Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 07.08.2008, 19:25   #1141
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
***
Юьхь тIехь хазахетар-бIаьсте яьлла
БIаьргийн-диттийн ма самалхадаьлла!
Царалахь цхьа суйнаш лепа хаза -
Безамо бен хьоьстуш доцу заза.

Даг чу халахетар-гуьйре йоьлла,
БIаьргийн дитташ цхьаллин махах доьлла.
Церан меда бIаьрхиш, лаьтта оьгун,
Стоьмаш бу шайх гIайгIа бен ца хьоьгу.

ХIора синхаам сан хьаьвза готта-м,
Лохуш шена тайнна хенан хIоттам...


1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 07.08.2008, 19:33   #1142
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
***
Лаьтта йоьжна, даг чу тили
Бузуш болчу маьлхан мекха.
Сагатлуш, ас аьлла илли
АстагI лелхаш, бай тIехь тиэкха.

Бай цо ведбинехь а, хьешна,
Хир ма дац и иштта къиза-м:
КIирделла хьо яре хьежна,
БIаьрса дайна лелий иза-м...


1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 07.08.2008, 19:36   #1143
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
***
Хьан нускал - синтар ду безаман бешахь,
Къоналлин заза ду - кIайн гIабали.
Ирсан стом латор бу цо хьуна эшахь,
Шен орам бIаьрхиша цкъа хьабале...

Тахана-м, тешийна кирхьанах-Iуьнах,
И синтар хьайн дола дерзийна ахь.
Нана-дитт хуьлийла-м дац хьуна цуьнах
Хьан деган лаьтта тIехь мохкалла дахь...


1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 07.08.2008, 19:38   #1144
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
***
Хьо ма гIерта шело йоьлла ала
Жимма лайн чим тасарх лаьтта тIе:
Кийча ву со деган цIарца кхала
Хьуна гIура яхьаш догIу де.

Со-м ца хIутту арахь тов ю ала,
Хьан ши бесни жимма цIийяларх,
Хууш, IиндагIа деш орцахъяла
Кийчча юй хьан деган шийла тарх...


1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 07.08.2008, 19:52   #1145
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
З. Д.

Хьан кIажарш тIехь шаш ду беса,
ЦIоцкъамаш тIехь кIац ю кIайн.
Хьан бесни тIехь лайн чим беша -
ХIинца-м цуьнан лар а яйн.

Ткъа исбаьхьчу месийн деши
Беттан нуьрехь цIиндели.
Хьан бесни тIехь лайн чим беши:
Дорцан эскар жимдели...


1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 07.08.2008, 20:00   #1146
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
***
Хьан куц ду - безаман товха
Сан кхиэлан оти чохь йина.
Сан хьажарш - чIийш ду-кха ховха
Чим хила ас векалдина.

Бодахь хьан бIаьргийн ши кIега
ГIайгIанан овкъаран баса,
Церан ницкъ хилийта къега
Дог ду сан царна тIетаса.

Сайн кхерчахь цIе мел ю летта,
Ас къастар дийр дац-кха сетта...


1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 07.08.2008, 20:55   #1147
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Суна хIинца Iемина цхьа хIилла,
Хьоьга сайна ца беттийта пе:
БIаьсте яьлча, Iожан заза хилла,
Оьгур ву со хьан месашна тIе.


Ткъесан нуьрехь, тарлуш хьочан генах,
Аьхка аса-м тухур ду хьан кор.

Гурахь ван а хьожур ву со гIенах,
Бахьаш хьуна сатийсамийн мор.

Амма Iай, хьоьх гIайгIа яьлча хьерча,
Дагчохь санна, арахь угIуш дарц,
Хьаьвзаш хьан бIаьргашчу кIуьрах кхерчан,
Хьожур ву ахь бIаьрхиш туьдий харц.

1илман Юсупов



Каждый раз наслаждаюсь не только выразительностью художественных образов и красотой родной языка, но и мудростью мысли 1илмана Юсупова.
В лирике поэта раскрывается вся его личность, его характер, его душа, отношение к окружающему миру, его мысли и переживания.
Поэзия 1илмана глубоко проникает в душу, по крайней мере у меня это именно так, способствует философскому осмыслению мира, придающее стихам поэта общечеловеческое, я бы даже сказала высоконравственное значение.
1илман,твои стихи освещены разумом,чистыми и глубокими чувствами.
Дела реза хуьлда хьуна за возможность окунуться в этот мир.
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 08.08.2008, 13:41   #1148
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Белхош цхьаъ бен боцу орам-эвла,
Генаш санна, вай ма херадевлла.
Шен-шен лахьорч хеташ уггар сирла
ХIора веха эттамаьIиг хилла.

Амма чартийн махка доьду тача
Лууш ду вай вовшийн тIеттIа кхача;
Цхьана ханна йицйой дегнийн волла,
Схьагулло вай… велча цхьаъ дIаволла.

Сийлахь барт, вайн дайшлахь маьхза лелла,
ХIунда оьцу оццул мах а белла?


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 08.08.2008, 13:42   #1149
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Хьаннашца дов дели гуьйренан мехийн,
Дохк йижи лаьтта хьан йовлакхал сира.
Ла ца ло аьлла сан Iиттарийн мехий,
Вайн уьйран мохь охьабилли ахь гира.

Дегаллин гIалатах хьо кхето санна,
Хьан лерехь шабарш деш оьгучу гIаша,
Бух болуш баккха бехк ца хили сан а,
Дохко а яьккхина, хьан ойла хьаша.

Со йохьах ца вуьйхи, ца вуьйжи гора,
Ахь чIагIо ца йохий, ца хийци дош а,
Боггушехь шелбели хьан бIаьргийн кIора,
ХIаваъо дIаяьхьи хьан месийн хьожа.

Вайшиннах цхьаммо а ца ийци пайда
КIеззигчу хенах а Iодикаяран:
Хьуна а ца хии вай къастар дайдан,
Суна а ца лии кхин дахдан хIара.

Стигалахь пхьоьхане гулъели мархаш
ЭтIачу сан даг тIе шайн туьха таса...
Орамаш телхина вайн уьйран маргIалш
Бухдаьхна довллушехь, къаьсти вай дIаса...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 08.08.2008, 13:44   #1150
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
СОНЕТ

Аматийн зазашлахь, баI санна, къеста
Шераша сан юьхь тIе даржийна йоза.
ХIетте а, хьан белшийн зезагаш хьеста
Лууш бу сан куьйгийн ши накхармоза.


Азаллехь кхаж баьлла сан даг тIехь леста
Безаман пачхьалкхан байракх ю хьо сан...
Хьан марзо кхачийна со висахь кеста
Реза ву со Лаьттан букъ тIера восса...


ЦIеххьанчу Iожалло куьг кховдош деха,
Син серло дIаэцча сан бIаьргаш чуьра,
Сох дуьсур долчу кху дуьненан меха
Хир бацахь, езар, хьан сингаттам дуьра,
Битахьа хьайн куьце къин сагIа деха
Цхьа лаам сан шовкъан тIаьххьарчу муьран
...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.