Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 18.08.2008, 16:05   #1261
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Сан дегайовхо

ЛагI ца ло мукъам сан дагчуьрчу эшаран,
Гуьйрено хийцарх а Iаламан куц.
Со кхетар вац-техьа тийналлех эсаран,
Детица кхелича цо можа буц?

Хьун а ю палтуьйсуш тIаьххьарчу шен гIашца,
Эххар а хIун хир ду ца хууш сох.
Некъашца маьI-маьIIехь Iохкучу нехашца
Ларош хир бац-техьа гуьйренан мох?

Замано латтайо, шех говза пхьар хуьлий,
Лаьттаний, стигланний юккъера зIе.
Ца тосуш Iийр яц-те тобанаш гIаргIулийн
Бух боцу сингаттам сан дагна тIе?

Дей-буьйсий хийцало – заманан терзанаш -
Царна тIехь герканаш - сан хIора шо.
Ца хабош ца Iар-те дахкаре дерзанаш
Сан кхиэлан коьртара массо а чо?

Абадехь тахане селхане санна ю…
ЗIаьнаршца къагадеш ламанан дукъ,
Можа малх чубузуш цIелетта анаюх
Ца тосуш ца Iар-те сан кийра юкъ?

Махкана тешамна ас йинчу чIагIонна
Ца бетта муьтIахьчу иллеша пе.
Сан къоман кхетаман таьптаран агIонна
ТIехь юьсур юй-техьа, ванах, сан цIе?


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 18.08.2008, 21:35   #1262
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Деган маргIалш хено кхадар суна-м сане даьлла:
Велавалар зевне дуьйлу, ойла сирла ю.
Деба амал лаьцна долчу шерийн гу тIе ваьлла,
Со-м Iа, бIаьргийн йийсар йина сийна анаюх…

Ца гуш хIун ду хIоккхузара! Гу ца хилар боккха
Эшам бу я толам бу сан хууш вац-кха со:
Буьххье ваьлча, мархаш юккъехь садаккхалац доккха,
Гу лахенехь паргIатваьлча, анаюх ца го…

Баххьийн хIуно садукъдарх а, анаюх ган хьаьгна,
Къарбан лууш шерийн тIеттIа лаккхабуьйлу гу.
Аьчган мIараш туьйсуш, шерийн букар басеш аьгна,
Шерийн гунан когашкара вог1уш верг со ву!..


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 18.08.2008, 21:35   #1263
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Тийжа хIутту можа назма беттан
Седа бахча лаьттан махка маре.
Хьо - мох бу сан кор а тоьхна, бедда,
Ткъа, со - махах хьаьгна тевнан аре.

Карзахечу сайн дустарийн тидарш
Мел лаарх а суна хьох ца акха,
Ахь лелийна моттаргIанаш-пхьидаш
Сан гIайгIанан уьшал екош Iа-кха.

Сан сих йин ахь шовда лекъна меттиг,
Сан бохбелла лаам хьогах буьтуш...
Седарчашца беттан юкъаметтиг
Хьуо а хилахь тховса цхьаьнхьа туьдуш,

Са ма тийса мархийн белхар тере -
Хьох ца теша цуьнан цхьа а чIикъ а:
Шина декъе декъна уьйран шерет,
Ахь безаман весет доха ди-кха...

Ойла хьоьжу сингаттаман кеда,
Лууш цунна чуьра лазам Iийша...
Лаьттан махка маре бахча седа,
Беттан можа назма хIутту тийжа...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 18.08.2008, 21:36   #1264
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Байттамал

ЗIугано кхор лоху уггар а хилларг.
Баппано яржайо шен къоьжа кана.
Гена а далале селхана хилларг,
ХIинцца дерг чехадо хиндолчо кхана.

Уьшал чохь пхьид ека, шен гIайгIа иййеш,
Шен дайна ирс лоьхуш эрзашна юккъехь.
ДIайоьлху мIаьргонаш – аланза иллеш,
Байттамал дуьтуш сан къоламна юххехь.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 18.08.2008, 21:37   #1265
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Даймехкан гIаролехь хан йоккхуш сема,
Бухтоха кийчча Iаш кхерамаш тIеман,
Букъ тIехьа лоьцуш шен дай баьхна кхерч.
Даггара вецаш шен халкъана, цIийнна,
Ша хьанал даьккхинчу рицкъанан сийнна
Лоьруш шен куьйгаш тIехь мел кхиъна берч,

ДагтIера дIайохуш стешхаллин гIоьмаш,
Даггара кхиош шен ойланийн стоьмаш,
Поэзин дитта тIехь кходуш шен га,
Цхьа маьIна билгалдеш, кхоллалахь шеко,
Майрра бIобулуш шен иллин аз деко,
Дош кхуллуш, дошамах ца етташ ка,

Вар-валар гайтаран терахьийн йоза,
Кадолуш шен байтийн терзанахь оза,
Шен дагалецамаш абаде хьош,
Халонех чекхвуьйлуш, ца лиеткъаш цкъа а,
Шен юьхь тIе ца юллуш туьтмIаьжиг цхьа а
Верг ву-кха хьакъ ала Даймахках дош…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 18.08.2008, 21:39   #1266
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Хии суна, бес-бесарчу ойланашка вуьйлуш,
Дуй хьан амат сан дахаран цхьа шатайпа кица.
Цуьнан ховха маьIна дац-кха сан кхетамна къуьйлуш,
Ас и айса тегна дела догуш долчу сица.

Некхан бердаш хьоьстуш, доьдуш ду хьан месийн татол,
Нека хууш доцу бIаьрса хьерчош шена буха...
Хьайн беснешца алу хилча дуьне довха латтол,
ХIунда дуцу ахь сан лаам бехка эхьан чуха?

Синхааман гIушлакхе хьан дегIан малхах хьоьгу -
Цхьа а марха тIехь а йоцуш, кхетар бу и маца?
Цхьаллин баьрччехь кхозучуьра сан син текха оьгу
Ахь седарчий лийса кхехьна сатийсаман цаца.

Синпхенашца ас тIедоьху сайн синметте хьарча
Ховхачарех лаьхьарчий - хьан дегIан горга сизаш...
Хьо гуш юй ас хьайна йина мукIарлонийн ларча
Иркено тIе суй а тесна, сан балдаш тIехь сийсаш?..

ГIенашкахь бен дист ца хилла хьоь сан эвхье дехарш.
Уьш а шовкъан уьрсо дагах даьхна цастарш ду сан...
Сан безаман малик ду хьан юьхь-сибат тIехь дехаш,
Дола яккха ца хIуттуш хьан бIаьргийн сийна хIусам...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 18.08.2008, 21:41   #1267
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Маццалц дезар ду-те кху сан деган пекъаран
Шен йовхонца моттаргIанаш кхаба?
Цхьа а доза дац сан дагахьбаллам хьекъаран,
И-м ца боллу сан ойланех Iаба.

Суна кхечи, жамI а хилла дуьне эккхаран,
Хьан аматех юьзна иэсан кхаба.
Ас хIетте а пусар ца до сайн син текъаран,
Етташ цунна сайн юьхькIоман ваба...

Амма карзахбохуш иллийн хIора могIа сан,
Ловзаюьйлу шовкъийн IалагIожа-м...
Цхьаьна барт бай даккха вайша цхьаллин мокха са,
Сатуьйр дар-кха тIаккха кхиэлан кхожан.
Ши суй хилий вайша цхьана ирсан мокхазан
Кхин цкъа баго шерийн шийла кIожам...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 18.08.2008, 21:42   #1268
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Чехош сайна гIо дан гIерта хIилла
Шалха дуьйцуш, корта хьовзо хьан,
Лийлирий со-м атта жоп а хилла
Чолхе доцчу хIетал-металан.

Цхьалха дохуш бIостаналлин маьIнаш,
Кхочушдора ас хьан хIора буьйр.
ХIетте а, сан даг тIе огуш даьIнаш,
ДIахадийра ахь вайшиннан уьйр.

Суна хиъна хиллехьара хIеттехь
Безам леш буй къайле йоцчу меттехь...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 18.08.2008, 22:08   #1269
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Нохчийчоьне

Хьоьга безам – сан ойланийн чилла -
Набарзаллин буьйсанашлахь IаьIна.
Сан Нохчийчоь, суна бехк ма билла:
Со Iамийна ваьлла вац хьан маьIна.

Iилма хилла даьржина-кх и Лаьттахь,
Талла ваьлча тоьар доцуш дахар…
Со мел веха хьан токхечу хьаьттахь,
Цхьа а ойла хир ма яц сан Iахар.

Хьоь сан безам – Делан Iаршан кхоллам,
Беттан серло - седарчашлахь деба,
Байташ юцуш, марсабаьлла къолам,
Можа малх - хьан лаьмнаш тIехьа тиеба.

Ас тIелоцу хьан хьехам а, кост а,
Хьоьга кховдош сайн иэшам а, зовкх а.
Денна мийларх ас хьан шийла хьоста,
Хьоьх со хьогах хилар дIа ца дов-кха.


1илман Юсупов


Любовь к родной земле- мерило нравственной ценности человека.Превыше всего для 1илмана Юсупова привязанность к родной земле, так как она дает силу духа и мысли, доброту и терпение, чис*тоту и честность, искренность, чувство прекрасного.
Любовь к Родине не предмет анализа или обсуждения. Если есть у человека Родина- будет и жизнь. Нет ее-нет ничего. Именно с присущим ему чувством патриотизма свою любовь к родной Чечне очень точно выразил в этом стихотворении 1илман Юсупов.
Дала ма эша бойла Нохчичоьнна хьо санна болу къонахий,1илман!
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 19.08.2008, 11:11   #1270
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
ХIун го хьан гIенашна, тIееъча догIане буьйса:
ТIуьначу дахкаран бамба я боьлакаш куьйса?

Iенаш ду тIадамаш – олхазарш дегадо милла.
Доьлхуш ду олхазарш – чуоьгу седарчий сирла.

ХIун боху хьан даго гуьйренан догIанаш хьоьлхуш,
Шелделла Iалам а хьийзачохь карзахе доьлхуш?

ТIадамаш дегадо – олхазарш дIакхелха лаьттахь.
Чуоьгу олхазарш – тезет го седарчийн хьаьттахь.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.