![]() |
|
|
#1311 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Хьуьнчохь латта тIун а делла, некъан лар ца го. ГIанийн можа беркат оьгу дитташ тIера охьа. Кху дуьненчохь айхьа цхьаьнхьа дагалоцуш со Стиглахь лела Iаьржа мархаш тергалъелахь ахьа. Кеста Iаьно, шок а етташ, чекхдоккхур ду шо, Боьлакарчу диттийн баххьех дорцо етташ кхесаш. Кху дуьненчохь хьайна цхьаьнхьа виц ма-велли со, Стиглахь гой-те хьоьжур юй хьо мархийн къоьжа месаш? 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1312 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Сийсара сахиллалц догIано пийсак а хьоькхуш, Лаьттан жарж ца кхоош, дина ду кIетара худар. Селхана син когаш берзина ас бахар доькхуш, ГIайгIано тIедожий суна шен ши кало тудар. Уьш а ю шайна чохь ца тоьаш, сан дакъазалла, Уггар а кIедачу ойланах яьккхина утаркх. Цундела шелло со, делахь а, садетта халла – Кху тайпа хоршане гIайгIа а ца хирий гуттар-х… Цкъа хIинца-м къора бу сан корехь цо боьзна маша. Амма сайн иллешца маьлхан кIайн буька-яй хестош, ДогIанан хударо ген пIаьлдиг совсийна хьаша ДIаэккхор ю аса, шен калош тIаьхьа а лестош… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1313 |
|
Вес репутации: 27 |
Буьйсанехь олхазарш
Цхьацца бен ца девлла шу тIома, жатташ ян кхоьруш. Буьйса бен яц шуна хIаваэхь нека дан маьрша. Бухахь бу, тоьпаш а етташ, шу чуэго лоьруш, Тебна Iаш иччархой, дуьйлина шайн дегнаш Iаьржа. Ткъа аша-м некъ бо шайн, тIемашца мархаш дIатуьттуш, Шайн ховха легнаш а дахдина генарчу ана. Мохк хийца дийзи шун, шайн баннаш дIатесна дуьтуш, Царах шайн доглазар даьккхина шайцанна пана… Стигалан аренца язделла хилла шун некъаш, Седарчийн буьртигаш хилла шун нур догу кхача. Шу дайъа Iалашо иччархойн мел хиларх хьекъаш, Тоьар дац-техьа шун гIора шайн ирсе дIакхача? Дахкаро салоьцу, зIакарш тIе шийла Iаь етташ. ХIиттинчу догIмашна аьхна бац хIаваан маьнга. Бодашлахь доьлху шу, гIелделла тIемаш а детташ, Ца хууш, тIома кIел даш кхетта мохь болу хьаьнга… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1314 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Сан бехко-гIалато схьаетта хьожа а ца лайна, замано вабанца Датадо сан дагалецамийн диттийн ша Iаьнарца кIаддина гонаш, Цу диттийн орамийн пехаша доьIу са хIаваах дIаэн ца дуьтуш. Сан хазахетарийн бIаьргаш а Iийжабеш «байттамал» олучу сабанца, Чопанах-марчонах хьерчаеш мискъалан зарратал сан ледарлонаш, Сан ирсан керлагIа маргIалш цо лийчадо, лазаман хи тIе а дуьттуш… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1315 |
|
Вес репутации: 27 |
Ширачу кешнашкахь
Юьртахойн иэсехь шаьш дIадайна ла ца луш, Ярашла личкъинчу кешнаша Шайн чартийн йозанийн ширачу хьаьркашла Ца билларх сайн цхьалха узам, ХIетте а, сайн дагна буьрса гуо лецахь а Чурт огуш, яздинчу дешнаша, Дайн тIулган гIовланех къехкачу тIаьхьенна ХIуй кхайкхо вогIу со кхуза-м… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1316 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Къорзачу уьйригна Чухчахьер олучу Собаре тебна Iа кIайн цициг беттан. Хета и сайх тера аз лаца воллучу - Мазалахь кхиънарг хьан ховхачу бетан. Мархийн тха зарздина седарчийн дехкаша, Даточу цергашца Iуьргаш а дохуш... Изза ду-кх сан дагна дийриг хьан бехкаша Хьан кераюккъехь и дIатийча, дохлуш. Мекара бутт гича ладоьгIуш суо санна, Ца лууш седарчий довдийта дIаса, Тарло сайн тебар хьан сирлачу озана Суо хьагарх рогIера хьан яппарш хаза... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1317 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
1омачохь беттан сурт тховса а дисина сайнна, Шовкъашна качвелла, буьйгIу ас ойланехь бохь. Вовшеха хьекхало IиндагIаш, кIамделча санна, ХIаваан пардонах чекхбуьйлу бухIанан мохь. Жима ши марха ю, туьйдина седарчийн кIархаш, Къорзачу стигалахь меллаша шайн болар деш. Корсаман куйнаш а техкина лаьтташ ю тархаш, Боьранийн лергашка къайллаха забарш а еш. Дахкаро цIуббина, цIанбина уьшалан зорха, Шелделла тхиш ца ло тIуьначу бацалахь дох. Шен тIома куьг Iуттий, егайой седарчийн хорха, Сийначу серлоно багабой, дIаэккха мох. Юьртара пхи цIа ду тховса а вайшинна юккъехь. Тоххарехь йижна хьо гуш ю-те мосалгIа гIан? Хаалахь, сан са дуй набъечу хьайн кераюккъехь, Шен йовха Iаь етташ ховхачу пIелгашла хьан… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1318 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Хьаннашца дов дели гуьйренан мехийн, Дохк йижи лаьтта хьан йовлакхал сира. Ла ца ло аьлла сан Iиттарийн мехий, Вайн уьйран мохь охьабилли ахь гира. Дегаллин гIалатах хьо кхето санна, Хьан лерехь шабарш деш оьгучу гIаша, Бух болуш баккха бехк ца хили сан а, Дохко а яьккхина, хьан ойла хьаша. Со йохьах ца вуьйхи, ца вуьйжи гора, Ахь чIагIо ца йохий, ца хийци дош а, Боггушехь шелбели хьан бIаьргийн кIора, ХIаваъо дIаяьхьи хьан месийн хьожа. Вайшиннах цхьаммо а ца ийци пайда КIеззигчу хенах а Iодикаяран: Хьуна а ца хии вай къастар дайдан, Суна а ца лии кхин дахдан хIара. Стигалахь пхьоьхане гулъели мархаш ЭтIачу сан даг тIе шайн туьха таса... Орамаш телхина вайн уьйран маргIалш Бухдаьхна довллушехь, къаьсти вай дIаса... 1илман Юсупов Многим знакомая жизненная ситуация, становится под пером 1илмана Юсупова лирическим шедевром. Любовь не бывает без ссор, расставаний, но 1илман и в ссоре находит долю счастья, ведь после ссоры так замечательно примирение. Многоточие в конце стихотворения указывает на неразрешённость ситуации, на её своеобразное продолжение.)) Никто не знает, как эта ситуация разрешится. И сердцем лирический герой, по-видимому, еще с той, которую уже мысленно вычеркивает из своей жизни...
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1319 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Шелбелла бутт 1уьллу мархашлахь хебаш, Белхаме хьоьжу и сан корах чу. Г1айг1а ю сан деган не1саг1ехь дебаш — Сан дагахьбалламан г1орасиз 1у. Седарчийн тоба а, цхьа г1ийла лепаш, Къарздеш ю стигалан босбаьхьна у. Хьан сирла аматаш ойланна тебаш, Тховса а наб ца ян со кийча ву. Сурт х1уьтту: саьрмиках хьан дагах хьерча Багах а, мерах а ц1е кхуьйсу вас. Чов хилла лу санна, сан син т1ехь керча Ас дашца букъ бойна хьан тийна аз. Сих ца лахь хьо суна къинт1ера яла Декъала хир бу-кха ас хьоьгу бала… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1320 |
|
Вес репутации: 27 |
Больницехь
ХIара беса петар а хилла-кха дахаро хIусамаш суна луш, еана декъах… Бос баьхьна сан денош, кир санна, кIайделла, шайн кIайнчу кийрахь со дIахудуш Iа. Лор чоьхьа ма-ваьлли, со-м вакха волало сайн дегайовхонан могашчу некхах, И араволлушехь, бIагоран аганахь лазаран кохкарша воьхку со дIа… Дагаран товханахь мерцинчу ойланийн луьстачу хьожано са мере кхачош, ХIаваэ сатесна, кор делла гIерташ, сан эгIазчу лааман кIадделла дог. Ерриг а чоьнах шен мотт бина, йижина саьрмикан IиндагIах цамгаран ачо – БIарлагIаш хIуьттучу кхетаман арахь цо етта шен сеттачу дегIаца ног… Сих-сиха деттачу хьацаран хьоькхнаша гIайби тIе яздина кхагарен йоза Коьрта кIел дехкинчу сан куьйгийн хIоьттинчу бIаьрсине цуьрриг а къаста ца ло. Сайн маьнга хетало дахарой, Iожаллой, вовшашна кур бетташ, къевсина доза, Дахаран уггар а тешаме мурд хуьлий, ас а цу къийсамехь яхь дIа ца ло: ХIоразза бIаьрг айса беллар а Iожаллин туп йохо кхоьссина йоккха топ лоьруш, Цамгаран синметта хьажийна хIоъ хуьлий, керча со молханийн буьртигашлахь… Дахаран баьццарчу кучан юх лоьцу ас, догучу дозанехь варна суо кхоьруш, Кхетаман маьркIажехь бода букъ мел бели, дассалуш хеталуш ойланийн сахь… Эххар а сан дегIах хьарчайо аса шен лоьраша дарбане биллинчу некъо: Ког баккха Iемачу лаамна хьалха ша оццул сатийсина хIуо хаало. Массо а шеконна малайо шура шен сан дегайовхонан токхечу некхо, ГIайгIанан овкъарша бехдина дуьнене сан хьажар дIадуьлу синхаамо… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|