![]() |
|
|
#1341 |
|
Вес репутации: 27 |
* * * Буьйса ю - IиндагIа доьдучу дийнан. Iуьйренан къайле ю – сатасар. Бахьана цхьаъ ду со хиларан дийна - Ас хьоьга даггара сатасар. Иза ду, хетарехь, хьаргIанал къена, Хьо-м цуьнан верас ю хьалхара. Ткъа, дахар - мIаьрго ю гергарчу хенан Дуьненчу валаран, кхалхаран. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1342 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Вовшашка хьошалгIа неI тухий ца доьлху синош. Седано седане дош олий ца босту мотт. Безамо, дагардеш шен махкахь летийна къинош, Хьесапе ца оьцу, къийлалуш, вай етта чот. Ас хьуна диллина латтадо сайн деган кораш, Хьо баттах таръелла царна чу кхетийта кIайн. ХIетте а, син уьйтIахь шершадеш доIанийн нораш, Ас къинойх дIацIанбо хьоь болу синхаам сайн… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1343 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Буьйсанан Iоман куьзганчу а хьоьжуш, коча сетташ, седарчийн сирлачу ловзарга баха кечлуш бу Iаьржа бода. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1344 |
|
Вес репутации: 27 |
Лаьттан мурдаш
Бовхачу мехкашка дIакхача Iалашо лоций, ГIаргIулийн жатташа мархашлахь узамаш бо… Хуушехь вайна уьш ерриш а цIайоьрзур йоций, Цхьана а шарахь вай Iодика церан ца йо. Мелхо а, ойланза сов атта царех дIакъаьста, Гуьйренан шелоно бацала кIац юьллуш кIайн. Я цец а ца довлу уьш юха яьхкича бIаьста: Стигалан Iаьршашка сатийсар партал ду вайн. Маьршачу гIаргIулийх дац-кха вай цуьрриг а тера. Шатайпа дуьйцина Дала вайн кхолламийн тай. Вай Лаьттан мурдаш ду, дацахь а вай цунна къера, Наггахь вайн гIенашкахь мел тIома дийлахь а вай. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1345 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Безаман 1одара секх нийсса синметте кхетта, Ас юкъах даьккхира латтар бендацарна хехь. Сатийсам пана д1а г1аш бигар меле а хетта, Ас дуьне теллира, юй хьожуш хьо цунна т1ехь. Кхералуш 1аьнтIехь хьо мох-дорце яхарна маре, Гуьйренца г1адожар тарлуш ахь доь1учу сих, Б1аьстенца хьан коч ю мотталуш зезагийн аре, Аьхке т1е мел кхечи, дан лууш сайн болар сих, Кхиэлана т1едуьллуш хьукма дар - сайна дан догг1ург, Де-буьйса дIакхуьйсуш,Iаж санна, цкъа тоьхча це, Цхьа эзар некъ бира ас, лохуш хьуна тIе богIург, Цхьа эзар цIе йоккхуш Iамале яккха хьан цIе. 1илман Юсупов Столько любви, внутренней силы и света несут в себе слова 1илмана Юсупова!Глубокие и искренние переживания поэта находят, думаю, отклик в сердцах читателей. Поэзии Юсупова чужда ложь, игра в чувство, жеманство. Только искренние и глубокие чувства отражает 1илман в своих стихах, поэтому они открыты миру людей, лишены даже намека на пошлость. Дала аьтто бойла хьан,1илман. Всегда захожу в эту тему,чтобы немного забыться от внешних "раздражителей", будь то погодные или человеческие факторы.))) Ну, и не несомненно любовь к прекрасной поэзии непревзойденного поэта и художника слова 1илмана Юсупова.
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1346 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Кхаж баьлла керлачу гуьйрене кхин цкъа-ъ ладогIа, Со хьуьнах лелаш ву, къорза куз когашца хьуьйш. Мохк хуьйцу олхазарш ма-гиннехь, сайн шерийн могIа Сийначу стигалахь хетало царах дIауьйш. Белхаме и аьзнаш дIадайча льмнашна тIехьа, ЦIеххьанчу ойлано кхетамехь кхуллу-кх цхьа вас: БIаьсте ма-яьллинехь, олхазарш доьрзур ду цIехьа, Амма сан дIадахна шераш кхин схьадогIур дац. Хетарехь, иштта сан дахар а дIагIур ду хецна, Дуьненан майданахь шозлагIа бIаьсте ца гуш. ЧIагIдо и стиглано - лепачо сира бос эцна, Мархаша - дIалаьцна Iачара сан маьлхан гIуш. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1347 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Сан массо сатийсам дIабахна тилла, Нигат деш хIусам ян бIаьстенан варшах. Хьан цIе-м 1а, сан деган доIа а хилла, Элпашца хьекхалуш кхетаман Iаршах… Вай вовшехкхетарийн седарчий терахь Баттана уллехь го со хьаьжча хьала. Со цхьалла охьуш ву безаман хьерахь, ТIаьххьарчу байттамалх хьо ларъеш хала. Дог сирла хьайн дацахь бIаьргийн гIуш леппал, Сан дешнаш кег а деш, ма леха тIамарш. Ойланза ма хьагъе вайн уьйран къепал, Ц1е санна, йохъелча гIайгIанан гIамарш. Ахь дагалецамийн бала ца лайна, Лач некъо цундела хьо шеца юьгу. Ас деша схьаделларх хьан кхиэлан жайна, Цхьана а хьаьрках со кхета ца туьгу. Мел ч1ог1а сацамбарх сийна цIе йилла Хьо лоьхуш, ас лаьттахь мел йинчу харжах, Хьан цIе-м, 1а сан деган доIа а хилла, Элпашца хьекхалуш кхетаман Iаршах… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1348 |
|
Вес репутации: 27 |
Беттан суьрташ
Седано шен негIар дегон бIаьрг ма-билли хьала, ГIурту бутт шен чIама корта мархийн чета болла – Оцара-м, ткъа, цIокъболат тIе лоьцуш, ийци хьала Дахкаро хийисте боьгIна хилла бамбин хIоллам… Сирла чорпа ерриг лаьттан кийра тар ца елча, Бутт бу кийча дIо лаьмнашна тIехьа дIаIано а… …Вайша вовшийн бIаьрга доьдуш, ши дог тохаделча, Шен шабарийн чиркх чуузу диттийн доIано а… Беттан меда Iаж гиболла ша-ша хьакъ ю моьттуш, ЗIаьнарш-мехий сийсон йовлу дIо седарчий зуьнаш… …Махо, белшах куьг а детташ, суна тIе хьуо тоьттуш, Хьан йохьана-м чIогIа тайна сан бехкаман хьуьнарш… Баттана-м гуш ду вайн синойн когабуьхьархIиттарш, Хьуна гаьнгали бан кийча мархийн сира гата, ГIадожаран маттахь къайллах луьйн хьан бIаьргаш-дитташ, Хьостан хи чохь зорбакхетта хьан кIайн юьхь-сибат а… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1349 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Цхьаьна кхета вай йиллинчу меттехь Дарц а кеста дIатен герга ду. Лайно шуьйрра баржийначу меттахь Хехо санна, лаьтташ поп а бу. Суьйрено а, шеллуш, коьрта тилли БIаьргаш хьулдеш, мархийн Iаьржа куй. Хьо йогIу некъ цIанбеш ду сан илли, Эзар дош ду лайла хьоькхуш нуй. Лаьхьа санна, лайн цхьа еха аса, Шок а етташ, текха лаьтта тIехь. Амма бовха синхааман хьаса Даго дохлуш, латтабо шен гехь. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1350 |
|
Вес репутации: 27 |
Седа уьду…
Седа уьду… Беттан хIоа луьйсуш, РагI а лаьцна, мархаш хийцало. Тховса уьш сан деган бIаьра хьуьйсуш, Ойла-боргIал ирах кхийсало… Седа уьду, стиглахь тача огуш, (Бода цуьнга жимма эшало) Дешнийн чIийш сан меттан буьххьехь догуш, Довха хьацар дагах лешало… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|