Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 24.08.2008, 22:09   #1331
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Цхьа кхаъ бу ас хьоьга боккху берг къаьсттина.
Кадаьндерг дIалахка шеконаш хьан.
ХIинца а ца девлла вай вовшех къаьстина,
Синхаам баьллехь а вайн дегнаш хьаьстина,
Ченашла божабеш марзонийн кан.

Некъ жIара баьккхина ойланийн дагаро,
Хетийта гIерташ и боцуш ца терг.
Со йийсар лацале ахь синош дахаро,
Гара я нийса некъ бора сан дахаро,
Ткъа хIара хIун некъ бу когаш кIел берг?

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 24.08.2008, 22:11   #1332
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Хьайн месийн ча тухуш бина шовкъийн поппар дашо
Сатийсамийн цIенош хьохуш чекхбаьккхи-те ахь?
Ахь матта кIел Iалашдинчу бехкамечу дашо
Ша-шех догуш хIоттийна-те хьан бIаьргаш чу къахь?

Шех кхин суна са хир йоцу кху ойланийн баккхал
Хьанна гайта лууш, ерзийна ахь сан хьиэ чу?
Цо сан кийра, цхьамза санна, Iуьтту Iоттабаккхам
Лан ма атта дац-кха суна - са карзахечу...

ГIайгIано хьан ойланаш тIе IиндагI тасахь гIеххьа,
Милт ахь хьалаийзарх, гIийла хир бу хьан стогар:
Ирсан буьйсанаш сан оццул Iаьржа хиллашехьа
Хуьлуш ду сан месашлахь а наггахь кIайн чо гар.

Синхьааман моз а, иштта сингаттаман стим а
Со-м цхьатерра хьокхуш варий сайн безамна тIе.
ХIинца-м дог сайн хета тхин тIадамал бIозза жима -
Оццул йоккха цхьалла цу чу муха тарло-те?

Шимма кхин дIа лар ца бинчу синхааман къина
Суна цхьанна аха диси вайн къастаран урд...
Со вицвинчу цу хьан деган шагатIулгах дина
Хуьлда тIаккха ахь сан ирсан коше доьгIна чурт..
.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 24.08.2008, 22:30   #1333
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Сан массо сатийсам дIабахна тилла,
Нигат деш хIусам ян бIаьстенан варшах.
Хьан цIе-м 1а, сан деган доIа а хилла,
Элпашца хьекхалуш кхетаман Iаршах…


Вай вовшехкхетарийн седарчий терахь
Баттана уллехь го со хьаьжча хьала.
Со цхьалла охьуш ву безаман хьерахь,
ТIаьххьарчу байттамалх хьо ларъеш хала.


Дог сирла хьайн дацахь бIаьргийн гIуш леппал,
Сан дешнаш кег а деш, ма леха тIамарш.
Ойланза ма хьагъе вайн уьйран къепал,
Ц1е санна, йохъелча гIайгIанан гIамарш.


Ахь дагалецамийн бала ца лайна,
Лач некъо цундела хьо шеца юьгу.
Ас деша схьаделларх хьан кхиэлан жайна,
Цхьана а хьаьрках со кхета ца туьгу.


Мел ч1ог1а сацамбарх сийна цIе йилла
Хьо лоьхуш, ас лаьттахь мел йинчу харжах,
Хьан цIе-м, 1а сан деган доIа а хилла,
Элпашца хьекхалуш кхетаман Iаршах…


1илман Юсупов


Какие красивые слова! Мелодичность лирики 1илмана Юсупова,ее гармоничность так красиво сосуществует с "диссонансами", сочетанием несочетаемого в образах, звуках, красках. Одна из тайн его поэтического дара заключается в умении полно выразить непростое чувство и чудесно-простое в себе и окружающем мире.
Мне кажется,что твоя лирика,1илман никогда не перестанет быть объектом восхищенного внимания тонких ценителей.
Дала аьтто бойла хьан,1илман!
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 25.08.2008, 15:04   #1334
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***

Къоламан белаца кехат а охкуш,
Де-дийне доккху ас цхьа сирла каш.
Цецдохуш дуьненан сан гIуллакхаш,
МогIанийн бIаьллаш ду гонаха Iохкуш.

ДIабогIа кечбина гIайгIанан хIоллам,
Букарчу цхьалло шен гехь латтабо.
Суждане эгахь а ойланийн бIо,
ДоIа дан сих ца ло сатийсам-молла-м.

Кхолламан барам бу цкъачунна беса —
Шен гIийла мухь цунна кеста гур бац:
Къахьоьгуш со мел ву, дIадолор дац
Дуьненан лазамо шен Iеса еса.

Шардо ас упханаш массо а байтан,
Воттанан меттана тIехьоькхуш са…
Марчонна лоьру ас хьарчоза къа —
Илланчин оьмаран цIеналла гайта…


Шатайпа каш доккхуш ас гойту масал,
Массарна хетийла дацахь а дош.
Шеретан мах хаддол кхиъна сан дош,
Хуьлуш шен ден коша лаьттан цинц тассал…


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 25.08.2008, 15:05   #1335
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Белхош цхьаъ бен боцу орам-эвла,
Генаш санна, вай ма херадевлла.
Шен-шен лахьорч хеташ уггар сирла
ХIора веха эттамаьIиг хилла.

Амма чартийн махка доьду тача
Лууш ду вай вовшийн тIеттIа кхача;
Цхьана ханна йицйой дегнийн волла,
Схьагулло вай… велча цхьаъ дIаволла.

Сийлахь барт, вайн дайшлахь маьхза лелла,
ХIунда оьцу оццул мах а белла?

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 25.08.2008, 15:06   #1336
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Буто ша ма-биннехь хIорда чу хьоьдучу хишна,
Гуьйренан эсаро гур боьгIча бацалахь тхишна,
Безаман кхерчан цIе овкъарша яьккхича къайла,
Хьан васт ас дIадуллу сайн дагалецамийн лайла.

Малхбузехь гIорийча суьйренан зIаьнарийн мекха,
Йиш хаьлла Iаьнан мох баьлча шен ма-хуьллу хьекха,
Сайн дог ма-карийннехь, куьг доцчун пхьош санна, деса,
Деллачу хьан вастан гIевлангахь ас доьшу еса…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 25.08.2008, 15:07   #1337
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
ГIеметтахIоттаро дIадаьлларг лоруш ду деза,
Чот тоха дIахIуттуш дахаран жамIаш ден мур.
Дуьненан гIовгIане ладоьгIча, моттало хеза
Генарчу бераллехь иддачу сайн денойн дур.

Хиллачун дахкаро хьулдина кхетаман баххьаш
Иэсо шен Iаь етташ, меллаша цIандича дIа,
Эхарта бахначийн йицъелла яланза яххьаш
Дийначийн пхьоьханахь гуш санна хеталуш Iа...

Тишлучу дегIа тIехь замано толлу шен зиэраш,
Цхьа а чо биц ца беш, коьртана кир тухуш кIайн…
Маржа-яI, кхин цкъа а гур дац-кха дIадевлла шераш,
Къоналла олуш дерш сирлачу умматах шайн.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 25.08.2008, 15:09   #1338
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Баххьийн дахкаран кIайн верта
Шен белшашна дустуш лелла
И сайн илли Iа ца делча
Лаьмнийн когашкахь,
ДIо Башломан буьххье ваьлла,
Со чу хьаьжча, лог ношделла,
Кхин доккха ирс дац соь кхача
Даймохк могаш гахь…


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 25.08.2008, 22:48   #1339
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Вайна юккъехь лазам Iуьллу, саьрмик санна, луьра.
Вайна юккъехь доза хилла, лаьтта шерийн пен.
ГIайгIа яц дIаяла туьгуш вайн бIаьргашна чуьра,
Хьалха санна, хIинца цо ца бетта вайна пе.

Вайна юккъехь херо уьду. Ю и стимал къаьхьа.
Вайна юккъехь - гIорийначу шовкъех хилла шаш.
Акхадевлла жIаьлеш санна, угIу вайна тIаьхьа
Дегайовхо эккхаш, кхоллаелла геригаш.

Вайна юккъе херо юьйли, цергков санна, ирча.
Вайна юккъе букар дижи синхааман каш.
Юккъаметтиг вайн талхийнарг нагахь шайтIа хилча,
Мичахь ду хьо суна хазъеш лелла маликаш?

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 25.08.2008, 22:51   #1340
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Нагахь со дIаводахь,
бIаьстенан бай ведбеш хуьта,
Къиношца техкаян
генарчу махкара огар,
Со везаш йолчу ахь
латор бу елхаран къуьда,
Ткъа со ца везачу йоIа -
шен еларан стогар.
Амма со цIаверзахь
шарам бан сайн деган уьйтIа,
Юха а бIостане хир ду-кха
шуьшинна со гар:
Суна ца езачу ахь
сица латор бу стогар
Ткъа суна езачо -
ша динчу маренан къуьда...
И ши дух серлонан
дина сайн бIаьргашна хьарам,
Вайшиннан эшамах
бийр бу ас безамна барам...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.