![]() |
|
|
#1281 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Сан шовкъаш гIайгIанан кIуьралахь къаръелла, Сайн цхьаллин кхерча ас тахкарна… Со-м воьду стигларчу гIаргIулех тарвелла, Пебетташ къоьжачу дахкарна. Со кхочур вац кхин хьо Iаш йолчу кIотара Хьан куц сайн бIаьрсица ловзадан… Со воьду, секх санна безаман Iодара, Йовзазчу йоьIан дог Iовжадан. Кагбелла сан кхоллам ма бетта зоьпара - Сан чов хьан дарбанах шекъяьлла… Со воьду, хIоъ санна йоккхачу тоьпара, Хьан деган дилханах чекхваьлла. Къастар а дели-кха вайга барт хаьттина. Хилла и дуьненчохь масанна?.. Со воьду, веллачун кийрара гIаьттина, ДегI дуьтуш, дIадоьду са санна. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1282 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Дуьне мел ду яьржи маьлхан серло, Сийна таж а дерзош лаьтта тIе. ТIома юьйлу ойла хьаьнга къерло Нохчийн махка дуссуш иштта де? ХIаваъ хьоьстуш цхьа мас-пелаг лела, Моьттуш ша цхьа нуьре седа бу. Шен-шен бос бу хIора бецан хелан, ХIора тIулган шен-шен илли ду. Лулахь долчу зезагашна къежаш, Уьду шовда - къоначеран теш. Чухчари ду етташ сирла кIежаш, Маьлхан цинцийн деши лехьадеш. Хета малхо шен зIаьнарийн тешца Хьун стигалца вовшахтесна ю. Берта йоьдуш лаьмнийн акъарешца, Къайла юьйлу сийна анаюх. Дуьне мел ду яьржи маьлхан серло, Цо сан синхIоттамна гIора ло. Хьоьх ен ойла дагах дIа ца херло, Хета даьлла ганза эзар шо. ХIинца яц сан шеко хьоьца девне. Йола сарахь шовда эца кIайн. Хетар ду хьо елаелча зевне Дерриг дуьне дола долу сайн. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1283 |
|
Вес репутации: 27 |
Езаче
Дуьненан тIулгаш тIехь екош сайн дахаран ворда, Хьан дегIан синтарна гуо туьйсу де-дийне ас. Цхьа къурд бен ца оьшу суна-м хьан марзонан хIордах, Цкъа лерса хьасттал бен ца оьшу суна-м хьан аз. Ма-хуьллу тийсалуш сингаттам олучу ломах, Сайн дахар такха со кийча ву хьан дагна хехь, Мотт Iоттал хьаса бен ца оьшуш хьан ирсан чомах, Ког биллал меттиг бен ца лоьхуш хьан ойланехь. ХIун ду ас хьан корехь зевнечу иллица хьабарх Сайн оьмар чехаеш, бегабен бIешерийн пен? Со оьшуш вац хьуна цхьа суй бен ахь ечу набарх, И суна тоьар бу къагабан хьан гIенийн бен. Мацца а йоьссича сан даг чу Iожаллин гIура, Сирта-тIай тIехула сан ваха дезар ду дIа. Со лоьхуш вац хьуна серло бен хьан куьйгийн чкъуран, Ахь доьIуш долчу син Iаьнарх со тоам беш Iа. Сан оьмар тIехьерчош, хьийзаш ю заманан сема, ГIеметта хIоттар а схьакхечи, оллийна цIом. Ткъа суна-м ца оьшу цхьа цинц бен хьан беснийн деман, Хьан баьргийн цхьа бIаьца тоийта хьожур ву со-м. 1илман Юсупов Языку 1илмана Юсупова в высшей степени присуще чувство меры, отсутствие лишних слов. Даже обычные слова в его стихах звучат как впервые сказанные.Любовь воспринята и воспета поэтом как светлая непередаваемая радость, подлинно возвышенное чувство. В этом стихотворении любовь – не источник страдания, а источник самой жизни, в которой человеку предстоит испытать и радость, и тоску, и печаль. Искреннее и гармоничное стихотворение,в котором так полно раскрывается широта души, доброжелательность и благородство 1илмана Юсупова. Хочется снова и снова перечитывать эти строки...
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1284 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Шерийн чкъурах зIаьнарш чекх а йохуш, Лепа суна бераллера седа. Батто шен хьонхалца стигал охуш, Хаьа цунна дог сан доккхадедан. Меттаххьедеш кхиэлан дашо терза МIаьргонашца тIехтиллачу хенан, Бераллера цхьа синхаам мерза Дагчохь даим бен бан гIерта шена. Олхазаран куьцехь тов-кха иза ТIемаш детташ тулгIенаш тIехь иэсан. Цуьнца цкъа а ма хуьлийла къиза Iаьржа дилха сан гIайгIанан хьесан. Лепа баьлча бераллера седа, Сан син оьмар шен серлонах хуттуш, Илли хIутту Iаьвшший дог сан хьедан Ирсан цIенойн кхин цхьа пен а буттуш. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1285 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Со маца вер ву-те ял текхна дIадаьллачунна? Де-дийне сан дагах туьйсуш Iа лазаман церг Гинарг а, хезнарг а, зеделла хилларг а суна, Со дуьхе ца кхуьуш, дисина мел хилла дерг. Суна сайн дахарехь ца гина хиламийн къелла, Азаллин кхолламо сайн дагна хьийзаеш гел, Баланийн гIалартех со вац-кха дIауьдуш лелла, Бохамийн тохарша со цкъа а ца ваьхна пел. Хьалха ма-иддара, уьдуш ду хIинца а шераш, Месашлахь совдохуш хаддаза шайн дато теш. Ткъа, наггахь буьйсанна ягаръеш стиглара цIераш, Жимделла хетало седарчийн горга туьтеш. Кхетамна Iаткъаме бац хIинца шеконийн гIаттам, Езачо лелош дерг дацахь а тешаман гIагI. Оьмаран маьIнех со кхеттехь а, ца кхийти атта-м, Мел герга лестахь а кешнашка дIакхелха рагI. Суна ган ца йоьгIна дуьненан тIаьххьара овкъарш, Маьргонийн хи юха доьрзуш а ца доьгIна ган. ХIетте а, кхин самаевр йоцу сайн хилла шовкъаш Дага мел яьхки а, дог хIунда Iийжа-те сан?.. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1286 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Бесарчу хетарийн Iехаме туьйра, Суна букъ берзийна, хьо-м эрна лаьтта: Ластае суна хьайн марзонан куьйра, Луо суна цхьажимма са хьандан даьтта. Лаамийн боьранахь, дохк хилла, йижахь Сан шерийн чкъура кIел мел лаьцна шеко, ДIалакха сан ирсан хелхаран йиш ахь, Со хьакъвеш ойланийн геманаш еко. Езачун кIажарша вихкинарг хийла Беттасин кираша кIайбинчу ломах, Шовкъан гел идийнарг син гуо тIекъийла ТIаккха бен кхетар вац хьан вастийн чомах. Дахаран хьашташ а, кхолламан буьйр а Со далон ма-хьаьжжи вовшашца уьйре, Сийлахьчу хетарийн дош говза туьйра, Iехае сан ирсан буоберийн гуьйре! Мацца а ларор хьо къа латор лара-м Иллина вирд даккха Iемина со гар. Дала а богуьйтур бац хьуна хьарам Ша хIокху сан кийрахь латийна стогар. Цо иза, милт къайлаяллалц, чуузуш, ТIаьххьара къегича бIаьвнаш сан деган, Наха мах хадор бу, соьгахьа узуш, Юсупан Iилман цIе хиллачу стеган... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1287 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Самсабохуш тишбеллачу сан лааман бен, Хьо хIун деха йоллу соьга олхазарал къечу? Со да волуш хIума дац-кха деган тIемаш бен - Эрна гIерта хьан сибат сан хьиэ чу... Охьаэгна сан ойланийн диттийн тIома гIаш, ХIинца ву-кха со цундела Iаьнан хьуьнал беркъа. Кхин дIа хьекъа лууш дац сан шерийн гIура кхаш - Сатийсамо церан хьукма дер-кха... Оццул йоккха хилла йолчу цIеран цхьа а суй Кара-м ца бо кийрахь, «хIуп» а аьлла, меттаххьабан... Хоьхкуш ю-кха, говрах тарбеш, шен хийцамийн нуй ХIара зама - къена жоьра-баба... Лаца цхьа а тIам а боцуш, сайн сагатдалар Хьан дог деттадалар санна, соьга лалахьара Ялсаманех тера дар-кха хIара миска Iар - Ша ма дойла суна Дала хьарам! Хьан хьадалчаш дуй а хууш беттан IиндагIаш, Царна там ца балуш, йоьлху сан лааман къелла: Цхьаллин некъийн шаш тIехь муха лелар ву со гIаш Деган тIемаш хьуна дIа а делла?.. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1288 |
|
Вес репутации: 27 |
ГУЬЙРЕ
Сийна бос дIабала гIерта анайистан долара, Iаьржа тIемаш дIадаржийна стигал тебаш лаьттана. Цхьа шатайпа хецаделла хIинца механ болар а - Синтем боцчу сеаларшна цуьнан каде Iаь тайна. Генийн цIендарш гучудуьйлуш, азлуш йолчу хьаннаша Шайн гIадожарх къа хьарчадо диттийн массо шабаран, Ойла лакъош, суна бала барна кхоьруш санна ша ТIеян сиха йоццушехьа зама хина шабаран. МогIа-чIу а Iуьттуш, цIанйо ас сайн деган туьнкалгаш, (Собар кхаччол са ца тийсарх шийла денош дахкаре), Мажъеллачу баца тIера тхин кIайн-меда зуьгалгаш Йох ца елча бамбанал а кIеда долчу дахкаре. Со-м Iа лоьхуш оьгуш долчу гIашка ала кIедо дош, Царна ца моттийта къинхетам сайн меттан къийбелла. Даймахкана ямарт хилар (синош дезахь) тIедожош, Олхазаршна бале дуьйлуш мисарболат къилбенан. Цо тIеийзо шайн ойланаш тIома-акха йийларна, Уьш дIаоьху, бIаьран хишца Делан хIора де дуьлуш, Шайн баннаш чохь юьсуш йолчу мас-пелагийн йийбарна Шайна тIера сагIа хилла Iаьнахъялар тIедуьллуш... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1289 |
|
Вес репутации: 27 |
Олхазарийн тхьамдане
Iоман хин бIаьрга тIе шелоно лацале ша, Жутт гIатто деза хьан, хIоттаеш и хьайна тIаьхьа. Деза хьан бовхачу мехкашка и йига дIа, КIорнешна доладеш, хьайн лазар иэшадеш къаьхьа. Мехашна дуьхьало ца яло баннашка шун. Ялта ца карадо лайно дIахьулдинчу кхашца. Шуна кхин бацо ца хIиттадо тхин сирла шун. Шун зевне эшарш а кхелхина эгначу гIашца. Дийцахьа, ахь муха кхетор ю хьайн хьоме жутт, КIорнеш дIа йигаран кепех - хьо цхьаьна ца хилча? Дийнахь малх ца кхетахь я буса д1абуьзча бутт, Цара х1ун дан деза стигалахь шаьш некъах тилча? Ахь халла гIаьттина, тасур бу лохха цхьа гуо. Iодика ярца, ахь тухур ду тIаьххьара тIемаш. Юькъачу мархашлахь лалур дац хьоь шийла хIуо: Хьан аьрру тIома кIел лазар ду хьо эшон Iемаш. Ма-хуьллу г1ертахь а хьомечу к1орнешца тIе, Кхолламо лекхаллехь цхьа меттиг буьтур бац хьуна… Лаьтто тIеозийна, хьан цаьрца хедар ю зIе. Хьан мохь ма хазийла шен доьзалх мел хаьддачунна... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1290 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Чехош сайна гIо дан гIерта хIилла Шалха дуьйцуш, корта хьовзо хьан, Лийлирий со-м атта жоп а хилла Чолхе доцчу хIетал-металан. Цхьалха дохуш бIостаналлин маьIнаш, Кхочушдора ас хьан хIора буьйр. ХIетте а, сан даг тIе огуш даьIнаш, ДIахадийра ахь вайшиннан уьйр. Суна хиъна хиллехьара хIеттехь Безам леш буй къайле йоцчу меттехь... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|