![]() |
|
|
#1081 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Дитташа бос хийцар ах бен ца гуш, Август а язбели таьптар тIе шеран. Шиъ хенан хIоттам бу къуьйсуш цхьа гIуш - ХIоттийнарг гIевланга маьлхан цIен кхера… Сентябро юьллуш ю гуьйренна хан, Оьгу гIаш кара луш, беснаш а хуьйцуш. Хийистехь диттана го дашо гIан: Шена кIел со лаьтташ хьоь безам буьйцуш… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1082 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Къоламан белаца кехат а охкуш, Де-дийне доккху ас цхьа сирла каш. Цецдохуш дуьненан сан гIуллакхаш, МогIанийн бIаьллаш ду гонаха Iохкуш. ДIабогIа кечбина гIайгIанан хIоллам, Букарчу цхьалло шен гехь латтабо. Суждане эгахь а ойланийн бIо, ДоIа дан сих ца ло сатийсам-молла-м. Кхолламан барам бу цкъачунна беса — Шен гIийла мухь цунна кеста гур бац: Къахьоьгуш со мел ву, дIадолор дац Дуьненан лазамо шен Iеса еса. Шардо ас упханаш массо а байтан, Воттанан меттана тIехьоькхуш са… Марчонна лоьру ас хьарчоза къа — Илланчин оьмаран цIеналла гайта… Шатайпа каш доккхуш ас гойту масал, Массарна хетийла дацахь а дош. Шеретан мах хаддол кхиъна сан дош, Хуьлуш шен ден коша лаьттан цинц тассал… 1илман Юсупов Поэт-всегда философ. 1илман Юсупов не исключение,если не сказать больше,чем философ.Его философские стихи облечены в такую прекрасную форму, что невольно забываешь о глубочайшем смысле, вложенном автором; приходится преодолевать себя, заставляя задуматься над содержанием произведения. "Шеретан мах хаддол кхиъна сан дош, Хуьлуш шен ден коша лаьттан цинц тассал" Изумительные слова и глубоки по смыслу! Даже в этих двух строфах видно глубинное состояние автора, многое пережившего на жизненном пути. Открыв глубочайший смысл, вложенный 1илманом в свои творения, начинаешь по-новому относиться к окружающему миру. Дела реза хьулда хьуна,1илман за твои неповторимые стихи! Дала аьтто бойла хьан!
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1083 |
|
Вес репутации: 3 |
***
Шуьшинна-м кIордадац сан темза синлаам къийса, ГIеметтахIоттаран тогIе а, къоналлин бохь а… Къоналлин бохь хьулбеш, даьржинчу дахкаран киса Букъ тIехьа дуьтуш, со-м вогIу сайн тогIичу охьа. Там бара лакхахь сан дахаран лараш ца йиса, Аьлла, сайн болар а сацийна, хьаьжча со хьала, Гин суна: тIера дIашершина дахкаран киса, Сан бохь лепийна ло дешаш ду – Iаламат хала… Тов Лаьхьа сана, хи тIе текха тача, Сетта, кIамлуш морзгал-моьнаш – лараш. Бецан кийра лаьцна ченан ача Цестаевли маьлхан зIаьнарш-тарраш. Болх беш ю аьхкенан йоккха товха, Доттуш, кхоьрзуш Iаламера синош. IиндагIаш ду дерриге а довха, ГIора доцуш дайдан тевнан къинош. Малхо, мархийн билзиг юккъе хуьйшуш, Чоьш схьалоьцу церан массо можан, Нуьре цергаш яош, аре Iуьйшуш, Гонах яьккхи сагал-бецан хьожа. Зевнах доккхуш тIемийн жима пиллиг, ДIо кIайдарган кеда зIуга юьжу. Тийналла ю дилла гIерташ «бIиллиг», Лехна аьзнийн уггар мерза ижу… Амма син Iаьршашкахь ойла къекъа, Дагах кхета стелахаьштиг-могIа, Къинхетаман коьртехь бIаьрхи хьекъа, ТIедутту сан байтийн дато догIа… 1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#1084 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Билггал хиъча доллий сатаса, Къорза дитташ тилон хIоьтти мох а… ГIенийн чен бенчуьра яьлла схьа Iуьйре хета анайистехь лоха. Гуьнахь йоцу йийсар санна, Iа Хьаштийн кучо кепатоьхна ойла – Кега-мерса дерташ оьхьуш дIа, Ерзина-х и даций лелайойла… Сингаттаман чиллахь веш со вох, Дарба санна, цхьа Iалашо-м ю сан: Схьа а лаьцна дитташ тилон мох, Сайн гIуллакхийн левси цуьнах юза… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1085 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Суна хIинца Iемина цхьа хIилла, Хьоьга сайна ца беттийта пе: БIаьсте яьлча, Iожан заза хилла, Оьгур ву со хьан месашна тIе. Ткъесан нуьрехь, тарлуш хьочан генах, Аьхка аса-м тухур ду хьан кор. Гурахь ван а хьожур ву со гIенах, Бахьаш хьуна сатийсамийн мор. Амма Iай, хьоьх гIайгIа яьлча хьерча, Дагчохь санна, арахь угIуш дарц, Хьаьвзаш хьан бIаьргашчу кIуьрах кхерчан, Хьожур ву ахь бIаьрхиш туьдий харц. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1086 |
|
Вес репутации: 0 |
Со, безаман ч1урам хилла, г1ийлла вогуш 1а,
Ала, юй хьо сан ц1е ларъян реза? Дагчу доссахь цхьа ларамза синхаамийн 1а, Г1ура яшон хьуна ч1урам беза. Дагна лулахь йовхо йоцуш, безам хьекъаш бац, Цуьнан сийнна вогуш ву со г1оза. Сатийсаман ц1оцкъамаш т1е йиллахь сира к1ац, Ахь со къайллах хьайна гергаоза. Цхьаллин сег1аз юккъехь йогуш юткъа ц1е ю-кх тайн - Хала-ъ ду-кха йийсар хилла, къага. Лелаш волчу сан когашка хьакхар керча дайн, Маржа, цунна т1ехь хьан амат ага!.. Дегайовхо яош, кхобуш лаам бу ас сайн: Даим цу хьан б1аьргийн корехь вага… |
|
|
|
#1087 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Iаламан куц даьккхи гуьйрено баса. Екъа буц кегаеш, лелаш ю зу. Сиръелла стигал ю дог хьаош хаза - И ирча хета берш мел дукха бу… ГIаш оьгуш, боьлак а хетало шуьйра, Дак хьоьжу оллалой шовданна чу. Хаза ду гуьйрено яздина туьйра - Цуьнах ца кхета берш мел дукха бу… Ткъа дерриг дахар ду цхьа шовкъийн кана И мелла ма-девлли, вай дIагIур ду. Дуьне мел хазлахь а таханчул кхана - И ца гуш буьсу берш мел дукха бу… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1088 |
|
Вес репутации: 27 |
Лаьттахь харш – сан некъ бу, ткъа, стиглахь – гIаргIулийн могIа.
Лакхахь тIам мел туьйхи, бухахь а сих бо ас ког. Дахкарх чекх Iийдалуш, тIедогIу гуьйренан догIа, Шелоно жагIантIехь керчадо шовданан дог. Эгна гIаш Iохкуш ду, геш оьхьуш стигала хьала, Уллерчу коьллашлахь шур-шур деш ца хеза зу… Йиллинчу метте со вогIуш ву хьалхачул хала: Къастаран синхьехам тIеIаткъам бан говза бу. Гуьйре дIа ма-яхха, вайшиъ а хир дац-кха цхьаьна. Къастаран неIсагIехь ма къийса соьца къа, мел. ГIертар бу сан кхерч а, лалаеш маьргонаш Iаьнан, Шен цIеран маттахь дан хьоьх лаьцна соьца къамел… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1089 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Кхаж баьлла керлачу гуьйрене кхин цкъа-ъ ладогIа, Со хьуьнах лелаш ву, къорза куз когашца хьуьйш. Мохк хуьйцу олхазарш ма-гиннехь, сайн шерийн могIа Сийначу стигалахь хетало царах дIауьйш. Белхаме и аьзнаш дIадайча льмнашна тIехьа, ЦIеххьанчу ойлано кхетамехь кхуллу-кх цхьа вас: БIаьсте ма-яьллинехь, олхазарш доьрзур ду цIехьа, Амма сан дIадахна шераш кхин схьадогIур дац. Хетарехь, иштта сан дахар а дIагIур ду хецна, Дуьненан майданахь шозлагIа бIаьсте ца гуш. ЧIагIдо и стиглано - лепачо сира бос эцна, Мархаша - дIалаьцна Iачара сан маьлхан гIуш. 1илман Юсупов У каждого человека есть свой любимый поэт, стихи которого могут поддержать в трудные минуты, помочь преодолеть в себе слабость, ободрить, подсказать. Для меня таким поэтом является 1илман Юсупов. Именно он умеет найти слова, помогающие лучше понять, что же творится у меня в душе, что происходит вокруг и как мне поступить в ситуациях, кажущихся безвыходными. Как часто бывает грустно и тоскливо от мысли, что нет рядом ни одного человека, который мог и хотел бы понять тебя, принять таким, какой ты есть. Но читаешь стихи 1илмана Юсупова — и вас становится уже двое, а значит, есть еще люди, умеющие понять и разделить твое состояние, просто ты их не замечаешь. Значит, все дело не в окружающих, а в тебе самом. Когда начинаю читать стихи 1илмана,я погружаюсь в совершенно особый мир, волнующий и зовущий. Это происходит потому, что произведения поэта не поучают, не успокаивают, а пробуждают все чувства. Дела реза хуьлда хьуна,1илман!
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1090 |
|
Вес репутации: 27 |
Лаьттан цамгар
ГIуранан энаша дIалаьцна меженаш лаьттан, Дац цуьнан шовданийн-бIаьргийн бен меттаххьан де. Лохха тIеязъелла стигал а ойлаеш лаьтта, Ца хууш иштачу лазарна ша хIун дер-те… Стигалан гIайгIане ойланаш — лайн чимаш — оьгу, Iаь етташ, кхетам чу балабеш цомгашчун хьиэ. Хетарехь, цундела сонта мох бу царех хьоьгуш — Карзахе хьоькху и, ца туьгуш цхьажимма тиэн. Дарц а ду-кх стигалан ойланийн шатайпа гIаттам. Эзарнаш куьйгашца цо хьийча шен зийза дегI, Iаламан дог-ойла екхаеш, толур ду латта-м, Паналлин маршонаш юха а цецйохуш шех… Стигало лаьттана гIоли еш ца хилча денна, Цкъан цкъа а бIаьсте гур яцар-кха кIайчу дуьненна… 1илман Юсупов Мне нравится пейзажная лирика 1илмана Юсупова. Его стихотворения, посвященные природе, также различаются между собой. Мы видим мир природы во всех его проявлениях, в его движении и изменении, мир, живущий собственной, интересной и загадочной жизнью. Это идеальный мир, созданный мечтой поэта, избавленный от зла и несправедливости. Природу 1илман Юсупов воспринимает как источник прекрасного, воплощение гармонии и красоты. И в то же время автор наполняет свои пейзажи размышлениями о проблемах взаимоотношений. Трудно передать те чувства, которые испытываешь, читая стихотворения поэта. Невероятно богатство и разнообразие его пейзажей и тех мыслей и эмоций, которыми они наполнены. Баркалла хьуна,1илман за эти прекрасные и неповторимые стихи, которые наполняют до краев душу.
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|