Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 04.08.2008, 02:28   #1111
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
РечIа

Ас бераллехь олхазаршна хийла йийгIи речIа,
Цхьаъ мукъа а лаца лууш тIома лела са.
Ойла ца еш, сайна херадаьккхи хийла леча,
Ларамза ас гамйи сайца хийла селасат.

Ерриг стигал Iадош, хийла йилхи нана-маршо
КараIамо воллу аьлла со шен олхазарш.
Хийла сийна хIайкал даьккхи хьозарчашна варшо
Царна кхераме ду моьттуш мархийн холхазаш...

Иштта хийла тебна Iий-кха сан бералла къиза
ХIинций-хIинций «чкъар-чкъир» лоцу бохуш речIано...
ХIетахь яхкаяла йоьлла син церг дIаяьккхи сан
Къинхетамо-лоьро, деган багахь еш цIано...

Цуьнан дарба алсамдуьйлу со мел хили воккха
Доглазаро, поппар санна, кIадъеш кхиэлан берг.
ХIинца сан бераллин речIа шерийн уьйтахь го-кха:
Хенан дакъаделла куьг ду иза йоьгIна дерг...

Сайн дахаран темза некъаш дуьйлуш тIеттIа гамзар,
Бехк-гуьнахь а доцчу денойн яххьаш чIечкъарна,
Хьаваъ муьйлуш, тIома лела сайн садеIар-зарзар
Со а-м кхоьру дукха улле хиъча речIанна.

Забарна а доцуш, йоьгIна замано и речIа,
Лаца лууш кху сан кийрахь тIома лела са.
Ахь цундела бехк ма билла суна, кура леча,
Хьо къинтера яла суна, ховха селасат...

Дуьне мел ду уьдуш лела дахаре сан безам,
Шена ца тохийта гIерташ Iожаллега ка.
Ас хIун жайна даккха цуьнгахьа беш озабезам?
Муьлха доIа де ас дайдан сайн бераллин къа?


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 04.08.2008, 11:54   #1112
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
***
Белхош цхьаъ бен боцу орам-эвла,
Генаш санна, вай ма херадевлла.
Шен-шен лахьорч хеташ уггар сирла
ХIора веха эттамаьIиг хилла.

Амма чартийн махка доьду тача
Лууш ду вай вовшийн тIеттIа кхача;
Цхьана ханна йицйой дегнийн волла,
Схьагулло вай… велча цхьаъ дIаволла.

Сийлахь барт, вайн дайшлахь маьхза лелла,
ХIунда оьцу оццул мах а белла?


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 04.08.2008, 13:50   #1113
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Уьйриге хьаьрчина хиллачун-леллачун,
Дахар а дIагIур ду, хан теш а йолуш.
Дала соь хоттур ду: «Ас хьайна деллачун
Пусар деш варий хьо дуьненчохь волуш
?».

Къа дуй-те ас кIеззиг ладегIар шовдане?
Са алссам ца тийсар сайн езар гаре?
...Жоп дала ца ваьхьаш, гIур ву со суждане,
Сатуьйсуш къиношна капарат даре...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 04.08.2008, 13:52   #1114
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***

И сан безам ишта бара:
Суьйре санна аьхка ломахь,
Екхна суьйре хуьлу парг1ат -
Хьо ма хьежа цуьнга гома...

И сан безам ишта бара
:
Байракх санна, лесташ кийрахь.
Лаьтта юьйжи деган байракх,
Хьуна хетча вайша хийра...

И сан безам ишта бара
:
Берах тарлой, уьдуш б1аьста.
Ткъа сан даг т1ехь цуьнан лараш,
Лай т1ехь санна, шера къаьста...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 04.08.2008, 13:58   #1115
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Даймохк, хьоьх тешийна ирачу могIанан баьлча,
Сан илли-ахархо балхана каде тIетаьIа-кх.
Iожалла хетало оханехь ойлане ваьлча,
Дахаран терзанахь товш йоцу вортанан даьIахк.

Седарчийн жарж бууш, берстинчу беттан кIайн кIежар
Бахьанехь хетало буьйсанан IиндагIаш аьрга…
Даймохк, хьан корера кIирвелла со арахьежар
Iаьткъича, хир бу-кха Iожаллин боданна бIаьрг а
.

Къоналлин кенара синхаам хIоара буьйлуш,
Хьан шунаш дохорах ларъелла сан шерийн метиг…
БIаьрсинан къурдашца хьан лаьмнаш, аренаш муьйлуш,
Лоьху ас сайн илли цкъан цкъа а лийрдоцу меттиг.


Амма со ца волу цуьнах сайн къубба а йина,
Осала хьесталуш, лензаллин гIевланга хийша –
Сан илли дуьненан массо а пхьегIанахь хьийна,
Дика а, вон а цо цхьабосса тIелаьцна Iийша
.

Цундела гIерта со, дош къуьйлу гIурчош а дагош,
Абаден хIусаме доссадан сайн илли – хьаша
Адамийн шовкъаца уьншеран бодаш а къагош,
Цо цигахь буцур бу хьоь болчу безаман маша…

Хьайн лаьмнийн уггар а лекхачу момсар тIе даккха
Чекхдаьллий-даланзий сан илли, хьайн сица луьттуш.
Азаллин къайле а, ясталуш, хьаьар ю тIаккха,
Кхолламан синтемах седарчийн кIохцалш а Iуьттуш…


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 04.08.2008, 18:09   #1116
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***

МаьркIаженан IиндагIашна пхьор дан лиъна мерза,
Мархийн маша боза хIоьтти беттан дато гезг
Ма галдала кийча хилла синхIоттаман терза,
Деган дургал лиэша яьлла, сагатделча кIеззиг.

Ма галдала кийча хилла синхIоттаман терза,
Беран мIаьррал дагахьбаллам оза дезча шен.
Туьгуш дац-кха дегочуьра иза юхадерза:
Уьдуш лела синан цхьамза лууш бац-кха тиэн…

Туьгуш дац-кха дегочуьра терза юхадерза,
Шовкъо дабагIдина деган хIуо дIатийннашехь…
Мархийн маша нилха болччухула схьа а къерзаш,
Седарчий ду серло оза гIерташ цунна тIехь.

Мархийн маша нилха болччухула схьа а къерзаш,
ТIеттIа язло Чухчахьеран сирла герканаш…
Буьйса-пондар хьедан йолу шен IиндагIаш-мерзаш,
Улле охьахийшош иллеш – уггар гергарнаш…

Буьйса-пондар хьедан йолу шен IиндагIаш-мерзаш,
Цаьпцалгаша Iома йисттехь аьзнийн чиркх латош…
Ойла-баргол хадош, хезна геннахь говраш терсаш,
Кийра батIош, араоьккху уггар йоргIа дош.

Ойла-баргол хадош, хезна геннахь говраш терсаш,
Нохчийн аре екош, боьду и сан оьзда дин.
Ненан меттан аьлха хьоькхуш, ирдеш бIаьрса, лерса,
ХIинццалц къуьйлуш хилла архаш ас а дIамалйи…

Ненан меттан аьлха хьоькхуш, ирдеш бIаьрса, лерса,
Толлу ас сайн мукъам денбен башха сатийсам.
Наггахь синна сиркхо тосаяларх кега-мерса,
Кхиэлан кхерчахь хан ягорах, цIийн кIеж ца тий сан…

Наггахь синна сиркхо тосаяларх кега-мерса,
Дерташ доцу заза лепош ду сан ирсан га.
Гуттар хир ма бац сингаттам йочане тIесерсаш,
Цуьнан цхьа а зирх-тIадам ма болда Iуьйренга!..

Гуттар хир ма бац сингаттам йочане тIесерсаш,
Деган дургал лиэша яьлла, са тIундаларх кIеззиг.
Меттадан а герга ма ду синхIоттаман терза,
Мархийн маша боьзна яьлча беттан дато гезг

1илман Юсупов


Удивительно личные,идущие из души строки! 1илман Юсупов дает нам возможность погрузиться в мир своих мыслей и эмоций, взглянуть,возможно,другим взором на окружающую действительность,заметить то,что до сих пор не было осознано и прочувствовано. Это стихотворение уводит меня от философских размышлений в мир человеческих чувств и настроений,сколько в нем печали и надежд. Даже природу 1илмана Юсупов заставляет жить в своих стихах,полных любви, нежности и доброты...
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 04.08.2008, 18:12   #1117
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
ГIаргIулеш цIаяьхки. Тийналла яйн,
ХIаваэхь ма-дийкки маршаллин илли.
Марха ю хинкисин йовлакхал яйн -
Можачу малхо и шен коьрта тилли.

Серлонца лийчабеш тIебаьлла бай,
ЗIаьнарийн чухчари комаьрша Iена.
Даймехкан васто а бос ийци кIайн,
Массо а гIаргIули евзича шена.

Сирла де стиглара чудоьсси дайн.
Дитташ Iа вовшашца Iамал а тайна.
ГIаргIулеш цIакхечи иллешца шайн,
Со яздан векалвеш бIаьстенан жайна…


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 05.08.2008, 00:31   #1118
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
***
Хьаннашца дов дели гуьйренан мехийн,
Дохк йижи лаьтта хьан йовлакхал сира.
Ла ца ло аьлла сан Iиттарийн мехий,
Вайн уьйран мохь охьабилли ахь гира.

Дегаллин гIалатах хьо кхето санна,
Хьан лерехь шабарш деш оьгучу гIаша,
Бух болуш баккха бехк ца хили сан а,
Дохко а яьккхина, хьан ойла хьаша.

Со йохьах ца вуьйхи, ца вуьйжи гора,
Ахь чIагIо ца йохий, ца хийци дош а,
Боггушехь шелбели хьан бIаьргийн кIора,
ХIаваъо дIаяьхьи хьан месийн хьожа.

Вайшиннах цхьаммо а ца ийци пайда
КIеззигчу хенах а Iодикаяран:
Хьуна а ца хии вай къастар дайдан,
Суна а ца лии кхин дахдан хIара.

Стигалахь пхьоьхане гулъели мархаш
ЭтIачу сан даг тIе шайн туьха таса...
Орамаш телхина вайн уьйран маргIалш
Бухдаьхна довллушехь, къаьсти вай дIаса...


1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 05.08.2008, 01:57   #1119
Arzo
 
Аватар для Arzo
 
Вес репутации: 16
Вы понели новерно откуда и кому....... книга
__________________
Мел долу эxь-бexк а доьxкина
Галстукаш коча а оьxкина
Г1аддахна лелаш ду г1аларташ
Cан къоман историн г1алаташ!
  Ответить с цитированием
Старый 05.08.2008, 02:09   #1120
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Цитата:
Сообщение от Arzo Посмотреть сообщение
Вы понели новерно откуда и кому....... книга
Арзо, Дела реза хуьлда хьуна! Хаза хета 1илмана сборник гича а...))
Дала аьтто бойла 1илмана а,Апти а, иштта вайн Даймехках дог мел лозу чера а...
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.