Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 24.08.2008, 14:35   #1321
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Кхаж баьлла керлачу гуьйрене кхин цкъа-ъ ладогIа,
Со хьуьнах лелаш ву, къорза куз когашца хьуьйш.
Мохк хуьйцу олхазарш ма-гиннехь, сайн шерийн могIа
Сийначу стигалахь хетало царах дIауьйш.

Белхаме и аьзнаш дIадайча льмнашна тIехьа,
ЦIеххьанчу ойлано кхетамехь кхуллу-кх цхьа вас:
БIаьсте ма-яьллинехь, олхазарш доьрзур ду цIехьа,
Амма сан дIадахна шераш кхин схьадогIур дац.

Хетарехь, иштта сан дахар а дIагIур ду хецна,
Дуьненан майданахь шозлагIа бIаьсте ца гуш.
ЧIагIдо и стиглано - лепачо сира бос эцна,
Мархаша - дIалаьцна Iачара сан маьлхан гIуш.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 24.08.2008, 14:36   #1322
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Юха а оьхки-кха стигална коча
Можачу гуьйрено гIаргIулийн туьтеш.
ГIадожар долало къамел дан коча
ХIаваэ, буьттуш шен туьйране пуьташ.

ГIаш ловзон тIера ду карзахе мехаш,
Цаьрца шайн хиндолчух лаьцна пал туьйсуш.
Iаьнарца дусуш шайн «хьаз-хьиз» ден пехаш,
Хьун чIанаяккхарехь хьалхе а къуьйсуш.

Мунда ю тIаламе бIаьрг бетташ хьаьтта,
Юх-юха дагардеш бешара цIевнаш.
МаьркIаже тIекхаччалц диллина лаьтта
Ялта чудерзочу ахархойн кевнаш.

Иэсехь дIа ца бойтуш толамах тешам,
Ша куьйгаш кховдийча маршонан малхе,
Сан къоман амало зийна ду: кечам
ТIамна а, Iаьнна а бан беза хьалххе...


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 24.08.2008, 14:38   #1323
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Хьайн месийн ча тухуш бина шовкъийн поппар дашо
Сатийсамийн цIенош хьохуш чекхбаьккхи-те ахь?
Ахь матта кIел Iалашдинчу бехкамечу дашо
Ша-шех догуш хIоттийна-те хьан бIаьргаш чу къахь?

Шех кхин суна са хир йоцу кху ойланийн баккхал
Хьанна гайта лууш, ерзийна ахь сан хьиэ чу?
Цо сан кийра, цхьамза санна, Iуьтту Iоттабаккхам
Лан ма атта дац-кха суна - са карзахечу...

ГIайгIано хьан ойланаш тIе IиндагI тасахь гIеххьа,
Милт ахь хьалаийзарх, гIийла хир бу хьан стогар:
Ирсан буьйсанаш сан оццул Iаьржа хиллашехьа
Хуьлуш ду сан месашлахь а наггахь кIайн чо гар.

Синхьааман моз а, иштта сингаттаман стим а
Со-м цхьатерра хьокхуш варий сайн безамна тIе.
ХIинца-м дог сайн хета тхин тIадамал бIозза жима -
Оццул йоккха цхьалла цу чу муха тарло-те?

Шимма кхин дIа лар ца бинчу синхааман къина
Суна цхьанна аха диси вайн къастаран урд...
Со вицвинчу цу хьан деган шагатIулгах дина
Хуьлда тIаккха ахь сан ирсан коше доьгIна чурт...


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 24.08.2008, 14:39   #1324
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Бераллин денош

Шераша якхдеш ду дахаран кхаш,
Бохамийн, эшамийн диларш тIеIенош.
Сан деган уьйтIара шайн IиндагIаш
Аш мича тийси-те, бераллин денош?

Шу Iачохь хьан до-те Iуналла шун,
Ас санна, шун маьлхан синош а делош?
Бе-берса дац-кха сан кхолламан шун,
Цунна тIехь шу доцуш, бераллин денош.

Со-м хетар долуш ву заманах эхь,
ГIайгIане лелахь шу, сан лазам дебош:
Со ирсах тешийнарг кху лаьтта тIехь
Шун сирла уммат ду, бераллин денош.

Iожаллин бIобанах ийзалуш Iа
Аш зевне декийна сан гIенийн цIенош.
Уьш дуьтуш, шу хIунда девди-те дIа,
Ишаршца иэс хьоьсту бераллин денош?..

Сан дегIах хьерчаш ду сиркхонийн дарц,
Ойланехь аш дина баннаш а дегош.
ТIаьххьара шун верас сан дог бен дац.
И сацахь лийр ду шу-м, бераллин денош…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 24.08.2008, 14:43   #1325
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Езаче

Дуьненан тIулгаш тIехь екош сайн дахаран ворда,
Хьан дегIан синтарна гуо туьйсу де-дийне ас.
Цхьа къурд бен ца оьшу суна-м хьан марзонан хIордах,
Цкъа лерса хьасттал бен ца оьшу суна-м хьан аз.

Ма-хуьллу тийсалуш сингаттам олучу ломах,
Сайн дахар такха со кийча ву хьан дагна хехь,
Мотт Iоттал хьаса бен ца оьшуш хьан ирсан чомах,
Ког биллал меттиг бен ца лоьхуш хьан ойланехь.

ХIун ду ас хьан корехь зевнечу иллица хьабарх
Сайн оьмар чехаеш, бегабен бIешерийн пен?
Со оьшуш вац хьуна цхьа суй бен ахь ечу набарх,
И суна тоьар бу къагабан хьан гIенийн бен.


Мацца а йоьссича сан даг чу Iожаллин гIура,
Сирта-тIай тIехула сан ваха дезар ду дIа.
Со лоьхуш вац хьуна серло бен хьан куьйгийн чкъуран,
Ахь доьIуш долчу син Iаьнарх со тоам беш Iа.


Сан оьмар тIехьерчош, хьийзаш ю заманан сема,
ГIеметта хIоттар а схьакхечи, оллийна цIом.
Ткъа суна-м ца оьшу цхьа цинц бен хьан беснийн деман,
Хьан баьргийн цхьа бIаьца тоийта хьожур ву со-м.


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 24.08.2008, 14:52   #1326
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Газель

Хьо - кIур бу сан дагах цIе яьлча баьлла.
Сан бIаьргаш ца Iийжо хьо генаяьлла?

Стигалахь хьан васто йитинчу лорах
Мох хилла вогIу со хьан Теза-Кхаьлла.

Цхьа тамехь зов хазахь хьайн лерехь декаш,
Лара со иллица хьайн дола ваьлла.

Сан кхиэлан тхов тIера чоргIе а йохош,
Безаман ладар сан дагах чекхдаьлла.

Со гича хьайн коран юьхьлаьцна лаьтташ
Хаалахь со лелий, собар а хаьлла.

Деган цIе шен кIуьрах дIаэнза йисахь,
1илмана ша дуьне дуьтур ду аьлла...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 24.08.2008, 14:53   #1327
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Газель 2

Сахиллалц сайн деган неI тIе ца чIогIуш,
Iийр ву со седарчийн суьлхьанаш дохуш.

БIаьрсинехь Iалашдеш хьан месийн лепар,
Цуьнах сайн нур деба бутт хир бу бохуш.

Хьан куьйгаш гIенах гуш сайн беснийн цIарна
ЧIийш-цIелгаш тIетуьйсуш, ша марсайохуш.

Хьуьнаре иэс хьийзаш, ахархо санна,
Сан кхетам хьан вастан готанца охуш.

Шеконо якхбинчу сатийсамо сайн
Тийналлин хьаьвди чохь меца нох дохуш.

Лууш ахь декъалдан 1илманан гIаларт
Iуьйранна сагатдан хьайн коре догIуш...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 24.08.2008, 19:54   #1328
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
* * *
Буто ша ма-биннехь хIорда чу хьоьдучу хишна,
Гуьйренан эсаро гур боьгIча бацалахь тхишна,
Безаман кхерчан цIе овкъарша яьккхича къайла,
Хьан васт ас дIадуллу сайн дагалецамийн лайла.

Малхбузехь гIорийча суьйренан зIаьнарийн мекха,
Йиш хаьлла Iаьнан мох баьлча шен ма-хуьллу хьекха,
Сайн дог ма-карийннехь, куьг доцчун пхьош санна, деса,
Деллачу хьан вастан гIевлангахь ас доьшу еса…


1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 24.08.2008, 20:19   #1329
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
* * *
Сан массо сатийсам дIабахна тилла,
Нигат деш хIусам ян бIаьстенан варшах.
Хьан цIе-м 1а, сан деган доIа а хилла,
Элпашца хьекхалуш кхетаман Iаршах…

Вай вовшехкхетарийн седарчий терахь
Баттана уллехь го со хьаьжча хьала.
Со цхьалла охьуш ву безаман хьерахь,
ТIаьххьарчу байттамалх хьо ларъеш хала.

Дог сирла хьайн дацахь бIаьргийн гIуш леппал,
Сан дешнаш кег а деш, ма леха тIамарш.
Ойланза ма хьагъе вайн уьйран къепал,
Ц1е санна, йохъелча гIайгIанан гIамарш.

Ахь дагалецамийн бала ца лайна,
Лач некъо цундела хьо шеца юьгу.
Ас деша схьаделларх хьан кхиэлан жайна,
Цхьана а хьаьрках со кхета ца туьгу.

Мел ч1ог1а сацамбарх сийна цIе йилла
Хьо лоьхуш, ас лаьттахь мел йинчу харжах,
Хьан цIе-м, 1а сан деган доIа а хилла,
Элпашца хьекхалуш кхетаман Iаршах…


1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 24.08.2008, 20:23   #1330
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
* * *
Хала до оьгучу гIаша
дуькъачу дахкарлахь нека,
Дерзана довлучу диттийн
мехаша пусар ца до…
ДогIанан тIадамийн мукъам
хьан коран экъанахь бека,
Шеконийн гIаттаман баьчча
хьан дог ду ца боху цо?

Стигалан шийлачу некхах
гIаддайна тIамарш а етташ,
Йоьдучу гIаргIулийн жуьто
тийжарца дуьне до къахь…
Кураллин пIелгашца айхьа
ойланех мел дина шеддаш,
Хьайн даг тIехь моьнашка доьрзуш
лан муха лайра-те ахь?


1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.