![]() |
|
|
#101 |
|
Вес репутации: 3 |
Кхо синхаам
Сайн иллийн х1усамехь баьррче мотт биллина, ДIабижо кечби ас кхо синхаам. Царна хIуо кхетийта, деган кор диллина Хьийза сан уггаре оьзда лаам. Хьалхара синхаам езачун бIаьргаша, Геннара схьакъежий, гIенашла хьо. Шовданан коьрте дIабигийтар цаьрга ша Набарха даима далхадо цо. ШозлагIа синхаам, ненан дог хьаьстина Баьлча бен, цхьанна а тхьаьвсаш ца го. Тем боцу наб хуьлу йийриг цо къаьсттина — Минотехь эзарза бIаьрг боьллу цо. КхозлагIчо, хийлазза вонна некъ бихкина, Нисди сан кхолламан гара сизаш. Набаран суй банза, ондда юкъ йихкина, Даймехкан ойла еш, Iаш бу иза… Ойланийн сирла мотт царна кIел биллина, Сан кхуьй а синхаам хьоьстуш со Iа. Хьалхарчу шиннан наб ларйо ас виллина, КхозлагIчо гонаха хIоттадой ха… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#102 |
|
Вес репутации: 11 |
Эльмира, ма ч1ог1а хаза ю х1ара т1аьххьара байт!
Хаза-м ерриш а ю 1илмани байташ... Уьш йийцаре ян луучунна болх-м бу хьуна кху чохь шортта)
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#103 |
|
Вес репутации: 3 |
* * *
Стигал а къанлуш ю, къежделла седарчий Iенош, ГIерта и жимъян шен къорзачу юьхьтIера кIац… Эрна ду чот етташ, дагардар дахаран денош: Хьесапан Да волчу Делан бен уьш карахь дац… ВогIу со тIаьхь-тIаьхьа гIелвелла, цхьацца ког боккхуш, Уьдуш ас яьккхина хиллехь а къоналлин хан. Соьгара бакъо ца эшна со дуьнентIе воккхуш, Соь хоьттуш хир дац-кха эхарта вахар а сан. Мацца а, юьхь-чаккхе йоцучу новкъа со ваьлча, Со шайца вац бохуш, ма хила гIайгIане шу: Махьшаран майданахь къематан де серладаьлча, Шуна со массарна юха а ган воьгIна ву… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#104 |
|
Вес репутации: 3 |
Дела реза хуьлда хьуна, Малика. Дависса, хууш делар и коментариш ян, дийнахь-буса еш 1ийр яркха со. Хьо наггахь бен гучуйолуш ма яц. Балхо д1а ца хоьцу хир ю хьо. Сан а ца хуьлу йиш каникулаш д1аевлчахьана. Делахь а, 1а ца ло кху чу ца хьаьжча. Связехь хир ду вай Дала мукълахь. Ларамца Эльмира
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#105 |
|
Вес репутации: 3 |
Сан дагалецам
Сан дагалецам, хьо хетало шатайпа оти, Кораш а долуш сан сина тIе дерзийна нийсса. Кхетаман бIаьргашна тишделла хьайн куц а дотий, ДIахIутту цкъацкъа хьо сан даг тIе сингаттам тийса. Хьан цIенкъахь лаьттачу тийналлин шийлачу пеша Шераша, «хIуп» бохуш, кегайо сан ирсан овкъарш. Хьан массо сонера, Iийдалуш, байттамал леша, ТIе гезгамаша а тесна Iа къоналлин шовкъаш. Лилхина ерриг хьан тхов тIера безаман гериг. Ма дуьра ду хIинца цунна чекх мел долу ладар. Цкъа цхьана заманчохь ма иштта дацара дерриг!.. Ма атта нислора хьуна чохь шиннах цIе латар… Делахь а, сан дагалецам, хьоь цхьа дехар ду сан-м: Сих ма ло тIекхета, сан кхиэлан тIаьххьара хIусам… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#106 |
|
Вес репутации: 3 |
Сан байташ
Дуьненан буйнара бIешеран аьлха Яккхахь ас, ирдан сайн оьмаран хьекъал, Сан байташ, хIуш санна токхечу маьлхан, ДIахIуьтту сан деган ардаш тIехь хьекъа. Со юкъагIоьртича шеконийн девнна Царалахь машар бан тешамна гергахь, Сан байташ, чIийш санна, дог хьокхуш девлла, Халбата ховшу сан безаман цIергахь. Мархех дIацIандина седарчийн хьаьвда, Маршонан мох беъча сан лерехь бека, Сан байташ, хиш санна, лам бешаш хьаьвдда, Диканца зиэн гIерта сан деган нека. Дош суна карийча хIинццалцца хьегна, БIаьргашна ган а гуш, и даьлча анда, Сан байташ, гIаш санна гуьйренца эгна, Кечло-кха сан меттан саз-латта хьандан. Бендацарх дин дина Iар суна доьхкуш, Иэс даьлча Ригахойн к1отара леста, Сан байташ, дой санна мохк мел бу хоьхкун, Хьакъ хуьлу нохчочун дог-ойла хьеста. Са тоьгуш сайн къоман амалан теца, ГIуллакхаш тоьхча ас гIиллакхийн кепа, Сан байташ, тхиш санна баьццарчу бецан, БIаьвнаш чохь яьгначу серлонгахь лепа. Со хенан букарчу басах чушаршахь, Цхьа а церг арт ца еш сайн иэсан херхан, Сан байташ, сеш санна Даймехкан варшахь, ГIум-Азехь дисинчу кешнашка гIергIа… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#107 |
|
Вес репутации: 3 |
Бераллин денош
Шераша якхдеш ду дахаран кхаш, Бохамийн, эшамийн диларш тIеIенош. Сан деган уьйтIара шайн IиндагIаш Аш мича тийси-те, бераллин денош? Шу Iачохь хьан до-те Iуналла шун, Ас санна, шун маьлхан синош а делош? Бе-берса дац-кха сан кхолламан шун, Цунна тIехь шу доцуш, бераллин денош. Со-м хетар долуш ву заманах эхь, ГIайгIане лелахь шу, сан лазам дебош: Со ирсах тешийнарг кху лаьтта тIехь Шун сирла уммат ду, бераллин денош. Iожаллин бIобанах ийзалуш Iа Аш зевне декийна сан гIенийн цIенош. Уьш дуьтуш, шу хIунда девди-те дIа, Ишаршца иэс хьоьсту бераллин денош?.. Сан дегIах хьерчаш ду сиркхонийн дарц, Ойланехь аш дина баннаш а дегош. ТIаьххьара шун верас сан дог бен дац. И сацахь лийр ду шу-м, бераллин денош… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#108 |
|
Вес репутации: 3 |
Нохчийчоьне
Къоналлех йисинчу ойланийн испайлла яош, Ма хала кхобу ас сайн шерийн стамбелла доьзал. Ас хехкарх тахана кхиэлан дин, бергаш а яош, Мацца а гIур бу и, бухбоккхуш сан деган гоьза. Сан байтийн бацалахь хьийкъина дог-ойла ятош, Адамийн бендацар векалдеш со вайна доьза. Цхьа минот дIаэккхахь цIеххьана сан оьмар ядош, Ахь марчо даккхалахь суна хьайн дахкаран боьзах. Каш-борзан гIовланах верасийн ойланаш якхош, Цаьрга бос оьцуьйтуш уьшалахь йолучу къоьзан, Со дагалацарца мажъяьлла хьайн беснеш якъош, Ахь декъалвелахь со даггара, х1ай Нохчийчоь сан… Ткъа наггахь къайллах ахь тергалдахь сан гIийла чурт, Цунна тIехь къаьстар ду хьуна хьайн ойлане сурт… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#109 |
|
Вес репутации: 3 |
Поэте
ХIун оьшу бакъволу илланча хила? Хьо а вац и хаттар эзарза зиэза. Дохийна лаьмнаш ду, чевнаш а тиэза, Лууш шайн тIулгаш ахь бIаьрхишца дила. Мел тIома белахь а хьайн кхиэлан гила, И къоман хьашташна дIабожа беза. Хьайн ненан меттан дин ахь даккхахь Iеса, ГIур ву хьо гIазотан назманийн къила. Хьо бен кхин догъэца вогIур ву мила БIаьвнаш чохь кхиъначу хьадисийн иэсан? Тахханехь хилийта Нохчийчоь реза Юьхь ян хьайн къоламан тIаьххьарчу зилан: ТIаккха бен буьрсачу заманан моха Эшалуш хир бац-кха хьан цхьа а могIа… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#110 |
|
Вес репутации: 3 |
Луо догIу...
Луо догIу... сан эвлахь кIайн шахьар кхолла, Бер санна, сан белшийн аганахь тхьовса. Хьан амат гитоьхна сайн ойла-полла Лайн чимийн тхьамда ас хIоттийна тховса. Хилла-те хьо цаяр йиллинчу метте Ахь суна гайтар хьайн син къилбаседе?.. Ган а гуш, кIайлуш ю тхов тIера гериг, Бодашкахь бос баьхьна дIахIоьтти керт а. Хьо мичахь ю хууш кху сохьта ерриг Лайн чимаш, дог лохуш, сан чета гIерта. Хилла-те хьо цаяр йиллинчу метте Ахь суна гайтар хьайн син къилбаседе? Мадбелла бода бу сатуьйсуш тере Дитташа генашца махе ден хабарш. Лайн чимийн тобано кхоьхьу сан лере ХIаваэ даре дан Iемина шабарш. Хилла-те хьо цаяр йиллинчу метте Ахь суна гайтар хьайн син къилбаседе? ЧIапачу баккъаш тIе пухI тесна ардаш Езачу тийналло тIекерчаш, веддо. Доху сан беснешна месала барташ Къоначу лайн чимийн тIедачу бето... Хилла-те хьо цаяр йиллинчу метте Ахь суна гайтар хьайн син къилбаседе? КIур тийса йолало туьнкалган луьлла, Ша башош сан дагна гонаха бина. УгIу сан бIаьргашна лайн чимийн гуьла ГIайгIанан беттаса царна чохь гина... Хилла-те хьо цаяр йиллинчу метте Ахь суна гайтар хьайн син къилбаседе?.. Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|