Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 05.08.2008, 03:15   #1121
Arzo
 
Аватар для Arzo
 
Вес репутации: 16
__________________
Мел долу эxь-бexк а доьxкина
Галстукаш коча а оьxкина
Г1аддахна лелаш ду г1аларташ
Cан къоман историн г1алаташ!
  Ответить с цитированием
Старый 05.08.2008, 14:21   #1122
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Тов

Лаьхьа сана, хи тIе текха тача,
Сетта, кIамлуш морзгал-моьнаш – лараш.
Бецан кийра лаьцна ченан ача
Цестаевли маьлхан зIаьнарш-тарраш.

Болх беш ю аьхкенан йоккха товха,
Доттуш, кхоьрзуш Iаламера синош.
IиндагIаш ду дерриге а довха,
ГIора доцуш дайдан тевнан къинош.

Малхо, мархийн билзиг юккъе хуьйшуш,
Чоьш схьалоьцу церан массо можан,
Нуьре цергаш яош, аре Iуьйшуш,
Гонах яьккхи сагал-бецан хьожа.

Зевнах доккхуш тIемийн жима пиллиг,
ДIо кIайдарган кеда зIуга юьжу.
Тийналла ю дилла гIерташ «бIиллиг»,
Лехна аьзнийн уггар мерза ижу…

Амма син Iаьршашкахь ойла къекъа,
Дагах кхета стелахаьштиг-могIа,
Къинхетаман коьртехь бIаьрхи хьекъа,
ТIедутту сан байтийн дато догIа…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 05.08.2008, 14:23   #1123
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
«ДЕГАН ЦАСТАРШ» цикла юккъера

***
Сан къолам, хьуна а хьуо декхар хетарна лара
Хьайн хьаьркаш Iалашъян тIелаьцна сан шерийн Iаса,
Тахана хьох бо ас ойланан дин лоллу сара,
Сатуьйсуш хиларе кхана хьох сайн деган Iаса…

***
Кийра сирла боггушехь сан беттан бIаьштигал,
Дог ду реза доцуш цуьнан можа гIайгIа молуш.
Дагна шенна езаш хилла йоккха цхьа стигал,
ГIушлакхе а баьлла, богуш ирсан малх а болуш…

***
Дуьненна а барзакъ тега ницкъ болуш ду тай,
Шен цхьа похIма доцуш дац кху лаьттахь цхьа а сиз а…
Адамаша пайда оьцуш дац дIо шира тIай,
Амма шина бердан деха гергарло ду иза…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 05.08.2008, 14:24   #1124
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Лайн зезаг

Къегинчу беттасин суй санна тIех сирла, бIаьрла,
Аса-м и ловзадо йовхачу кераюккъехь.
Инзаре и зезаг дуьххьара гина сайн бIаьрга,
Цецваьлла лаьтта со хьуьнхарчу дитта юххехь.

Беса, чекх са гуш ду, шен гIодахь мерза мутт IаьIна…
Хаза ду, кIорда ца дала и, мел дукха хьежарх.
И ду-те бехкала яханчу бIаьстенан къежар?
Я ду-те Iодикъен маршалла даханчу Iаьнан?

Генна ю хIинца а ялташа чIожхьовзон хан…
Лайн зезаг, соьх къайле ца лечкъош, делалло ховха:
Я хьо ду баьгна дIабаьллачу безаман совгIат?
Я хьо ду билгало керлачу синхааман?

1илман Юсупов
  Ответить с цитированием
Старый 05.08.2008, 14:24   #1125
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Хала до оьгучу гIаша дуькъачу дахкарлахь нека,
Дерзана довлучу диттийн мехаша пусар ца до…
ДогIанан тIадамийн мукъам хьан коран экъанахь бека,
Шеконийн гIаттаман баьчча хьан дог ду ца боху цо?

Стигалан шийлачу некхах гIаддайна тIамарш а етташ,
Йоьдучу гIаргIулийн жуьто тийжарца дуьне до къахь…
Кураллин пIелгашца айхьа ойланех мел дина шеддаш,
Хьайн даг тIехь моьнашка доьрзуш лан муха лайра-те ахь?


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 05.08.2008, 19:43   #1126
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Седане

Бус-буса сан ойла тIеийзо марзбелла седа,
Байбеш сан синлазам, ахь говза йо суна гIоли.
Суьйранна малх бузуш болало хьо суна къеда,
Iуьйранна малх кхеташ дIабов хьо, баьгна а болий.

Генара лепа хьан дуьне ду – цIеран дарц тIома,
Ткъа, нур хьан мел сирла лепахь а, ду чIогIа къена.
Шийлачу шелонца хьо хIунда хьоьжу соь гома -
Экамчу буьртиге Лаьттарчу йовхачу ченан?

Моттало сих-сиха, дийна а буй-те хьо, олий,
Седарчий делча а, серло ца ле олу церан:
Эзарнаш бIешерийн боданех майрра чекхйолий,
Хета и схьайогIуш есаллин чкъура юккъера.

Хьо белла Iиллахь а, хьан долахь стигал ю сийна.
МIаьргонан IиндагIа ду со хьан кхолламна хьалха.
Седарчийн тобанехь хьо цхьаъ бу со санна, тийна,
Адамийн пхьоьханехь со а ву хьо санна, цхьалха.

1илман Юсупов



Я надеюсь, автор не обидется,если я назову его поэзию мыслящей. Именно это слово сразу приходит на ум,когда я читаю 1илмана Юсупова.
Одиночество и гармония... 1илман,твоя поэзия озаряет душу каким-то особым светом. Сколько человечности,милосердия и любви ко всему живому! Невозможно найти в твоих стихах надуманное или искусственное. В этом, наверное, и есть весь секрет ее (поэзии) обояния. Она и грустная и одновременно жизнеутверждающая.
Баркалла хьуна,1илман за эти прекрасные стихи.
Как всегда, я в восторге от прочитанного!
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 05.08.2008, 19:46   #1127
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Цхьалха суьйре, къена нана, боьлху бIаьргаш, кешнаш -
Уьш ду нохчийн меттан уггар сингаттаме дешнаш.
МаьркIаженан бода богIу, гIайгIа ялош уьйре -
Хир ю цуьнах цхьанна дуьххьарлера цхьалха суьйре.
Иэсан мIаьргонашца юзуш шен доIане кана,
Хир ю шерийн гIуда токхуш хийла къена нана.
Тийжамаша Iамийначу мотт-йозанан хьаьркаш
Хета, дикка ойла йича, гIийлла боьлху бIаьргаш.
Чартийн гоьмукъаш а карахь лаьтта юьртан кешнаш,
Шайна бухахь кепатоьхна маьлхан латта хьешнарш.
Кошан борзан букъ тIехула бIаьрхиш оьхуш Iана,
ХIора сарахь кешнийн кертахь йоьлху къена нана...


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 05.08.2008, 19:48   #1128
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Бесарчу хетарийн Iехаме туьйра,
Суна букъ берзийна, хьо-м эрна лаьтта:
Ластае суна хьайн марзонан куьйра,
Луо суна цхьажимма са хьандан даьтта.

Лаамийн боьранахь, дохк хилла, йижахь
Сан шерийн чкъура кIел мел лаьцна шеко,
ДIалакха сан ирсан хелхаран йиш ахь,
Со хьакъвеш ойланийн геманаш еко.

Езачун кIажарша вихкинарг хийла
Беттасин кираша кIайбинчу ломах,
Шовкъан гел идийнарг син гуо тIекъийла
ТIаккха бен кхетар вац хьан вастийн чомах.

Дахаран хьашташ а, кхолламан буьйр а
Со далон ма-хьаьжжи вовшашца уьйре,
Сийлахьчу хетарийн дош говза туьйра,
Iехае сан ирсан буоберийн гуьйре!

Мацца а ларор хьо къа латор лара-м
Иллина вирд даккха Iемина со гар.
Дала а богуьйтур бац хьуна хьарам
Ша хIокху сан кийрахь латийна стогар.

Цо иза, милт къайлаяллалц, чуузуш,
ТIаьххьара къегича бIаьвнаш сан деган,
Наха мах хадор бу, соьгахьа узуш,
Юсупан Iилман цIе хиллачу стеган..
.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 06.08.2008, 11:50   #1129
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Б е з а м, м а р з о -- синойн массо сиркхо эшон лоьраш,
Ас къобалдо аш сан кийрахь бечу белхан низам.
Шуна даим хьанал хилар деган похIма лоьруш
Суо хиларна хаьа суна шун мах хадо нийса.

Шуна дIалуш иллешкара синбуц яьлла меттиг,
Гул ма-беллии цига лалла сатийсамийн бажа,
Сайна хьакъ ян гIерташ шуьца йолу юкъаметтиг,
Со бус-буса гIенийн лома воьду... шуьга хьажа.

Шу бен ца хиларна лаьттахь хIун дан деза хууш
Сан син кхерчахь ца хIоттийта ирсан цIеран къелла,
Сайн оьмаран хIуьцIин чIуьчIехь цхьалхха Iан ца лууш,
Со-м уьйрашка боьду чолхе некъ бан волавелла.

Шерийн зIарех тIех а лелхаш, ловзуш лела денош
Сар-сарахь шайх серий хуьлуш, хенах дуцалучохь
Б е з а м, ахь сан ойланашла деган дургал Iенош,
М а р з о, ас хьо лоьху цхьана йоьIан бIаьргийн гIу чохь.

Доггах денойн догIа доьлхуш, дахар даьлча даьчна,
Суо нахана дагаварехь ца хIоттийта йокъа,
Цкъа маццаъ сайх олу долчу дешан бала кхаьчна,
Ас сайн байташ шуна гуттаренна муьтIахь йо-кха...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 06.08.2008, 11:52   #1130
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Шуьшинна-м кIордадац сан темза синлаам къийса,
ГIеметтахIоттаран тогIе а, къоналлин бохь а…
Къоналлин бохь хьулбеш, даьржинчу дахкаран киса
Букъ тIехьа дуьтуш, со-м вогIу сайн тогIичу охьа.

Там бара лакхахь сан дахаран лараш ца йиса,
Аьлла, сайн болар а сацийна, хьаьжча со хьала,
Гин суна: тIера дIашершина дахкаран киса,
Сан бохь лепийна ло дешаш ду – Iаламат хала…


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.