![]() |
|
|
#1131 |
|
Вес репутации: 27 |
КАРЗАХЕ БЕЗАМ
(сонетийн кочар) I. Ма хета ас дуьйцург цхьа кега-мерса, Ма гIерта цунна тIе бендацар таса. Шортта хьагI хиллехь а дерзах тIесерса, Хьан куьцан цхьа а сиз ца даьлла баса. Ма-дарра кIайн ду-кха эзар шо хьалха Азаллин цIу хилла хьан юьхь-сибат а. Къоначу хьан некъан массо а пхьалгIа Сан дагтIехь тусуш ю хьан когийн тата. БIов хаьрцаш яьллачу гIовгIанах тера, Ас дина мукIарло хьийза хьан лере. Барташ луш куьйгашна хьо йинчу шеран, Ловзуш ю хьоьца сан кхиэлан тIекере. Доь доцуш, атало массо а къа сан, Хьо цхьаъ ю аьлча ас дуьненал хаза. 2. Хьо цхьаъ ю аьлча ас дуьненал хаза, Вас хилла хьаьвзар ю мехкарийн тоба. Ахь къайладаккхалахь, ца дойтуш лаза, Хьайн месийн цIевнаца ас дина товба. Еарин буьйсанна дIо беттан хаьштиг Айдина, вогIур ву со хьуна тIе а. Iеса ма даккхалахь вайн ирсан маьждиг, Къахка ма делахь вайн пIераска-де а. Ши адам дIакхачош шен Iалашоне, Баьлла-те вайшиннан синхаам суьпа? БIаьрг тухуш хилалахь хийрачу гуоне: Сема ду гIаролаш ачонан туьпан – Зиэн лиъна оцеран духар а, герз а, Тийналлехь ирдо ас вайн уьйран лерса… 3. Тийналлехь ирдо ас вайн уьйран лерса, Ойлане юьгуш хьо, гIаш оьгуш гича… СинхIоттам сайн хилахь жимма бе-берса, Ловр ю ас гуьйренан карзахе хич а… ГIаргIулийн аьзнаша зарзйина мархаш Хир ю-кха баттана чекх хьежа дика: Цунна а гайта вайн марзонан маргIалш, Цуьнан дог даийта вай ирсе дига… Хилийта яхъелла догIанийн гийзиг, Канашкахь хьекхабеш мажбелла сула, Сеалар – хьан хазахетарийн билзиг – Байракхах ийлур ю хьаннаш тIехула: Iаламна луур ду, горгделла хIазарх, Ахь ечу бIаьцанийн къамелаш хаза… 4. Ахь ечу бIаьцанийн къамелаш хаза Ца вуьту безаман дагаро чомахь. Сан бIаьста даьккхина хьан дегIо заза, Хьан болар – чIара бу сан бIаьргийн Iомахь. Ахчанах санна, хьан даточу еларх Кисанаш дуьзна сан сатийсамаша. Суна хьо езарна баьллачу мэлах Хьекхалуш, дешна сан шеконийн шаш а. Дахаран ловзаргахь сайн бIаьрса дайча, Ас хьоьга узамца сакъоьрур дара. ДIабаккха, хьайн дуьхьа ас цхьалла лайча, Хьайн деган пIелгара кхоларийн тIара. Хьан гIайгIа иштта а, шабарш деш лохха, Iемина сан дагах мотт хьекха бовха… 5. Iемина сан дагах мотт хьекха бовха Цу тIера чов гина, къастаран жIаьлеш. Ахь а дан деза уьш цхьажимма човха, Царна тIе мохь хьекхна, сан озан Iаь леш. Йовха ю хIинца а, тIера Iаь гIуьттуш, Сингаттам оьзна, ас яьккхина шура. Iийр ю-те, соне а хиъна, и луьттуш Дуьненца къийсина сан ойла кура?.. Дуьйцур ду хьоьга сан син олхазарша Кхоларша юзар сан синтеман стигал. Iаржъелла сан дегайовхонийн варш а Шен дитташ хьеста хьо кхин ян ца тиггал… Тапъаьлла и Iахь а, бац хьуна лаан-м Ас хьоьга сатийса марзбина лаам… 6. Ас хьоьга сатийса марзбина лаам Азбелла, йиш йоцуш хьуна тIекхача. Бод санна, севсина сан дегабаам – Муьста хир бу цуьнах мел бина кхача. БаI санна, къахьлуш бу сан Iоттабаккхам, Ахь шена вас йина дешнаш а дууш. Гехь лело хала ю цатемийн баккхал, Ца хилча цуьнах хIун са йолу хууш. Шиъ вовшахкъастаран лендоцу маьIна Со а ву хетачех дуьненал шира: Соьца Iа байттамал, сеттаеш яьIна, Хьоьца хьан бIаьрхиш ду дахкарал сира. Делахь а, сан дагалецамийн товха Хуьлу сан кхетамна йоI-бIаьргал ховха…. 7. Хуьлу сан кхетамна йоI-бIаьргал ховха Со карзахваьккхина хьан бетан буьхьиг. Хьоь лалахь, цо Iоьхуш, яьккхина гIовгIа, Хьан корехь яжор ю ас шовкъан буьйхьиг. Хьо йина де хилча сан рузма йолош, Сан шерийн хьаьж тIера сек хилча иза, Ма гIуо, сан ирзера хьайн месийн йол хьош, Докъар а ца хилча и доцург кхин сан. Вайн дегнийн бахам бу юкъарчу долахь, Хьуна ма догIийла и биекъа дага: Ишта а жимбина вайн ирсан бол ахь, Тийсина хьера мел веанчун бага. Хетарехь, багарбан дезар ду сан а-м ГIенаша хьох лаьцна мел бина хаам… 8. ГIенаша хьох лаьцна мел бина хаам Юха а буьллу ас Iуьйкъенан чета, Сатуьйсуш хиларе сайн синна хьаам, Бодано хIаваах иэдича вета. Сан набарх чекхдуьйлу хьан вастан ладар, Кхетаман тхьуздоьлла пардо а Iадош. Хьо гIенах гар а ду – хьуна тIе вадар, Собаран-Iаспаран баргол а хадош. Можачу балдашца хьан кораш дуий, Кхоладо батто шен юьхь-сибат куьйса – Хьо гушшехь, сан сахьтан сихдалар ду и, Цхьамзанийн куьйгашца дIатуьттуш буьйса. Ша цунна хетийта моз санна хьоьхан, Сан шовкъан Iалашо ца лела боьха. 9. Сан шовкъан Iалашо ца лела боьха. ЦIе санна, цIена ю меженаш цуьнан. ТIекхочуш сатийсам кийра дIабоь хан, ХIутту и якъон сан ойланаш тIуьна. Лела и, малх кхетта де хилахь декхна, Хьан дегIан IиндагIах шен духар дина. Ткъа, буса и беттан берд хуьлу текхна Седарчийн жагIанца хьан бIаьргийн Iина. Дийцахьа, хIун ду-те хьо къехкар цуьнах, Бахьанза даьккхина бехкаме орца? И кхиъна яц хьуна акхачу хьуьнах, КIомсаршна тIехьоькхуш мокхазан орцха. Цуьнгахь ницкъ хиларна шайн а бан чидам, Къона бу сан шерийн массо а битам. I0. Къона бу сан шерийн массо а битам. Хьаж хабош яц хьуна ас хьоьх ен ойла. Нигат деш сингаттам улле ца бита, Хьан дегайовхонан Дала сий дойла. Ма гойла цкъан цкъа а хьан бIаьргийн чуьхьа Къеначу цхьалло шен можала Iенош. Дуьнено салт дуьллуш хьан ирсан дуьхьа, Маликийн дарж долуш хуьлда хьан денош. Эхь-бехко къийвале, чехкка со вига Безаман къинойх ца доккхуче гIуда. Реза ву со хIинцца дIаван а цига – Дан деза некъаш ахь сан кога туда. Дага а ца йолуш я соьх, я хьоьх а, Хьо хесто гулло сан ойланийн пхьоьха. II. Хьо хесто гулло сан ойланийн пхьоьха, Сан коьртехь и атта йоха ца туьгу. БIаьрхиша юьзча хьан бIаьргийн ши пхьегIа, Хьан гIайгIа сайн синна ас маре юьгу. Стиглара доьссина хьо еза пурба, Лаьттаца ловзу и, хилла къоркхокха. Со лара ца войтуш ша лаца гур бан, Цу сохьта сан кийрахь шен бен цо бо-кха. Кхоьру со, хьуна сайн дог-ойла йотуш, Ларамза йисарна хьо сайн син къилахь, Стигалахь йоьлхуш ерг марха а йоцуш, Сан бIаьрза къанбелла сатийсам хилахь. Хала а хир ма ду и гIалат тида-м, Хьан вастан лар лаха векалбеш тидам. I2. Хьан вастан лар лаха векалбеш тидам, Со Iашшехь, хьо ядон кIелхуьйшу зама. Хьан акха испайлла идахь а ида-м, Цуьнан а-м дезар ду цкъа караIама. И хIунда ю-техьа, сай санна, сема, Дог тохаделча а, дIаэккха кийча? Ма хала хир ду-кха, дарж санна тIеман, И шовкъан Iома чохь резаяр лийча. И суна муьтIахь еш (хьайн долахь йолу) Хьо кхочур яц-техьа яьлла а-м хета… Ас цхьана къурдаца и ойла молу, Хьуна а некъ буьтуш сайн сих къахета. Хьо сайна евзинчу дийнахь ас аьлла: Хьо – Делан бIаьрхи ду – и воьлуш даьлла… I3. Хьо – Делан бIаьрхи ду – и воьлуш даьлла, Чохь сирла са лела, дилхане тIадам. Бахьана хьо долуш, сан собар хаьлла, Ас динчу доIанна жоп хилла адам. Ас дагахь дуьйцург а хьуо хилча хезаш, Ойлае, оьший-те къехка, пебетта? Седарчийн даар ду – хьан сирла месаш: Уьш суна карайо хьаьвди чохь беттан. КIур тийса баьлча сан гIайгIанан къуьда, Нур дахьаш дахкийта хьай бIаьрийн секхаш. ЗIаьнарийн кхача бу – хьан беснеш хуьта, Уьш лохуш, херцадо ас маьлхан текхаш… Хьоьх лаьцна дош ала цкъа карахдаьлла, Сайн кхиэлан зерат со хьоьх дина ваьлла. I4. Сайн кхиэлан зерат со хьоьх дина ваьлла, Лууш хьан тешаме мухIажар хила. Шен бага йоьхкича хьестарийн гаьллаш, Терсарца гIадъоьху сан ирсан гила. Мустъелла хиллехь а, сан хенан гуьйриг ГIа хеццалц, ловза-м йи хьан деган кхаша. ТIелуьсту сан массо сиркхонийн уьйриг Де-буьйса цIе йолчу хьан урчакхаша. Дуьйлина латтадо хьайн бIаьргийн иэс ахь ГIайгIано лоьхучохь шен жоьра ижу, Хьекъадеш суна хьайн сибатан хесахь Довхачу балдийн ал-цIегIа ши гижу. Цундела бекаш бу сан иллин мерз а. Ма хета ас дуьйцург цхьа кега-мерса. I5. Ма хета ас дуьйцург цхьа кега-мерса, Хьо цхьаъ ю аьлча ас дуьненал хаза. Тийналлехь ирдо ас вайн уьйран лерса, Ахь ечу бIаьцанийн къамелаш хаза. Iемина сан дагах мотт хьекха бовха Ас хьоьга сатийса марзбина лаам. Хуьлу сан кхетамна йоI-бIаьргал ховха ГIенаша хьох лаьцна мел бина хаам. Сан шовкъан Iалашо ца лела боьха, Къона бу сан шерийн массо а битам. Хьо хесто гулло сан ойланийн пхьоьха, Хьан вастан лар лаха векалбеш тидам. Хьо – Делан бIаьрхи ду – и воьлуш даьлла. Сайн кхиэлан зерат со хьоьх дина ваьлла. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1132 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Хала до оьгучу гIаша дуькъачу дахкарлахь нека, Дерзана довлучу диттийн мехаша пусар ца до… ДогIанан тIадамийн мукъам хьан коран экъанахь бека, Шеконийн гIаттаман баьчча хьан дог ду ца боху цо? Стигалан шийлачу некхах гIаддайна тIамарш а етташ, Йоьдучу гIаргIулийн жуьто тийжарца дуьне до къахь… Кураллин пIелгашца айхьа ойланех мел дина шеддаш, Хьайн даг тIехь моьнашка доьрзуш лан муха лайра-те ахь? 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1133 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Туьнкалган легашка х1оьттина Б1аьстенан дог1а, Даьгначу дечигна т1ехь боьлху Пешара к1урз. Сирачу овкъарша къардина Аз доцу ц1ог1а, Йишхаьлла бисина Бистина, севсина к1ур... Ц1ераш-ма яьгна-кхи Адаман къизачу пешахь, Синтарийн синошна Цкъа мацах техкинарш хаза: Тийжачу баьллашка Мехаша кадам бо бешахь, Г1айг1ано макхдина Варшара баьццара база. Мутт-б1аьрхиш литтина, Ножо шен синпхенаш аьгна, Б1арзбелла, леста поп даг чуьра Ламанан ч1ожан: Товханан набахтехь Вежарий церан а баьгна - Ма ч1ог1а къаьхьа ю хьомечу Овкъаран хьожа... Туьнкалган легашка х1оьттина Б1аьстенан дог1а... Луьстачу к1уьралахь Бане а къурд ца бало... Язбина боллушехь, горбоьду Сан иллин мог1а, Лазамо мерцинчу синна а Хуьлу хало. Сан иллеш, хьуьнхарчу лаьттах Каш даккха д1ах1итта, Пана д1а а кхуссуш, Д1айолла пешара юкъ - Кошаза мукъана ма дита Докъаза дитташ, Чурт а хьакъ ду царна - Д1адог1а д1о орцан дукъ!.. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1134 |
|
Вес репутации: 27 |
Гуьйренан аматаш
Дошан басе дирзи хIинца Iоман сирла аьнгали. ТулгIе отуш, цинцийн гаьргаш ца етта цо сих кхин сан… Диттийн гаьннех лохха кхозу мехийн чорда гаьнгали — Дахкаран кIайн шура луьтту гезгамашин хинкиса. Къена эмкалш санна, лаьтта цанахь элан холанаш. ХьаьжкIаш тилош хилла меттиг гойту лоьдгийн нехаша. Доьрчаш чуьра ялта идош, чIегIгаша до «къоланаш». Хьокхийн кертан цергаш малъеш, шакарш етта мехаша. Дерзанна кIел лаца кийчча некъан хоршан кана ю. Акхароша орца доху, чIанайолуш хьун гина. Кхаш тIехь когабуьхьар хIуьтту, хала къаьсташ, анаюх. Тийжа евлла, гIаргIулеша мархийн бIаьргаш тIундина. Йитта кечъен бедарш санна, дIо стигалан боганахь Iохкуш ю и морса мархаш — хилларш кIеда чилланал. Гой-те царна, бобер санна, гIийла Iуьллу охана, Ахархоша векалдинарг Iаьнан дера чилла лан… ГIанийн можа оьла махо сайн когаш кIел кхоьссича, Суна иза сайн син заза ду ма чIогIа моттало… Ткъе итталгIа хIара гуьйре кху сан керта йоьссича, Кхин цхьа харш а тосу-кх даг чу сан оьмаран готано… 1илман Юсупов Каждая деталь пейсажа у 1илмана Юсупова красочна и выразительна,выражает гармонию природы,соприкосаясь с которой пробуждает чувство радости и творческое вдохновение. Созерцание осени в этом стихотворении наполнено глубоким смыслом сравнения. Я даже ощущаю цветовую гамму: сухой желто-коричневый цвет листьев и серый цвет осеннего неба.)) Лирика 1илмана Юсупова дает нам насладиться чарующей мелодией его поэзии,совершая незабываемое путешествие в мир природы.
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1135 |
|
Вес репутации: 3 |
* * *
Тхишлара бецан дог къийзош, Цаьпцалгаш ека цхьа хьере. Мархашлахь беттан дин хьийзош, Г1адъоьху маьркIаже-бере. Баьццарчу синошца гIаша Массо а дитт маракъуьйлу. Седарчийн даточу жаша Боьранийн тийналла муьйлу. ЦIогIанца кхолламна текъаш, Хьуьнхахь тоь тIаьххьара экха. Сан когех хьекхало некъаш, Лууш хьан кора кIел текха… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#1136 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Буьйса ю. ДIатийна бIаьстенан арц. Ткъа суна-м ца до хьан кор хьеста кIорда. Сан бIаьргаш - сутара ши аьрзу яц Хьан чиркхах-ижунах лууш шайн пхьор дан. Мелхо а, экаме зарзарш ю уьш, Тийналлин серлонехь иллийн зов зуьйш. Дитташа тIедетташ зазанийн дарц, Сахиллалц екар ю сан деган бухIа. Лехаме сан лараш - кхокхарчий дац ГIур-гIур дан гулделла хьан кора буха. Адамийн мотт хуу тотеш ю уьш, Эсалчу дешнашца хьан чиркхе луьйш. Амма цхьа олхазар - къастаран хьаргIа ГIерта сан безамца даста шен марха... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1137 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Вайна юккъехь лазам Iуьллу, саьрмик санна, луьра. Вайна юккъехь доза хилла, лаьтта шерийн пен. ГIайгIа яц дIаяла туьгуш вайн бIаьргашна чуьра, Хьалха санна, хIинца цо ца бетта вайна пе. Вайна юккъехь херо уьду. Ю и стимал къаьхьа. Вайна юккъехь - гIорийначу шовкъех хилла шаш. Акхадевлла жIаьлеш санна, угIу вайна тIаьхьа Дегайовхо эккхаш, кхоллаелла геригаш. Вайна юккъе херо юьйли, цергков санна, ирча. Вайна юккъе букар дижи синхааман каш. Юккъаметтиг вайн талхийнарг нагахь шайтIа хилча, Мичахь ду хьо суна хазъеш лелла маликаш? 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1138 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
ЦIу хуьлуш, син эрдаьбаьрче хьо яьлча, Iеса ирс сан даго долийча худа, Ца теша хьо лаьттахь кхиъна ю аьлча, Стиглара сан даг тIе йоьссина зуда… Хьан куьцан Iаткъам со ца волу ланза-м, Туьллуш хьан амат сайн ойланийн кхерча… Хьан карзахйийларан дIовш-мерза лазам Лаьхьанах сан байтийн могIанех хьерча. Хала ду суна хьо Iаьршашца къовса, Лаьттахойн цIе хьуна гIушлакхехь туьллуш. Ма Iаьржа дуьйхи сан иллино тховса, Ахь хитIа ян делла дош коша дуьллуш… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1139 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Безаман Iодара секх нийсса синметте кхетта, Ас юкъах даьккхира латтар бендацарна хехь. Сатийсам пана дIа гIаш бигар меле а хетта, Ас дуьне теллира, юй хьожуш хьо цунна тIехь. Кхералуш IаьнтIехь хьо мох-дорце яхарна маре, Гуьйренца гIадожар тарлуш ахь доьIучу сих, БIаьстенца хьан коч ю мотталуш зезагийн аре, Аьхке тIе мел кхечи, дан лууш сайн болар сих, Кхиэлана тIедуьллуш хьукма дар - сайна дан доггIург, Де-буьйса дIакхуьйсуш,Iаж санна, цкъа тоьхча це, Цхьа эзар некъ бира ас, лохуш хьуна тIе богIург, Цхьа эзар цIе йоккхуш Iамале яккха хьан цIе. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1140 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Дитташа бос хийцар ах бен ца гуш, Август а язбели таьптар тIе шеран. Шиъ хенан хIоттам бу къуьйсуш цхьа гIуш - ХIоттийнарг гIевланга маьлхан цIен кхера… Сентябро юьллуш ю гуьйренна хан, Оьгу гIаш кара луш, беснаш а хуьйцуш. Хийистехь диттана го дашо гIан: Шена кIел со лаьтташ хьоь безам буьйцуш… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|