![]() |
|
|
#1291 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
1аьнан малх меллаша чубузуш бу. Коьллаша вовшашца IиндагIаш къуьйсу. Ца хууш маса де ша хьоькху ду, Лайн чимийн синош тIехь махо пал туьйсу. Когашна кIел тесна кIайн кетар лайн, Суьйрено ламаз до шовданна лулахь. Со лакха кийчча ву син пондар сайн, Хьо яре хьоьжучу ойлано булахь. Иллешна мийладеш дахкаран мутт, Матта тIехь лаладо ас дети байтан. Ас цуьнах бийр бу сайн безаман бутт, Хьо цуьнан серлонгахь сайн дагна гайта. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1292 |
|
Вес репутации: 11 |
Ахархочун къизачу маьрсо
хадо кечбинчу ялтин кенан Iадор гIенах дуьхьалтесча дуьненчу далазчу беран са набарха лен долало...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#1293 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
(Тимиргаев Хьасайне) Кхелхи хьо. Барам тIехь юьртахойн коьшкала хиъна, Волу хьо тIаьххьарчу юьхь-чаккхе йоцучу новкъа… Дийначийн ойланех хьекхалуш, даI даккха кхиъна И некъ а, меллаша лахьтичу буссушехь, бов-кха…. Даьстинчу лаьттах схьаеттало Iожаллин хьожа. Стаг хьулвеш, сутара яраш ю и худа гIерташ. Тийналло гIорасиз доькуьйту доIанан дош а, Божарийн бIаьрхиша лоьлхуьйту стогаллех дерташ. Къаьрзинчу йозанца чурт хьожу адамийн бIаьра-м, Цецдолий шен когех хьаьрчинчу биъларчу борзах… БIаьрзечу буоберах тера бу бассийна барам, Дегнех каетташ бу лазаман гушбоцу морзах. Хьан когийн баррамал шоръелла дуьненан майда Верасийн пурбано, тхов беш, хьан чуртана тилли. Назманийн гIийлачу мукъамна доьгIна дац айдан Хьан озан гIорранал жимделла дахаран илли. Хьан кхиэлан ворданан кегъелла дIаевлла милкаш Ден деган дилханах кIоргга чуйиссина уьрсах, Доцачу хьан ирсан хеназа дIаяйна милташ Лан ма-ллу йоьттина хьан ненан гIайгIанан кIуьрзах… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1294 |
|
Вес репутации: 27 |
Дарц
Тем ца хууш, сацар дайна дийнахь-бусий, Малхо хьастаре сатесна, гIийлла доьлху дорцан дог… Махо уьдуш, чимийн зазех дуьне дузий, Кху сан кертахь, соь ца хоьттуш, дато ловзар хIоттадо… УьйтIахь дитташ, къона дитташ, генаш лестош, Бохь а буьйгIуш, когабуьхьар хелхарш долон кийчча Iа… Къона шераш дагалоьцуш, царех ирсен хилларш къестош, Кертал дехьа, махо лоькхуш, цхьалхха лаьтта къена Iаж… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1295 |
|
Вес репутации: 27 |
***
МаьркIаженан IиндагIашна пхьор дан лиъна мерза, Мархийн маша боза хIоьтти беттан дато гезг… Ма галдала кийча хилла синхIоттаман терза, Деган дургал лиэша яьлла, сагатделча кIеззиг. Ма галдала кийча хилла синхIоттаман терза, Беран мIаьррал дагахьбаллам оза дезча шен. Туьгуш дац-кха дегочуьра иза-м юхадерза: Уьдуш лела синан цхьамза лууш бац-кха тиэн… Туьгуш дац-кха дегочуьра терза юхадерза, Шовкъо дабагIдина деган хIуо дIатийннашехь… Мархийн маша нилха болччухула схьа а къерзаш, Седарчий ду серло оза гIерташ цунна тIехь. Мархийн маша нилха болччухула схьа а къерзаш, ТIеттIа язло Чухчахьеран сирла герканаш… Буьйса-пондар хьедан йолу шен IиндагIаш-мерзаш, Улле охьахийшош иллеш – уггар гергарнаш… Буьйса-пондар хьедан йолу шен IиндагIаш-мерзаш, Цаьпцалгаша Iома йисттехь аьзнийн чиркх латош… Ойла-баргол хадош, хезна геннахь говраш терсаш, Кийра батIош, араоьккху уггар йоргIа дош. Ойла-баргол хадош, хезна геннахь говраш терсаш, Нохчийн аре екош, боьду и сан оьзда дин. Ненан меттан аьлха хьоькхуш, ирдеш бIаьрса, лерса, ХIинццалц къуьйлуш хилла архаш ас а дIамалйи… Ненан меттан аьлха хьоькхуш, ирдеш бIаьрса, лерса, Толлу ас сайн мукъам денбен башха сатийсам. Наггахь синна сиркхо тосаяларх кега-мерса, Кхиэлан кхерчахь хан ягорах, цIийн кIеж ца тий сан… Наггахь синна сиркхо тосаяларх кега-мерса, Дерташ доцу заза лепош ду сан ирсан га. Гуттар хир ма бац сингаттам йочане тIесерсаш, Цуьнан цхьа а зирх-тIадам ма болда Iуьйренга!.. Гуттар хир ма бац сингаттам йочане тIесерсаш, Деган дургал лиэша яьлла, са тIундаларх кIеззиг. Меттадан а герга ма ду синхIоттаман терза, Мархийн маша боьзна яьлча беттан дато гезг… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1296 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Лайн чимийн мотт буьйцу жоп доцчу безамо, ГIайгIанах-доттагIчух и дIа-м ца къастало. Ткъа, дешнаш – лайн чимаш – сан дагна – беза мохь: Цо и ги буьллушехь, шира чов ястало… Ойлано пал тосу: «ДIахьулбан беза муо, Зезагаш тIе дуьйгIуш, чов дIа ма-йирззинехь…» Амма, мел малх хьажарх сан деган ирзене, Луо даша-м дуьтуш дац жоп доцчу безамо… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1297 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
ХIун го хьан гIенашна, тIееъча догIане буьйса: ТIуьначу дахкаран бамба я боьлакаш куьйса? Iенаш ду тIадамаш – олхазарш дегадо милла. Доьлхуш ду олхазарш – чуоьгу седарчий сирла. ХIун боху хьан даго гуьйренан догIанаш хьоьлхуш, Шелделла Iалам а хьийзачохь карзахе доьлхуш? ТIадамаш дегадо – олхазарш дIакхелха лаьттахь. Чуоьгу олхазарш – тезет го седарчийн хьаьттахь. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1298 |
|
Вес репутации: 27 |
СОНЕТ
Аматийн зазашлахь, баI санна, къеста Шераша сан юьхь тIе даржийна йоза. ХIетте а, хьан белшийн зезагаш хьеста Лууш бу сан куьйгийн ши накхармоза. Азаллехь кхаж баьлла сан даг тIехь леста Безаман пачхьалкхан байракх ю хьо сан... Хьан марзо кхачийна со висахь кеста Реза ву со Лаьттан букъ тIера восса... ЦIеххьанчу Iожалло куьг кховдош деха, Син серло дIаэцча сан бIаьргаш чуьра, Сох дуьсур долчу кху дуьненан меха Хир бацахь, езар, хьан сингаттам дуьра, Битахьа хьайн куьце къин сагIа деха Цхьа лаам сан шовкъан тIаьххьарчу муьран... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1299 |
|
Вес репутации: 27 |
ХьаргIано дуьйцу
Махо луьсту мархийн къоьжа тIаргIа, Гучудохуш маьлхан можа сахь. Жимчохь дуьйнна хезна суна хьаргIа Еха олуш кхаа бIешарахь. Нохчийн юьрта йистехь лаьтта гIаргIа, ГIушлакхене гIашца хичаш еш. Цунна буьххьехь хиъна Iаш ю хьаргIа, Кошал Iаьржа тIемаш лестадеш. Цуьнан дегIах, денна етта-теша Чаккхе йоцчу некъо аьрха ног? Цхьа гуш доцчу бозбуунчаллеша Ловзош санна хета-кх цуьнан дог. Бохий-те цо соьга: «Галл ма-ваьллахь Хьо сан шерийн жIуга ягаръеш. Суна гина Шемил имам ваьлла, Цо муьжгашна дуьхьал тIемаш беш. ТIеман цIергахь шайх Мансур а гина, Хьерахь санна, охьуш гIазакхий. ГIазот аьхна хуьлда цуьнан сина. Дала даим цуьнан дойла сий. Нохчийн къонахалло детта ткъес гар Тоьлла хилам лоруш ду сан иэс. Гина суна Iаьлбиг-Хьаьжин эскар Буьрса доккхуш мостагIашлахь кес… ТIеман арахь шайн декъий а дуьтуш, Гина уьдуш нохчийн мостагIий. Муьжгийн дархойн чевнех зIок а Iуьттуш, Хийла мийли ас оцеран цIий. Нохчех кхоьруш шаьш боллушехь бегош, Муьжгий хууш бац-кха Iадда Iиэн. Церан декъийн туьтанаш а кегош, Хийла биъна ас оцеран хьиэ! Тахана а зингаташха сийса Нохчийн махкахь къиза гIазакхий. Амма нохчий кIад ца белла къийса МостагIашца шайн маршонан сий. БIешерашкахь йогуш тIеман алу Даим суна гуш дерг цхьа сурт ду: ЦIарца дагош муьжгийн Iаьржа талу, Нохчийн гIазот каде хьийзаш ду». 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1300 |
|
Вес репутации: 27 |
Беттан суьрташ
Седано шен негIар дегон бIаьрг ма-билли хьала, ГIурту бутт шен чIама корта мархийн чета болла – Оцара-м, ткъа, цIокъболат тIе лоьцуш, ийци хьала Дахкаро хийисте боьгIна хилла бамбин хIоллам… Сирла чорпа ерриг лаьттан кийра тар ца елча, Бутт бу кийча дIо лаьмнашна тIехьа дIаIано а… …Вайша вовшийн бIаьрга доьдуш, ши дог тохаделча, Шен шабарийн чиркх чуузу диттийн доIано а… Беттан меда Iаж гиболла ша-ша хьакъ ю моьттуш, ЗIаьнарш-мехий сийсон йовлу дIо седарчий зуьнаш… …Махо, белшах куьг а детташ, суна тIе хьуо тоьттуш, Хьан йохьана-м чIогIа тайна сан бехкаман хьуьнарш… Баттана-м гуш ду вайн синойн когабуьхьархIиттарш, Хьуна гаьнгали бан кийча мархийн сира гата, ГIадожаран маттахь къайллах луьйн хьан бIаьргаш-дитташ, Хьостан хи чохь зорбакхетта хьан кIайн юьхь-сибат а… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|