![]() |
|
|
#1201 |
|
Вес репутации: 3 |
Сан байташ
Дуьненан буйнара бIешеран аьлха Яккхахь ас, ирдан сайн оьмаран хьекъал, Сан байташ, хIуш санна токхечу маьлхан, ДIахIуьтту сан деган ардаш тIехь хьекъа. Со юкъагIоьртича шеконийн девнна Царалахь машар бан тешамна гергахь, Сан байташ, чIийш санна, дог хьокхуш девлла, Халбата ховшу сан безаман цIергахь. Мархех дIацIандина седарчийн хьаьвда, Маршонан мох беъча сан лерехь бека, Сан байташ, хиш санна, лам бешаш хьаьвдда, Диканца зиэн гIерта сан деган нека. Дош суна карийча хIинццалцца хьегна, БIаьргашна ган а гуш, и даьлча анда, Сан байташ, гIаш санна гуьйренца эгна, Кечло-кха сан меттан саз-латта хьандан. Бендацарх дин дина Iар суна доьхкуш, Иэс даьлча Ригахойн к1отара леста, Сан байташ, дой санна мохк мел бу хоьхкун, Хьакъ хуьлу нохчочун дог-ойла хьеста. Са тоьгуш сайн къоман амалан теца, ГIуллакхаш тоьхча ас гIиллакхийн кепа, Сан байташ, тхиш санна баьццарчу бецан, БIаьвнаш чохь яьгначу серлонгахь лепа. Со хенан букарчу басах чушаршахь, Цхьа а церг арт ца еш сайн иэсан херхан, Сан байташ, сеш санна Даймехкан варшахь, ГIум-Азехь дисинчу кешнашка гIергIа… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#1202 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
КIордийна сан дагна ял йоцуш дага, Лаьтта тIехь ког баккхар тIам тохар хеташ. ГIайгIано тахкийча ойланийн ага, Кхачий-те сан дегайовхонан хеттарш? КIордийна сайн цхьаллин набахтехь валла, Маршо ган йиссина мIаьргонаш лоьруш. Сайн цIена ниййаташ гуш хилча Далла, Со хIунда ву-те сайн халбатах кхоьруш? КIордийна сайн гIенийн дахкарлахь лийча, Тийналлех тешийна набаран гIовла. Шеконийн иэс лардан суо хилча кийча, Со хIунда гIерта сайн синков дIакъовла? КIордийна къежбан сайн ойланийн бода, Шеретан дарже а баьккхина иза. Сан оьмар – секх ду-те кхолламан Iодан, Я адам ду и - цо лазийнарг къиза? 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1203 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Мила ву сан кара биллинарг къолам, Кехатах тешабеш сан дешнийн болам, Байташка дерзадеш ойланийн сур? Хьан баьккхи синтем а сан дагна гена, Хьовзабеш сан кийра сингаттам къена, БуьйгIуш сан безамна шеконан гур? Хьан самадаьккхи-те Iинчуьра татол, Ца хилларг юьхьанца чемхалг а даддол, Тахана ахка шех хилла Iаш дерг? И хеттарш дуьссуш ду жоьпаш а доцуш, Уьш Делан омранна кIел хилар дотуш, Уьдуш ю хан-зама, етташ шен берг… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1204 |
|
Вес репутации: 27 |
Воккхачу стаге
Хьан деган хуттургех дIалетта шираллин энаш, Ах-сема хуьлу хьан къоьжачу ойланийн наб. Лазамийн шелоно гIорош шен экаме пенаш, Сиркхонех хьеший бан Iемина хьан дегIан гIап. Дахаран хьашташа бос биъна юьхь-сибат огуш, Хьан иэсан Iинчуьра схьахьоькху хебаре мох. КIайн корта - чиркх бу хьан къаналлин буьйсанехь богуш, Серло а ца лучу цо муха вийр ву хьо вох?.. КъорIанна юккъехь хьан весетан кехатан косташ Суранийн доьзалх шайн къайленаш тешийна Iа. Некъашца тIаьхь-тIаьхьа жимделла хьан ларийн хIосташ Дуьненан букъ тIера ма дойла кесталгIа дIа. Оьмаран йист лаьцна лаьтташ ду хьан шерийн маьIна, Кхалхазчу уьйраша гIорасиз гIортораш еш... Шена чохь ойлано сийсаден жамIаш а IаьIна, КIур тийса хIоьттина хьан дагалецамийн пеш. Цхьалла бен теш воцу сингаттам хьайн байбархьама, Кхетамна дарба деш, сих-сиха ахь доIа до... КIентан бер ду моьттуш хьайн денош ловзаден зама Лехначу голаш тIе и хийшо марзвелла хьо... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1205 |
|
Вес репутации: 27 |
«ДЕГАН ЦАСТАРШ» цикла юккъера
*** Батта тIе хьаьрчина мархийн бой хоьтуьйтуш нилха, АллахIа сий до-кха серло схьайолучу дуьхан: Буьйсанна талха ца талхийта стигалан дилха Цо говза хьаьрсина цунна тIе седарчийн туьха…. *** Ца гин хьуна, бат а сеттош, эладитта къажар, Цо хьайн тешам шеца бижор, тесна тIе кетар?.. И гиначу суна хили — лаьтта малх ца хьажар, Анайистан керт а кагъеш, стигал тIекхетар… *** Зовкхан дуьхьа ша дуьненчу богIуш таттабелла, Сан безамна-м ца хаьарий шен хIун кхиэл хилла: КIожам хиллалц сингаттаман куьркахь ваттавелла, Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1206 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Со маца вер ву-те ял текхна дIадаьллачунна? Де-дийне сан дагах туьйсуш Iа лазаман церг Гинарг а, хезнарг а, зеделла хилларг а суна, Со дуьхе ца кхуьуш, дисина мел хилла дерг. Суна сайн дахарехь ца гина хиламийн къелла, Азаллин кхолламо сайн дагна хьийзаеш гел, Баланийн гIалартех со вац-кха дIауьдуш лелла, Бохамийн тохарша со цкъа а ца ваьхна пел. Хьалха ма-иддара, уьдуш ду хIинца а шераш, Месашлахь совдохуш хаддаза шайн дато теш. Ткъа, наггахь буьйсанна ягаръеш стиглара цIераш, Жимделла хетало седарчийн горга туьтеш. Кхетамна Iаткъаме бац хIинца шеконийн гIаттам, Езачо лелош дерг дацахь а тешаман гIагI. Оьмаран маьIнех со кхеттехь а, ца кхийти атта-м, Мел герга лестахь а кешнашка дIакхелха рагI. Суна ган ца йоьгIна дуьненан тIаьххьара овкъарш, Маьргонийн хи юха доьрзуш а ца доьгIна ган. ХIетте а, кхин самаевр йоцу сайн хилла шовкъаш Дага мел яьхки а, дог хIунда Iийжа-те сан?.. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1207 |
|
Вес репутации: 27 |
Къиза грамматика
Зевне могIа сацабо вай, тIехьа тIадам буьллуш, ДIо Iаьршашка гIерта иза, ца кхочуьйту хьала. Дешдекъана тохар кхетта, дош лазийна Iуьллуш, И балдашца хьалагIатто ду-те вайна хала? Лаьхьанан мотт санна, гара цIоьмалг юккъе юьллий, Дешнийн доьзал шина-кхаа декъе боькъу къиза. Вас а кховсу цхьа элп жима, важа доккха дуьллий – Ненан меттан син нийсоно муха ловр ду иза?.. Цхьацца хьаьркийн хIосташ дарца, дешнийн совраш талхош, Ирбеш барта кхиъна уьш а дола дерзо лаам, Ирзе санна, ширделлачу дашо узам балхош, И ца хаззал, бустийна вай экаме синхаам?.. Дожарш хьийзаш къар ца дела дешнаш ма-ттов легош, Церан лоллех уьш а азатдаха вай хIун дина? Чекхдовлазчу могIанаша цIийн тIадамаш эгош, Вайна юккъехь цхьа а вуй-те велха церан къина?.. Дешнийн готта набахтеш ю – гонах лаьцна къовларш, Нохчийн кIентий, хан ма кхаьчна уьш дIаелла каде: Цалезначух ма ячийта дIадаьллачун кхоларш, Лезнарг ца лезнера алий, мукIарло а ма де… Ойла ейша жимма: шек а доцуш хьоькху хIунда Дохош дешнийн доттагIалла, царна юккъе сизаш? Хаттаран а, айдаран а хьаьркийн ший а мунда Меттан бешахь ма латтийта – ма ларбайта иза!.. Бита хIинца, денбалийта, зиэрехь бахчабелларг, ХьогIан бIаьргийн баролаша къедон герзаш гинарг, «Къаьмнийн дадас» лоруш хилларг дакъа доцуш белларг, Ненан кийрахь волуш дуьйна шена со вилхинарг... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1208 |
|
Вес репутации: 27 |
***
МаьркIаженан IиндагIашна пхьор дан лиъна мерза, Мархийн маша боза хIоьтти беттан дато гезг… Ма галдала кийча хилла синхIоттаман терза, Деган дургал лиэша яьлла, сагатделча кIеззиг. Ма галдала кийча хилла синхIоттаман терза, Беран мIаьррал дагахьбаллам оза дезча шен. Туьгуш дац-кха дегочуьра иза юхадерза: Уьдуш лела синан цхьамза лууш бац-кха тиэн… Туьгуш дац-кха дегочуьра терза юхадерза, Шовкъо дабагIдина деган хIуо дIатийннашехь… Мархийн маша нилха болччухула схьа а къерзаш, Седарчий ду серло оза гIерташ цунна тIехь. Мархийн маша нилха болччухула схьа а къерзаш, ТIеттIа язло Чухчахьеран сирла герканаш… Буьйса-пондар хьедан йолу шен IиндагIаш-мерзаш, Улле охьахийшош иллеш – уггар гергарнаш… Буьйса-пондар хьедан йолу шен IиндагIаш-мерзаш, Цаьпцалгаша Iома йисттехь аьзнийн чиркх латош… Ойла-баргол хадош, хезна геннахь говраш терсаш, Кийра батIош, араоьккху уггар йоргIа дош. Ойла-баргол хадош, хезна геннахь говраш терсаш, Нохчийн аре екош, боьду и сан оьзда дин. Ненан меттан аьлха хьоькхуш, ирдеш бIаьрса, лерса, ХIинццалц къуьйлуш хилла архаш ас а дIамалйи… Ненан меттан аьлха хьоькхуш, ирдеш бIаьрса, лерса, Толлу ас сайн мукъам денбен башха сатийсам. Наггахь синна сиркхо тосаяларх кега-мерса, Кхиэлан кхерчахь хан ягорах, цIийн кIеж ца тий сан… Наггахь синна сиркхо тосаяларх кега-мерса, Дерташ доцу заза лепош ду сан ирсан га. Гуттар хир ма бац сингаттам йочане тIесерсаш, Цуьнан цхьа а зирх-тIадам ма болда Iуьйренга!.. Гуттар хир ма бац сингаттам йочане тIесерсаш, Деган дургал лиэша яьлла, са тIундаларх кIеззиг. Меттадан а герга ма ду синхIоттаман терза, Мархийн маша боьзна яьлча беттан дато гезг… 1илман Юсупов |
|
|
|
#1209 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Цхьаьна кхета вай йиллинчу меттехь Дарц а кеста дIатен герга ду. Лайно шуьйрра баржийначу меттахь Хехо санна, лаьтташ поп а бу. Суьйрено а, шеллуш, коьрта тилли БIаьргаш хьулдеш, мархийн Iаьржа куй. Хьо йогIу некъ цIанбеш ду сан илли, Эзар дош ду лайла хьоькхуш нуй. Лаьхьа санна, лайн цхьа еха аса, Шок а етташ, текха лаьтта тIехь. Амма бовха синхааман хьаса Даго дохлуш, латтабо шен гехь. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1210 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Стигал а къанлуш ю, къежделла седарчий Iенош, ГIерта и жимъян шен къорзачу юьхьтIера кIац… Эрна ду чот етташ, дагардар дахаран денош: Хьесапан Да волчу Делан бен уьш карахь дац… ВогIу со тIаьхь-тIаьхьа гIелвелла, цхьацца ког боккхуш, Уьдуш ас яьккхина хиллехь а къоналлин хан. Соьгара бакъо ца эшна со дуьнентIе воккхуш, Соь хоьттуш хир дац-кха эхарта вахар а сан. Мацца а, юьхь-чаккхе йоцучу новкъа со ваьлча, Со шайца вац бохуш, ма хила гIайгIане шу: Махьшаран майданахь къематан де серладаьлча, Шуна со массарна юха а ган воьгIна ву… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|