьехам мерза.
Сан кхиэлан гIопаста юзий хьайн некхах,
Цкъа меттахдаккхахьа сан куьйгийн терза...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.