Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 29.07.2008, 14:58   #1061
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Кхин цхьа де а чекхдели сан, урчакх санна, хьийзаш,
Эханг санна, адамаш а луьстуш шена тIе:
Шайн боларшца, аматашца сан кхетамехь зийзаш
Кхолламаш а болуш нехан, вац со паргIате.

Малх чубуззуш сецна урчакх ас сайн кара ийци,
Эзар ойла ечу цуьнан коьртах куьг хьаькхи.
Шен темех, цатемех лаьцна цо соь дукха дийци,
Дисиний-те аьлла хеттал бухахь дийца кхин.

Къеста ца беш хийраниш я сайна бевза-безарш,
Хеда ца деш, гулдалийти ас и синойн тай.
Ас сайн даг чу дIадийшийти ша массеран дезарш,
Сайн гIо оьшуш мел болчеран хабарш суна тай.

Даим суна уьш хазийта шаьш ма-дарра шера,
Дала хIоттош хилла тийналла а лаьтта тIехь.
Ас сайн иэсехь Iалашйийр ю массо урчакх шеран,
Уьш сайн хьийзаш мел ю лаьттар ву со царна хехь.

Амма сайн денош тIе хьерча боьлча шийла Iеха,
Цкъа мацца а сайн дахаран суна гур чаккхе.
Дала тIаккха дIалур ду сан иэсехь IаьIна эханг
Дуьне шена тIе луьстучу маьлхан урчакхе...


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 29.07.2008, 15:26   #1062
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Сан са

Хьо хIунда сеттина, цицигах букъ тIе а боккхуш,
Сан къинойн лам гина, билли-те хьан кийра ша?
Далла ас ен Iамал яц-те хьо сийлалле доккхуш,
Сан дегIан чорхана яппарш ян Iемина са?

Цхьа гIуллакх ас дича, мах хадош, ахь дош ца олу,
Ткъа, наггахь Iехаво, хьуо доьду моттуьйтуш дIа…
Лензаллин неIсагIе ерриг а хьайн долахь йолу
Хьо хилча гIайгIане со даим цецваьлла Iа.


Баннекъийн тIулгаш тIехь Нохчийчоь букъ тIехьа лоьцуш,
Леллачийн стиношца гергарло дуй-техьа хьан?

Бусулба хьо делахь АллахIан омра тIеоьцуш,
Царна а луур ду хьо шайца г1азотехь ган..

Хьо каде хьовзалахь Махьшарехь вай вовшахкхеташ,
АллахIах хетачохь сов тIаьхьадисина эхь.

Хьуо кхачахь пирдовсе, цагинчех цигахь къахеташ,
Даггара делхалахь хьо церан цIерашна тIехь?

1илман Юсупов


Ма хаза ю х1ара байт. К1орггера чулацам болуш ю. Кхузахь 1илмана дуьйцург шен са ду аьлла ца хета суна.

"Бусулба хьо делахь АллахIан омра тIеоьцуш,
Царна а луур ду хьо шайца г1азотехь ган
"

Кху шин мог1анца гойту 1илмана вайна х1ун маь1на ду х1окху дуьненан,вайн дахар синц1еналлийца хила дезар.
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 29.07.2008, 15:46   #1063
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
Цитата:
Сообщение от Amazonka2 Посмотреть сообщение
КАРЗАХЕ БЕЗАМ

(сонетийн кочар)

И.
Ма хета ас дуьйцург цхьа кега-мерса,
Ма гИерта цунна тИе бендацар таса.
Шортта хьагИ хиллехь а дерзах тИесерса,
Хьан куьцан цхьа а сиз ца даьлла баса.

Ма-дарра кИайн ду-кха эзар шо хьалха
Азаллин цИу хилла хьан юьхь-сибат а.
Къоначу хьан некъан массо а пхьалгИа
Сан дагтИехь тусуш ю хьан когийн тата.

БИов хаьрцаш яьллачу гИовгИанах тера,
Ас дина мукИарло хьийза хьан лере.
Барташ луш куьйгашна хьо йинчу шеран,
Ловзуш ю хьоьца сан кхиэлан тИекере.

Доь доцуш, атало массо а къа сан,
Хьо цхьаъ ю аьлча ас дуьненал хаза.

2.
Хьо цхьаъ ю аьлча ас дуьненал хаза,
Вас хилла хьаьвзар ю мехкарийн тоба.
Ахь къайладаккхалахь, ца дойтуш лаза,
Хьайн месийн цИевнаца ас дина товба.

Еарин буьйсанна дИо беттан хаьштиг
Айдина, вогИур ву со хьуна тИе а.
Иеса ма даккхалахь вайн ирсан маьждиг,
Къахка ма делахь вайн пИераска-де а.

Ши адам дИакхачош шен Иалашоне,
Баьлла-те вайшиннан синхаам суьпа?
БИаьрг тухуш хилалахь хийрачу гуоне:
Сема ду гИаролаш ачонан туьпан –

Зиэн лиъна оцеран духар а, герз а,
Тийналлехь ирдо ас вайн уьйран лерса…

3.
Тийналлехь ирдо ас вайн уьйран лерса,
Ойлане юьгуш хьо, гИаш оьгуш гича…
СинхИоттам сайн хилахь жимма бе-берса,
Ловр ю ас гуьйренан карзахе хич а…

ГИаргИулийн аьзнаша зарзйина мархаш
Хир ю-кха баттана чекх хьежа дика:
Цунна а гайта вайн марзонан маргИалш,
Цуьнан дог даийта вай ирсе дига…

Хилийта яхъелла догИанийн гийзиг,
Канашкахь хьекхабеш мажбелла сула,
Сеалар – хьан хазахетарийн билзиг –
Байракхах ийлур ю хьаннаш тИехула:

Иаламна луур ду, горгделла хИазарх,
Ахь ечу бИаьцанийн къамелаш хаза…

4.
Ахь ечу бИаьцанийн къамелаш хаза
Ца вуьту безаман дагаро чомахь.
Сан бИаьста даьккхина хьан дегИо заза,
Хьан болар – чИара бу сан бИаьргийн Иомахь.

Ахчанах санна, хьан даточу еларх
Кисанаш дуьзна сан сатийсамаша.
Суна хьо езарна баьллачу мэлах
Хьекхалуш, дешна сан шеконийн шаш а.

Дахаран ловзаргахь сайн бИаьрса дайча,
Ас хьоьга узамца сакъоьрур дара.
ДИабаккха, хьайн дуьхьа ас цхьалла лайча,
Хьайн деган пИелгара кхоларийн тИара.

Хьан гИайгИа иштта а, шабарш деш лохха,
Иемина сан дагах мотт хьекха бовха

5.
Иемина сан дагах мотт хьекха бовха
Цу тИера чов гина, къастаран жИаьлеш.
Ахь а дан деза уьш цхьажимма човха,
Царна тИе мохь хьекхна, сан озан Иаь леш.

Йовха ю хИинца а, тИера Иаь гИуьттуш,
Сингаттам оьзна, ас яьккхина шура.
Иийр ю-те, соне а хиъна, и луьттуш
Дуьненца къийсина сан ойла кура?..

Дуьйцур ду хьоьга сан син олхазарша
Кхоларша юзар сан синтеман стигал.
Иаржъелла сан дегайовхонийн варш а
Шен дитташ хьеста хьо кхин ян ца тиггал…

Тапъаьлла и Иахь а, бац хьуна лаан-м
Ас хьоьга сатийса марзбина лаам…

6.
Ас хьоьга сатийса марзбина лаам
Азбелла, йиш йоцуш хьуна тИекхача.
Бод санна, севсина сан дегабаам –
Муьста хир бу цуьнах мел бина кхача.

БаИ санна, къахьлуш бу сан Иоттабаккхам,
Ахь шена вас йина дешнаш а дууш.
Гехь лело хала ю цатемийн баккхал,
Ца хилча цуьнах хИун са йолу хууш.

Шиъ вовшахкъастаран лендоцу маьИна
Со а ву хетачех дуьненал шира:
Соьца Иа байттамал, сеттаеш яьИна,
Хьоьца хьан бИаьрхиш ду дахкарал сира.

Делахь а, сан дагалецамийн товха
Хуьлу сан кхетамна йоИ-бИаьргал ховха….

7.
Хуьлу сан кхетамна йоИ-бИаьргал ховха
Со карзахваьккхина хьан бетан буьхьиг.
Хьоь лалахь, цо Иоьхуш, яьккхина гИовгИа,
Хьан корехь яжор ю ас шовкъан буьйхьиг.

Хьо йина де хилча сан рузма йолош,
Сан шерийн хьаьж тИера сек хилча иза,
Ма гИуо, сан ирзера хьайн месийн йол хьош,
Докъар а ца хилча и доцург кхин сан.

Вайн дегнийн бахам бу юкъарчу долахь,
Хьуна ма догИийла и биекъа дага:
Ишта а жимбина вайн ирсан бол ахь,
Тийсина хьера мел веанчун бага.

Хетарехь, багарбан дезар ду сан а-м
ГИенаша хьох лаьцна мел бина хаам…

8.
ГИенаша хьох лаьцна мел бина хаам
Юха а буьллу ас Иуьйкъенан чета,
Сатуьйсуш хиларе сайн синна хьаам,
Бодано хИаваах иэдича вета.

Сан набарх чекхдуьйлу хьан вастан ладар,
Кхетаман тхьуздоьлла пардо а Иадош.
Хьо гИенах гар а ду – хьуна тИе вадар,
Собаран-Иаспаран баргол а хадош.

Можачу балдашца хьан кораш дуий,
Кхоладо батто шен юьхь-сибат куьйса –
Хьо гушшехь, сан сахьтан сихдалар ду и,
Цхьамзанийн куьйгашца дИатуьттуш буьйса.

Ша цунна хетийта моз санна хьоьхан,
Сан шовкъан Иалашо ца лела боьха.

9.
Сан шовкъан Иалашо ца лела боьха.
ЦИе санна, цИена ю меженаш цуьнан.
ТИекхочуш сатийсам кийра дИабоь хан,
ХИутту и якъон сан ойланаш тИуьна.

Лела и, малх кхетта де хилахь декхна,
Хьан дегИан ИиндагИах шен духар дина.
Ткъа, буса и беттан берд хуьлу текхна
Седарчийн жагИанца хьан бИаьргийн Иина.

Дийцахьа, хИун ду-те хьо къехкар цуьнах,
Бахьанза даьккхина бехкаме орца?
И кхиъна яц хьуна акхачу хьуьнах,
КИомсаршна тИехьоькхуш мокхазан орцха.

Цуьнгахь ницкъ хиларна шайн а бан чидам,
Къона бу сан шерийн массо а битам.

И0.
Къона бу сан шерийн массо а битам.
Хьаж хабош яц хьуна ас хьоьх ен ойла.
Нигат деш сингаттам улле ца бита,
Хьан дегайовхонан Дала сий дойла.

Ма гойла цкъан цкъа а хьан бИаьргийн чуьхьа
Къеначу цхьалло шен можала Иенош.
Дуьнено салт дуьллуш хьан ирсан дуьхьа,
Маликийн дарж долуш хуьлда хьан денош.

Эхь-бехко къийвале, чехкка со вига
Безаман къинойх ца доккхуче гИуда.
Реза ву со хИинцца дИаван а цига –
Дан деза некъаш ахь сан кога туда.

Дага а ца йолуш я соьх, я хьоьх а,
Хьо хесто гулло сан ойланийн пхьоьха.

ИИ.
Хьо хесто гулло сан ойланийн пхьоьха,
Сан коьртехь и атта йоха ца туьгу.
БИаьрхиша юьзча хьан бИаьргийн ши пхьегИа,
Хьан гИайгИа сайн синна ас маре юьгу.

Стиглара доьссина хьо еза пурба,
Лаьттаца ловзу и, хилла къоркхокха.
Со лара ца войтуш ша лаца гур бан,
Цу сохьта сан кийрахь шен бен цо бо-кха.

Кхоьру со, хьуна сайн дог-ойла йотуш,
Ларамза йисарна хьо сайн син къилахь,
Стигалахь йоьлхуш ерг марха а йоцуш,
Сан бИаьрза къанбелла сатийсам хилахь.

Хала а хир ма ду и гИалат тида-м,
Хьан вастан лар лаха векалбеш тидам.

И2.
Хьан вастан лар лаха векалбеш тидам,
Со Иашшехь, хьо ядон кИелхуьйшу зама.
Хьан акха испайлла идахь а ида-м,
Цуьнан а-м дезар ду цкъа караИама.

И хИунда ю-техьа, сай санна, сема,
Дог тохаделча а, дИаэккха кийча?
Ма хала хир ду-кха, дарж санна тИеман,
И шовкъан Иома чохь резаяр лийча.

И суна муьтИахь еш (хьайн долахь йолу)
Хьо кхочур яц-техьа яьлла а-м хета…
Ас цхьана къурдаца и ойла молу,
Хьуна а некъ буьтуш сайн сих къахета.

Хьо сайна евзинчу дийнахь ас аьлла:
Хьо – Делан бИаьрхи ду – и воьлуш даьлла…

И3.
Хьо – Делан бИаьрхи ду – и воьлуш даьлла,
Чохь сирла са лела, дилхане тИадам.
Бахьана хьо долуш, сан собар хаьлла,
Ас динчу доИанна жоп хилла адам.

Ас дагахь дуьйцург а хьуо хилча хезаш,
Ойлае, оьший-те къехка, пебетта?
Седарчийн даар ду – хьан сирла месаш:
Уьш суна карайо хьаьвди чохь беттан.

КИур тийса баьлча сан гИайгИанан къуьда,
Нур дахьаш дахкийта хьай бИаьрийн секхаш.
ЗИаьнарийн кхача бу – хьан беснеш хуьта,
Уьш лохуш, херцадо ас маьлхан текхаш…

Хьоьх лаьцна дош ала цкъа карахдаьлла,
Сайн кхиэлан зерат со хьоьх дина ваьлла.

И4.
Сайн кхиэлан зерат со хьоьх дина ваьлла,
Лууш хьан тешаме мухИажар хила.
Шен бага йоьхкича хьестарийн гаьллаш,
Терсарца гИадъоьху сан ирсан гила.

Мустъелла хиллехь а, сан хенан гуьйриг
ГИа хеццалц, ловза-м йи хьан деган кхаша.
ТИелуьсту сан массо сиркхонийн уьйриг
Де-буьйса цИе йолчу хьан урчакхаша.

Дуьйлина латтадо хьайн бИаьргийн иэс ахь
ГИайгИано лоьхучохь шен жоьра ижу,
Хьекъадеш суна хьайн сибатан хесахь
Довхачу балдийн ал-цИегИа ши гижу.

Цундела бекаш бу сан иллин мерз а.
Ма хета ас дуьйцург цхьа кега-мерса.

И5.
Ма хета ас дуьйцург цхьа кега-мерса,
Хьо цхьаъ ю аьлча ас дуьненал хаза.
Тийналлехь ирдо ас вайн уьйран лерса,
Ахь ечу бИаьцанийн къамелаш хаза.

Иемина сан дагах мотт хьекха бовха
Ас хьоьга сатийса марзбина лаам.
Хуьлу сан кхетамна йоИ-бИаьргал ховха
ГИенаша хьох лаьцна мел бина хаам.

Сан шовкъан Иалашо ца лела боьха,
Къона бу сан шерийн массо а битам.
Хьо хесто гулло сан ойланийн пхьоьха,
Хьан вастан лар лаха векалбеш тидам.

Хьо – Делан бИаьрхи ду – и воьлуш даьлла.
Сайн кхиэлан зерат со хьоьх дина ваьлла.


1илман Юсупов
Амазонка ,баркал хьуна за Репу!Конечно же я буду продолжать комментировать стихи,вернее, делиться своими впечатлениями!)Ты всегда выкладываешь лучшие стихи Поэта,)хотя у него других и нету,все своеобразно прекрасны.Ты знаешь, Ильман Юсупов является единственным ,из чеченских поэтов ,кто пишет стихи в форме "венка сонетов".Насколько я знаю,ето очень сложно и не каждый рискует эксперементировать в етой области) , но у Юсупова это получается ,причем превосходно.А этот " Венок" к тому же еще и про любовь,очень красивые , хорошие ,нежные стихи. Ты не пропадай ,радуй нас новыми стихами,) а то мы тут увязнем в пучине словесности невостребованных "светил ума")
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 29.07.2008, 16:22   #1064
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Тийжа хIутту можа назма беттан
Седа бахча лаьттан махка маре.
Хьо - мох бу сан кор а тоьхна, бедда,
Ткъа, со - махах хьаьгна тевнан аре.

Карзахечу сайн дустарийн тидарш
Мел лаарх а суна хьох ца акха,
Ахь лелийна моттаргIанаш-пхьидаш
Сан гIайгIанан уьшал екош Iа-кха.

Сан сих йин ахь шовда лекъна меттиг,
Сан бохбелла лаам хьогах буьтуш...
Седарчашца беттан юкъаметтиг
Хьуо а хилахь тховса цхьаьнхьа туьдуш,

Са ма тийса мархийн белхар тере -
Хьох ца теша цуьнан цхьа а чIикъ а:
Шина декъе декъна уьйран шерет,
Ахь безаман весет доха ди-кха...

Ойла хьоьжу сингаттаман кеда,
Лууш цунна чуьра лазам Iийша...
Лаьттан махка маре бахча седа,
Беттан можа назма хIутту тийжа...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 29.07.2008, 16:23   #1065
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Букарчу цхьаллин бу чекх сагун бIаьргаш,
Къастаран мукъамаш царна чохь го,
Го суна Iаьржачу гIайгIанан хьаьркаш,
Пайденза дIадахна сайн хIора шо.

Царна чохь мустлуш ду гуьйренан догIа,
Къеж а деш уьйранза гатлун синош.
ГIаргIулийн тоба го, нисбина могIа,
ДIайоьдуш, ваIданийн можа гIаш хьош.

И гаро цхьажимма сан дагна ялйо:
Йоьрзур ю и цIехьа - тIехтилча Iа…
Шен бIаьргаш къерзабо букарчу цхьалло,
Цкъа хIинца-м царна чохь сингаттам Iа.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 29.07.2008, 16:29   #1066
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
«ДЕГАН ЦАСТАРШ» цикла юккъера

***
ГIерташ поэт вицвалийта, ма къа хьоьгу аша,
И ца везарш, амма цо шун пусар дIа-м ца до:
Хи тIе боьду некъ дIабайарх лайша, догIанаша,
Адамаша, хьаг ма-делли, меттахIоттабо…

***
Бакъо йоккхуш сайна кхузахь, хехо санна, латта,
Сайн байташна реза хирриг нохчийн шира илли,

Дедайн ирзехь хIинццалц Iахар Iилла дезна латта,
Деган чкъурах хIайкал де ас, хьо юккъе а диллий?..

***
ГIайгIанна яцош, шайн ойланаш ечул а аз,
Шу хилахь, адамаш, наггахь а со дагалоцуш,
Йилбазан мохь боцуш дуьсур дац сан деган аз,
Илли а хир дац сан тIаьхьараалар а доцуш…


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 29.07.2008, 18:22   #1067
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Тийжа хIутту можа назма беттан
Седа бахча лаьттан махка маре.
Хьо - мох бу сан кор а тоьхна, бедда,
Ткъа, со - махах хьаьгна тевнан аре.

Карзахечу сайн дустарийн тидарш
Мел лаарх а суна хьох ца акха,
Ахь лелийна моттаргIанаш-пхьидаш
Сан гIайгIанан уьшал екош Iа-кха.

Сан сих йин ахь шовда лекъна меттиг,
Сан бохбелла лаам хьогах буьтуш...
Седарчашца беттан юкъаметтиг
Хьуо а хилахь тховса цхьаьнхьа туьдуш,

Са ма тийса мархийн белхар тере -
Хьох ца теша цуьнан цхьа а чIикъ а:
Шина декъе декъна уьйран шерет,
Ахь безаман весет доха ди-кха...

Ойла хьоьжу сингаттаман кеда,
Лууш цунна чуьра лазам Iийша...
Лаьттан махка маре бахча седа,
Беттан можа назма хIутту тийжа...

1илман Юсупов


Неповторимый,самобытный,гениальный и много других восторженных эпитетов можно сказать в адрес неподрожаемого Поэта 1илмана Юсупова!
Как творческий человек, я могу сказать с уверенностью,что только у 1илмана настолько сильно устанавлено пропорция между содержанием, эмоциональным тоном и звуковой оболочкой стихов,что мелодия напевается сама по себе.
Художник слова-1илман Юсупов стремится как можно полнее, ярче, живее выразить в своих стихах нужные впечатления, переживания, размышления.
Поэтому каждое его произведение читается так легко,а после чтения в голове еще долго звучит ритмика, мелодика — музыка его стиха.
Баркалла хьуна,1илман за прекрасные стихи!
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 30.07.2008, 01:23   #1068
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Мархаш юккъехь беттан къена гуьйриг
Мур а йоьлла, серло къедош Iа...
Атта керчи хьан аматийн уьйриг
Сан лехаман голаш тIера дIа.

Кхача гIерташ къайле йоцчу хайре,
Эрна шелби ахь сан ирсан бен:
Хьуна гур ма яц сан деган гIайре
Сан безаман хIорд жимбелча бен
.

Сайна хьакъ яр сатийсамийн гулар
Дарий сан и-м доггах даредар:
Хьоьца хилар - дечиг-пондар булар,
Цуьнан мерзех шовкъо пIелг тасар...

Деган дилха Iовжо говза хилла
Хьан шийлачу дешнийн шокъалеш.
ТIаьхье йоцчу тIекеренийн хIилла
Хилла церан зов ма-хеззи, леш...

Хьуна лезна, дохкояьлла ойла
Те ца йича волий тIаккха цкъа:
Хьан са хилла - вастийн юкъарIойла,
Иза-м ца хилла сан долахь цIа...


ТIе а юллий сингаттаман чкъуьйриг,
Ас сайн дагалецам буллу дIа...
Мархаш юккъехь беттан къена гуьйриг
Мур а йоьлла, серло къедош Iа...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 30.07.2008, 01:27   #1069
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
СОНЕТ

«Еза» аьлла, ас хьан даге дашо даре дира,
Марзо эца меттахйоккхуш массо меже меттан...
Иштта хьайх сан хьегар хилча шаьлтанал а ира,
БIостанал а аьрта хьажар ахь сан сих ма детта.

И хьан бIаьргаш - ткъесал нуьре, дахкарал а сира
Ши малх бу-те сатийсаман гIушлакхенехь кхетта?
Хилча хIун ду ас хьо йийцар дуьненал а шира:
СадеIарал бIозза керла цIе сан кийра летта...

Мох а сецош, ца хьекхийта цуьнга Лаьтта нуй,
Массанхьа а йоза лийхи ас хьан когийн ларийн.
Амма син левсица кховсуш синхааман суй,
ЦIарна лулахь йоллушехь, хьо суна шийла карий.
ХIинцца хии суна безам йолу цамгар юй -
Иза ишта дацахьара хьо сох къехкар ярий?
..

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 30.07.2008, 01:50   #1070
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
СОНЕТ

Аматийн зазашлахь, баI санна, къеста
Шераша сан юьхь тIе даржийна йоза.
ХIетте а, хьан белшийн зезагаш хьеста
Лууш бу сан куьйгийн ши накхармоза.


Азаллехь кхаж баьлла сан даг тIехь леста
Безаман пачхьалкхан байракх ю хьо сан...
Хьан марзо кхачийна со висахь кеста
Реза ву со Лаьттан букъ тIера восса...

ЦIеххьанчу Iожалло куьг кховдош деха,
Син серло дIаэцча сан бIаьргаш чуьра,
Сох дуьсур долчу кху дуьненан меха
Хир бацахь, езар, хьан сингаттам дуьра,
Битахьа хьайн куьце къин сагIа деха
Цхьа лаам сан шовкъан тIаьххьарчу муьран..
.

1илман Юсупов


Звуки — живая плоть стиха,именно звуками речи создаются своеобразность, индивидуальность языка. Язык каждого поэта индивидуален,но язык и слог 1илмана Юсупова настолько своеобразен и тонок,что смысловая сторона его языка с тонкой и бесконечно разнообразной игрой оттенков значения слов и их сочетаний не спутаешь ни с чем. Мне кажется,что я узнала бы даже среди тысяч других стихов индивидуальный стиль 1илмана Юсупова.
Если бы изложить смысл этого красивого лирического сонета, сломав ритм, убрав рифмы, разрушив звукопись,то получилась бы проза, причем неинтересная и банальная. Если, конечно, она опять же была бы написана не рукой этого неповторимого поэта. Я так думаю,что проза у 1илмана Юсупова была бы не хуже его прекрасных стихов по содеражанию и стилю.Что и говорить: гений он и есть гений...
Может мне посчастливится еще, когда-нибудь, прочесть и прозу 1илмана. Что ж,буду на это надеяться...))
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.