![]() |
|
|
#1071 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Мила ву сан кара биллинарг къолам, Кехатах тешабеш сан дешнийн болам, Байташка дерзадеш ойланийн сур? Хьан баьккхи синтем а сан дагна гена, Хьовзабеш сан кийра сингаттам къена, БуьйгIуш сан безамна шеконан гур? Хьан самадаьккхи-те Iинчуьра татол, Ца хилларг юьхьанца чемхалг а даддол, Тахана ахка шех хилла Iаш дерг? И хеттарш дуьссуш ду жоьпаш а доцуш, Уьш Делан омранна кIел хилар дотуш, Уьдуш ю хан-зама, етташ шен берг… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1072 |
|
Вес репутации: 27 |
МIаьрго
Замано шеггара хIоттийна дахаран мах – КIорггера ойлаеш, чот тоьхча, и ю цхьа мIаьрго. Лаьттахь ша хан яккхар лур доций хаарна дах, Зезагийн шабаршка сутара ладоьгIуш яр го. Синхьехам кхачабо, муьлхха а синхаам ле. ДIаихна иэсаш а генахь ду, ца лаццал бIаьрго. Оьмарш а тохкуш шен, ткъес санна, йовхачу кхе, Адамийн сибатехь дуьненчохь ехаш ю мIаьрго. Марзонаш оьцучохь уьйрашна хиларх а вас, Тешаман деган у бехдарх а шеконан хьаьрко, Махьшаран майданахь Деле бен хийцалур яц Абадехь туп тоха дIайоьду лийр йоцу мIаьрго. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1073 |
|
Вес репутации: 27 |
Поэзин новкъахь
ВогIу со, луьйзуш сайн поэзин Iаса, БIешерийн кIоргене боьдучу новкъа. Шен иэсехь латтош ю кху некъан аса Соьл хьалха ихначийн лараш а, шовкъ а. Тур санна, къуьйлуш сайн буйнара Iаса, Хаддаза некъ бо ас, ца оьгуш гуора, Некъо ног тухучохь дош хьовзош маса, Дебош сайн тоьллачу назманийн гIора. Бух боцу Iаннаш ду йистошца некъан, ТIехула кхозуш ю тIурнене Iаьржа. ВогIу со, хьакъдеш сайн кхолламан шекъа, Абаде юьйгIуш сайн Iалашо маьрша. Гоьмукъах сайн Iаса бIешерех Iуьттуш, Шерех чекхвуьйлу со, эшаеш зама, Азаллин лендоцчу дилханах хуьттуш Илли а, Даймохк а, сайн нохчийн къам а… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1074 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Сан шовкъаш гIайгIанан кIуьралахь къаръелла, Сайн цхьаллин кхерча ас тахкарна… Со-м воьду стигларчу гIаргIулех тарвелла, Пебетташ къоьжачу дахкарна. Со кхочур вац кхин хьо Iаш йолчу кIотара Хьан куц сайн бIаьрсица ловзадан… Со воьду, секх санна безаман Iодара, Йовзазчу йоьIан дог Iовжадан. Кагбелла сан кхоллам ма бетта зоьпара - Сан чов хьан дарбанах шекъяьлла… Со воьду, хIоъ санна йоккхачу тоьпара, Хьан деган дилханах чекхваьлла. Къастар а дели-кха вайга барт хаьттина. Хилла и дуьненчохь масанна?.. Со воьду, веллачун кийрара гIаьттина, ДегI дуьтуш, дIадоьду са санна. 1илман Юсупов В стихах 1илмана Юсупова всегда внутреннее движение,неостывшее чувство,противоречия,тревожащее сердце,даже в иронических стихах. В них отражается свой собственный и сомоценный мир,наполненный истинными переживаниями, духовными стремлениями поэта и глубоким чувством надежды и грустью. Одним словом-красиво!
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1075 |
|
Вес репутации: 27 |
Нохчийчоьне
Хьоьга безам – сан ойланийн чилла - Набарзаллин буьйсанашлахь IаьIна. Сан Нохчийчоь, суна бехк ма билла: Со Iамийна ваьлла вац хьан маьIна. Iилма хилла даьржина-кх и Лаьттахь, Талла ваьлча тоьар доцуш дахар… Со мел веха хьан токхечу хьаьттахь, Цхьа а ойла хир ма яц сан Iахар. Хьоь сан безам – Делан Iаршан кхоллам, Беттан серло - седарчашлахь деба, Байташ юцуш, марсабаьлла къолам, Можа малх - хьан лаьмнаш тIехьа тиеба. Ас тIелоцу хьан хьехам а, кост а, Хьоьга кховдош сайн иэшам а, зовкх а. Денна мийларх ас хьан шийла хьоста, Хьоьх со хьогах хилар дIа ца дов-кха. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1076 |
|
Вес репутации: 27 |
Байттамал
ЗIугано кхор лоху уггар а хилларг. Баппано яржайо шен къоьжа кана. Гена а далале селхана хилларг, ХIинцца дерг чехадо хиндолчо кхана. Уьшал чохь пхьид ека, шен гIайгIа иййеш, Шен дайна ирс лоьхуш эрзашна юккъехь. ДIайоьлху мIаьргонаш – аланза иллеш, Байттамал дуьтуш сан къоламна юххехь. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1077 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Эзар шо дIадаьлла хьо суна езаш, Дуьненчохъ ас лехнарг итт эзар шарахь. Охку ас азаллин бухбоцу иэсаш, Хьо дуьхьал мел теси есаллин марахь. Хьан эвхье сибат ган ца хуьлуш таро, Дуьненан букъ тIе со кхозлагIа ваьлла. Хьан куьйгийн ховхаллин шапаIат каро Сан бIаьрса седарчех дIаийна даьлла. ДоIанан дош латтош сайн байтан багахь, Уьншерийн бодашкахь хьоь хьоьжуш Iийн со… Доьдучу бIешарахь вай вовшийн ца гахь, Галъяла герга ду безаман нийсо. Батта тIе Iаь етташ, доьIучу сица Хиламза сан лаам ахь денбеш лаьтта… Стигланан бIаьргара долучу хица Йоссахьа со хьайга хьоьжучу Лаьтта. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1078 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Веха со, лелош сайн шерашца гамо, Цара сайн дег1ан сий ца дарна жимма. Хала ду-кх хебарш а ягарьеш Iамо Доккхачу дуьненан хьесапан Iилма. Къоналла-м хиллера цхьа йоца забар, Оьмаро качъелча сан даге йина. Цундела тIедоьжна денойх цаIабар ГIеметтах1оьттина долчу сан сина. Дахар ду заманца хьаббарех ловзар, ТIаьххьара бIаьрг беллар валар а долуш… Цкъа хIинца-м доьдуш ду сан кхиэлан ловзар — Со цигахь тхьамда ву хьаштийн кад молуш. Азъелла ягIахь а сан ирсан рузма, Безаман мIаьргонаш — агIонаш туьлуш, ВогIу со куьг лаьцна сайн къоман узаман, Син тIаьхьалонех сайн дог а ца дуьллуш. Ткъа дог, дIаладоьгIча, аре ю тIеман: Цунна тIехь леташ ю бIостане шовкъаш. Сан хьиэ чохь хьийзаш ю къийсаман сема, Шена тIе хьерчаеш толамийн къовкъарш. Сихачу боларна цхьа лазар кхетахь, Когашна аьрха ца хетийта сацар, Эшаман ша башош кхиаман четахь Муьйлу ас доьналлин хьаьж тIера хьацар. Цкъа-м омра кхочушдеш тIаьххьарчу сахьтан, ДIагIур ву абаден хIордах дIаэн со. Делахь а, дохлур ду сан шийла лахьта Сан чуртах Iаса яхь адамийн иэсо… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1079 |
|
Вес репутации: 27 |
Тайп-тайпана ойланаш
Стиглара мархаш а хетало адамийн синош. Хьажал хьо, уьш а ю, вуьйш санна, Iаьржа а, кIайн а. Галваьлла хьо вожахь, ма деха нахана къинош, Нахана лерина харц кхиэл а кхайкхае хьайна. Лекъначу шовдантIе дахкаро хьарчийча марчо, Мотт соцу боьранан, дIадоду тогIенан бIаьрса. Сий лардеш волчунна елало Даймехкан маршо, Сий духкуш волчунна мостагIчун Iазап тIекъаьрза. Баьццара оьмар а кхачийна, оьгучу гIашна ТIехьаьжна хаза мох Iазапхо хуьлий, дIахIутту. Стаг муьтIахь ца хилахь «къинхетам» цIе йолчу дашна, Шен кхиэлан пенаш цо къизаллин тIулгашца дутту. Халкъана тIекхаччалц бохаман киртигаш къаьхьа, Ямартхо тебна Iа, шен дагчохь тешнабехк хьекъаш. Лекхачу дитта тIе балало дIовш туху лаьхьа Аьрзунан санна шен тIемаш а доццушехь, текхаш. Доьзалехь осала воI кхиар – ден-ненан бала. ГIеранчин къизаллаш ги хуьйшу гергарчу нехан, Яхь йоцу лай гIерта шен халкъан коьшкала вала, МостагIчо шен махка баржийча зуламе Iеха…. 1илман Юсупов Перечитала много раз это стихотворение. Мне кажется,что 1илман Юсупов тоскует и сожалеет о том,что на смену живому,душевному и светлому миру,приходит абсолютно иной мир: тяжелый,железный,бездушный и беспощадный. Насколько мы стали жестоки и равнодушны,изменились ценности. Хвала Аллах1у не все такие стали! Только будучи гражданином и патриотом Чечни можно написать такое: "Яхь йоцу лай гIерта шен халкъан коьшкала вала, МостагIчо шен махка баржийча зуламе Iеха…" Мы должны быть благодарны неповторимому поэту 1илману Юсупову,что он, к счастью был, есть и будет со своим народом.
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1080 |
|
Вес репутации: 27 |
Iуьйре
Къорзачу зезагийн дургал а муьйлуш, ГIаддахна хьийзаш ду дайн IиндагIаш. Iуьйренан зIаьнарша уьш тIе а кхуьйлуш, Цаьрцанна лестадо акхтаргийн гIаш. Шовданан татол го басах чу хьаьдда, Ламанан букъ тIехьа малх айало. Ца оьшу аматаш тIера дIакхаьдда, Iаламо исбаьхьа сурт хIоттадо. Стиглара серло цхьа сапаргIат Iена. Бацо а баржийна лаьтта шен куз. Цунна тIехь цIийзачу чкъургаша хенан Цаьпцалгийн догIмашка кхерстадо зуз. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|