![]() |
|
|
#121 |
|
Вес репутации: 3 |
* * *
Байттамал, хьан сирник дIаяй-кха, сан къинан кIожам Хьо багон хIуттушехь, гонаха Iаь тухуш къаьхьа. ШайтIа-къа дIадеди, такхийна марцаран хьожа, Мел чIогIа идарх а, ца кхии хьо цунна тIаьхьа – Ойланийн хьийкъинчу гIодамех ас дина литта Шеконан дехкаша цу сохьта долий-кха даа… Байттамал, суна хьайн сатеден аьшпаш ма битта, Хьоьх гIуда хьаьрчина, дIо соне цкъа охьахаа. Хьо каде ца хилар бахьанехь, тIетоьхна хир-кха Кхиэло сан хьашташна: корехь ас ден хIара ха а, Мархаша милт дIасахьийзаен дIо беттан чиркх а, Кхетаман ковста кIел хьиэ кIамбен ши-кхо могIа а… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#122 | |
|
Вес репутации: 6 |
Цитата:
сайна хетарг ала-м лаьара суна. Цхьа хаза экама синхаам цхьа хаза экама схьагайти 1илмана оцу кхаа б1ог1амехь, амма и т1аьххьара ши мог1а цхьа кхин тайпа, и байт joлалуш ма-хиллара хаза, цхьа, муха эр дара, непросто аьлла хуьлуьйтур бара ас. Оцу т1аххьарчу шина мог1ано оцу байтан бос нуьре беш, дахкарлахь беш, муха эр дара, очерченный контур ца хуьлуьйтуш - иштта тамашийна хила лаьара и т1аьххьара ши мог1а.Х1унда аьлча, оцу лакхахьдерг стиглахь яздиний, т1аьххьара ши мог1а лаьттахь язбиний хийтир-кха суна и байт ешча))Цхьа хаза экаме сирла байт ю-kx иза)) ![]() Ishtta heta-kh esharhochunna Enina
|
|
|
|
|
#123 | |
|
Вес репутации: 3 |
Цитата:
Дела реза хуьлда. Ларамца Эльмира.
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
|
#124 |
|
Вес репутации: 3 |
* * *
Кхин цхьа де а чекхдели сан, урчакх санна, хьийзаш, Эханг санна, адамаш а луьстуш шена тIе: Шайн боларшца, аматашца сан кхетамехь зийзаш Кхолламаш а болуш нехан, вац со паргIате. Малх чубуззуш сецна урчакх ас сайн кара ийци, Эзар ойла ечу цуьнан коьртах куьг хьаькхи. Шен темех, цатемех лаьцна цо соь дукха дийци, Дисиний-те аьлла хеттал бухахь дийца кхин. Къеста ца беш хийраниш я сайна бевза-безарш, Хеда ца деш, гулдалийти ас и синойн тай. Ас сайн даг чу дIадийшийти ша массеран дезарш, Сайн гIо оьшуш мел болчеран хабарш суна тай. Даим суна уьш хазийта шаьш ма-дарра шера, Дала хIоттош хилла тийналла а лаьтта тIехь. Ас сайн иэсехь Iалашйийр ю массо урчакх шеран, Уьш сайн хьийзаш мел ю лаьттар ву со царна хехь. Амма сайн денош тIе хьерча боьлча шийла Iеха, Цкъа мацца а сайн дахаран суна гур чаккхе. Дала тIаккха дIалур ду сан иэсехь IаьIна эханг Дуьне шена тIе луьстучу маьлхан урчакхе... 1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#125 |
|
Вес репутации: 0 |
Амазонка,могу я тебя попросить об одном одолжении?ты не могла бы датировать стихи 1илмана,время их написания?Дела реза хилла хьуна!
|
|
|
|
#126 |
|
Вес репутации: 3 |
Селсат, в самом начале этой темы я писала, что тексты стихотворений Ильмана Юсупова я беру из его книг на чеченском языке. У меня их три: «Заманан мазлаг1а» (1991 год издания), «Доьналлин маьждиг» (1997) и «Иэсан г1у» (1999). Есть ли у него другие книги, я не знаю. Селсат, по-моему, по датам выхода книг из печати видно, когда примерно написаны эти стихи. Или тебе интересно знать, в какой год конкретно было написано то или иное стихотворение? Ларамца Эльмира.
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#127 | |
|
Вес репутации: 6 |
Цитата:
|
|
|
|
|
#128 |
|
Вес репутации: 0 |
Эльмира,так как у меня,к сожалению, нету перечисленных тобой сборников,я бы хотела узнать "в какой год конкретно было написано то или иное стихотворение".Заранее благодарю.с уважением.
|
|
|
|
#129 | |
|
Вес репутации: 3 |
Цитата:
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
|
#130 |
|
Вес репутации: 3 |
ТЕЗЕТАХЬ
Адам кхелхаш, лаьттахь хIутту син баррамал къелла: Са легийна довлар - парз ду кхиэлан дожарийн. Цхьана кертан доьзал тахана а бекъабелла - ЦIа чохь кадеш - зударий, ткъа, арахь - божарий. Хийла некъо дагахь доцуш кхуза голатуьйхи, Нах а бахьаш мухIажарийн куьце бирзина. Лула-кулахь са мел доIуш долчо Iаьржа дуьйхи, Бехха белха беза бIаьргаш бохуш берзина. Ламасташа говза дина дешнийн тускарш - цхьацца - ДIало кадам оьцучуьнга тIе мел веанчо. Бохам-хьаша лан тIелаьцна юьртан хIара цхьа цIа Собарх-лоьрах тешон гIерта шена хилла чов. Воно даI даьккхинчу даг тIе доIа дуьжуш деза, Доглазаран коьртехь IаьIа бIаьрхиш дарба ден... Мила хир ву ишттачохь шен бIаьрса дуьтуш теза, Шен а хир дуй хууш хилча тIаьххьарлера де? Къилахь хилча веллачуьнан даьгна дахар хьедар, Лохуш верасашна аьхна хиндерг весетал, Стаг дуьненчу ваьлла аьлча хилла хазахетар Дайн хуьлий-те цунна хIуттуш долчу тезетал?.. Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|