Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 01.08.2008, 20:55   #1091
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
«ДЕГАН ЦАСТАРШ» цикла юккъера

***
Къан а велла, шен оьмаран йисте кхечи иза,
Шера хаьа, йоьрзур йоций шеен цпамгар а къиза…
Цхьа лаам бу х1инца цуьнан: йовха йоллуш вала
Адамашна ца хилийта ша д1аволла хала.

***
Дийна дог1уш, дела доьдуш – ши са, вовшех къехкаш,
Тера ду-кха лууш доцчух цкъв в цхьаьна иэн:
Ага хуьлу, гуттар бохург санна, лаьттахь техкаш,
Шийла барам, дукха хьолахь, ийло х1аваэ…

***
Нийсса ши набахти ю-кха вайн дуьненан долахь,
Цхьаъ ю – ханна, цул а готта важа – гутаренна.
Вай йитабехь долуш сана хетта, дукха хьолахь:
Дахар – некъ бу кошан бага – кийра д1а ненан


1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 01.08.2008, 21:04   #1092
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
«ДЕГАН ЦАСТАРШ» цикла юккъера

***
Сан къолам, хьуна а хьуо декхар хетарна лара
Хьайн хьаьркаш Iалашъян тIелаьцна сан шерийн Iаса,
Тахана хьох бо ас ойланан дин лоллу сара,
Сатуьйсуш хиларе кхана хьох сайн деган Iаса…

***
Кийра сирла боггушехь сан беттан бIаьштигал,
Дог ду реза доцуш цуьнан можа гIайгIа молуш.
Дагна шенна езаш хилла йоккха цхьа стигал,
ГIушлакхе а баьлла, богуш ирсан малх а болуш…

***
Дуьненна а барзакъ тега ницкъ болуш ду тай,
Шен цхьа похIма доцуш дац кху лаьттахь цхьа а сиз а…
Адамаша пайда оьцуш дац дIо шира тIай,
Амма шина бердан деха гергарло ду иза…


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 01.08.2008, 22:14   #1093
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
ЦIу хуьлуш, син эрдаьбаьрче хьо яьлча,
Iеса ирс сан даго долийча худа,
Ца теша хьо лаьттахь кхиъна ю аьлча,
Стиглара сан даг тIе йоьссина зуда…

Хьан куьцан Iаткъам со ца волу ланза-м,
Туьллуш хьан амат сайн ойланийн кхерча…
Хьан карзахйийларан дIовш-мерза лазам
Лаьхьанах сан байтийн могIанех хьерча.

Хала ду суна хьо Iаьршашца къовса,
Лаьттахойн цIе хьуна гIушлакхехь туьллуш.
Ма Iаьржа дуьйхи сан иллино тховса,
Ахь хитIа ян делла дош коша дуьллуш…


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 01.08.2008, 22:17   #1094
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Хьан бIаьргаш чохь пелаг хьедан хIутту гIайгIа-чIара,
Ирсан бIаьрхиш лакъор лоьруш коьрта Iалашо.
И-м схьабаьккхи сан бIаьро, шех хуьлуш дашо мIара,
Лара ца бойтуш хьан дагчу боьха Iаь лашон…

ХIинца-м хьан бIаьргаш чохь ловзуш, маьлхан азанаша
Ахь кхоларшна караделла хьажар дохдина.
Дуьзна балдаш мерза кхолуш дешнийн цIазамаша,
Сан даго шен Iаьнарх хьуна бацон мох бина.

Сан гIевланга цуьнца хIотта ахь цкъа нигат делахь,
Сан набаран дилха огуш, гIенийн сур лаIа…
Нагахь санна, дерриг дуьне ялсамани елахь,
Цунна чохь а яц-кха тIаккха хьо бен хIуьрлаIа!..

Дуьне – петар хьайн хиларан ойланах хьуо юлуш,
ЦIийх ийна хьайн синмаликаш хьуна гахьара!..
Уьш ма ду ас гIоьнна хьехна, деган пондар булуш,
Тайна мукъам балабайта сайна тIаьхьара…


Даго хьоьху: нагахь санна, со ца хилча хIара
ЦIена илли ала, хьан сий кховдош хастаме,
Хьан куьцана хьогIо морса марчо дустур дара,
Наха хьуна каш а доккхуш – дийцар дастаме…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 02.08.2008, 00:47   #1095
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
«ДЕГАН ЦАСТАРШ» цикла юккъера

***
Къан а велла, шен оьмаран йисте кхечи иза,
Шера хаьа, йоьрзур йоций шен цамгар а къиза…
Цхьа лаам бу х1инца цуьнан: йовха йоллуш вала
Адамашна ца хилийта ша д1аволла хала.

***
Дийна дог1уш, делла доьдуш – ши са, вовшех къехкаш,
Тера ду-кха лууш доцчух цкъа а цхьаьна иэн:
Ага хуьлу, гуттар бохург санна, лаьттахь техкаш,
Шийла барам, дукха хьолахь, ийло х1аваэ…

***
Нийсса ши набахти ю-кха вайн дуьненан долахь,
Цхьаъ ю – ханна, цул а готта важа – гутаренна.
Вай йитабехь долуш санна хета, дукха хьолахь:
Дахар – некъ бу кошан бага – кийра д1а ненан…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 02.08.2008, 01:58   #1096
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Безаман Iодара секх нийсса синметте кхетта,
Ас юкъах даьккхира латтар бендацарна хехь.
Сатийсам пана дIа гIаш бигар меле а хетта,
Ас дуьне теллира, юй хьожуш хьо цунна тIехь.

Кхералуш IаьнтIехь хьо мох-дорце яхарна маре,
Гуьйренца гIадожар тарлуш ахь доьIучу сих,
БIаьстенца хьан коч ю мотталуш зезагийн аре,
Аьхке тIе мел кхечи, дан лууш сайн болар сих,
Кхиэлана тIедуьллуш хьукма дар - сайна дан доггIург,
Де-буьйса дIакхуьйсуш,Iаж санна, цкъа тоьхча це,
Цхьа эзар некъ бира ас, лохуш хьуна тIе богIург,
Цхьа эзар цIе йоккхуш Iамале яккха хьан цIе.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 02.08.2008, 10:45   #1097
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Лайн зезаг

Къегинчу беттасин суй санна тIех сирла, бIаьрла,
Аса-м и ловзадо йовхачу кераюккъехь.
Инзаре и зезаг дуьххьара гина сайн бIаьрга,
Цецваьлла лаьтта со хьуьнхарчу дитта юххехь.

Беса, чекх са гуш ду, шен гIодахь мерза мутт IаьIна…
Хаза ду, кIорда ца дала и, мел дукха хьежарх.
И ду-те бехкала яханчу бIаьстенан къежар?
Я ду-те Iодикъен маршалла даханчу Iаьнан?

Генна ю хIинца а ялташа чIожхьовзон хан…
Лайн зезаг, соьх къайле ца лечкъош, делалло ховха:
Я хьо ду баьгна дIабаьллачу безаман совгIат?
Я хьо ду билгало керлачу синхааман?


1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 02.08.2008, 13:14   #1098
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
* * *
Хала до оьгучу гIаша дуькъачу дахкарлахь нека,
Дерзана довлучу диттийн мехаша пусар ца до…
ДогIанан тIадамийн мукъам хьан коран экъанахь бека,
Шеконийн гIаттаман баьчча хьан дог ду ца боху цо?

Стигалан шийлачу некхах гIаддайна тIамарш а етташ,
Йоьдучу гIаргIулийн жуьто тийжарца дуьне до къахь…
Кураллин пIелгашца айхьа ойланех мел дина шеддаш,
Хьайн даг тIехь моьнашка доьрзуш лан муха лайра-те ахь?


1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 02.08.2008, 14:34   #1099
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Муьлхачу кепехь вай латтор-те синхьехам тидар
Вайн дегайовхонаш шеконан аганахь тахкахь,
Боккхачу хиламах тарлучохь полланан идар,
Мела мох тарлучохь гIаттамах луларчу махкахь?..

Амма сих ов тухуш, пIелг лаза баьлча а мехкан,
Юьхьдуьхьал хIуттучохь мостагIчун Iазапан унна,
Карзахе цIийзар а гуро схьалаьцначу дехкан
Маршоне сатийсар хетар ду лай воцучунна…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 02.08.2008, 14:39   #1100
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Цхьаьна кхета вай йиллинчу меттехь
Дарц а кеста дIатен герга ду.
Лайно шуьйрра баржийначу меттахь
Хехо санна, лаьтташ поп а бу.

Суьйрено а, шеллуш, коьрта тилли
БIаьргаш хьулдеш, мархийн Iаьржа куй.
Хьо йогIу некъ цIанбеш ду сан илли,
Эзар дош ду лайла хьоькхуш нуй.


Лаьхьа санна, лайн цхьа еха аса,
Шок а етташ, текха лаьтта тIехь.
Амма бовха синхааман хьаса
Даго дохлуш, латтабо шен гехь.


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.