![]() |
|
|
#1051 |
|
Вес репутации: 27 |
Безаман лами
Оьздачу хьан дешнех буцу ас безаман лами: Хьан деган Iаьршашка лууш ву со хьалавала. ХIуъа дийций а, со волччохь цхьаъ дийций яла – Хьан къамел кего кечбелла бу сан деган чами… Сан ламин тIегIанаш – мукъамах аьгна хьайн дешнаш – КIадо а ца еш, чуэгаде хьайн балдаш тIера. Хьан дешнийн оьланаш – со гуттаренна шайх тешнарш – Дахаран хазна ю сан ирсан кераюккъера… Сан болх бахийттина мерзачу чаккхенан герга, Там бара цIеххьана хьан дашо къамелаш кхачон? Хьанал ю ламина ас тIегIанашца ен кхачо, Беркате хуьлда ас хаддаза церан бен тергам… Ши тIегIа тIеоьшу со Iалашоне дIакхача. Йист хуьлуш ма яц хьо? Ас хIинца хьаьнга ладегIа? Тийналло мацдина, ирделла сан лерса хьегIа – Хьарам би цунна ахь хьайн балдийн и зевне кхача?.. Хийистехь садайна… Хьан кIудал тIехъеха ели… Ахь, даржехь совдоккхуш лааман кIоршаме собар, Эвхье схьахьажарца эли сан ойланна оба, «Хьо веза» - ши дош а - сайн лами со бина вели… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1052 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Сан шовкъаш гIайгIанан кIуьралахь къаръелла, Сайн цхьаллин кхерча ас тахкарна… Со-м воьду стигларчу гIаргIулех тарвелла, Пебетташ къоьжачу дахкарна. Со кхочур вац кхин хьо Iаш йолчу кIотара Хьан куц сайн бIаьрсица ловзадан… Со воьду, секх санна безаман Iодара, Йовзазчу йоьIан дог Iовжадан. Кагбелла сан кхоллам ма бетта зоьпара - Сан чов хьан дарбанах шекъяьлла… Со воьду, хIоъ санна йоккхачу тоьпара, Хьан деган дилханах чекхваьлла. Къастар а дели-кха вайга барт хаьттина. Хилла и дуьненчохь масанна?.. Со воьду, веллачун кийрара гIаьттина, ДегI дуьтуш, дIадоьду са санна. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1053 |
|
Вес репутации: 3 |
КАРЗАХЕ БЕЗАМ
(сонетийн кочар) I. Ма хета ас дуьйцург цхьа кега-мерса, Ма гIерта цунна тIе бендацар таса. Шортта хьагI хиллехь а дерзах тIесерса, Хьан куьцан цхьа а сиз ца даьлла баса. Ма-дарра кIайн ду-кха эзар шо хьалха Азаллин цIу хилла хьан юьхь-сибат а. Къоначу хьан некъан массо а пхьалгIа Сан дагтIехь тусуш ю хьан когийн тата. БIов хаьрцаш яьллачу гIовгIанах тера, Ас дина мукIарло хьийза хьан лере. Барташ луш куьйгашна хьо йинчу шеран, Ловзуш ю хьоьца сан кхиэлан тIекере. Доь доцуш, атало массо а къа сан, Хьо цхьаъ ю аьлча ас дуьненал хаза. 2. Хьо цхьаъ ю аьлча ас дуьненал хаза, Вас хилла хьаьвзар ю мехкарийн тоба. Ахь къайладаккхалахь, ца дойтуш лаза, Хьайн месийн цIевнаца ас дина товба. Еарин буьйсанна дIо беттан хаьштиг Айдина, вогIур ву со хьуна тIе а. Iеса ма даккхалахь вайн ирсан маьждиг, Къахка ма делахь вайн пIераска-де а. Ши адам дIакхачош шен Iалашоне, Баьлла-те вайшиннан синхаам суьпа? БIаьрг тухуш хилалахь хийрачу гуоне: Сема ду гIаролаш ачонан туьпан – Зиэн лиъна оцеран духар а, герз а, Тийналлехь ирдо ас вайн уьйран лерса… 3. Тийналлехь ирдо ас вайн уьйран лерса, Ойлане юьгуш хьо, гIаш оьгуш гича… СинхIоттам сайн хилахь жимма бе-берса, Ловр ю ас гуьйренан карзахе хич а… ГIаргIулийн аьзнаша зарзйина мархаш Хир ю-кха баттана чекх хьежа дика: Цунна а гайта вайн марзонан маргIалш, Цуьнан дог даийта вай ирсе дига… Хилийта яхъелла догIанийн гийзиг, Канашкахь хьекхабеш мажбелла сула, Сеалар – хьан хазахетарийн билзиг – Байракхах ийлур ю хьаннаш тIехула: Iаламна луур ду, горгделла хIазарх, Ахь ечу бIаьцанийн къамелаш хаза… 4. Ахь ечу бIаьцанийн къамелаш хаза Ца вуьту безаман дагаро чомахь. Сан бIаьста даьккхина хьан дегIо заза, Хьан болар – чIара бу сан бIаьргийн Iомахь. Ахчанах санна, хьан даточу еларх Кисанаш дуьзна сан сатийсамаша. Суна хьо езарна баьллачу мэлах Хьекхалуш, дешна сан шеконийн шаш а. Дахаран ловзаргахь сайн бIаьрса дайча, Ас хьоьга узамца сакъоьрур дара. ДIабаккха, хьайн дуьхьа ас цхьалла лайча, Хьайн деган пIелгара кхоларийн тIара. Хьан гIайгIа иштта а, шабарш деш лохха, Iемина сан дагах мотт хьекха бовха… 5. Iемина сан дагах мотт хьекха бовха Цу тIера чов гина, къастаран жIаьлеш. Ахь а дан деза уьш цхьажимма човха, Царна тIе мохь хьекхна, сан озан Iаь леш. Йовха ю хIинца а, тIера Iаь гIуьттуш, Сингаттам оьзна, ас яьккхина шура. Iийр ю-те, соне а хиъна, и луьттуш Дуьненца къийсина сан ойла кура?.. Дуьйцур ду хьоьга сан син олхазарша Кхоларша юзар сан синтеман стигал. Iаржъелла сан дегайовхонийн варш а Шен дитташ хьеста хьо кхин ян ца тиггал… Тапъаьлла и Iахь а, бац хьуна лаан-м Ас хьоьга сатийса марзбина лаам… 6. Ас хьоьга сатийса марзбина лаам Азбелла, йиш йоцуш хьуна тIекхача. Бод санна, севсина сан дегабаам – Муьста хир бу цуьнах мел бина кхача. БаI санна, къахьлуш бу сан Iоттабаккхам, Ахь шена вас йина дешнаш а дууш. Гехь лело хала ю цатемийн баккхал, Ца хилча цуьнах хIун са йолу хууш. Шиъ вовшахкъастаран лендоцу маьIна Со а ву хетачех дуьненал шира: Соьца Iа байттамал, сеттаеш яьIна, Хьоьца хьан бIаьрхиш ду дахкарал сира. Делахь а, сан дагалецамийн товха Хуьлу сан кхетамна йоI-бIаьргал ховха…. 7. Хуьлу сан кхетамна йоI-бIаьргал ховха Со карзахваьккхина хьан бетан буьхьиг. Хьоь лалахь, цо Iоьхуш, яьккхина гIовгIа, Хьан корехь яжор ю ас шовкъан буьйхьиг. Хьо йина де хилча сан рузма йолош, Сан шерийн хьаьж тIера сек хилча иза, Ма гIуо, сан ирзера хьайн месийн йол хьош, Докъар а ца хилча и доцург кхин сан. Вайн дегнийн бахам бу юкъарчу долахь, Хьуна ма догIийла и биекъа дага: Ишта а жимбина вайн ирсан бол ахь, Тийсина хьера мел веанчун бага. Хетарехь, багарбан дезар ду сан а-м ГIенаша хьох лаьцна мел бина хаам… 8. ГIенаша хьох лаьцна мел бина хаам Юха а буьллу ас Iуьйкъенан чета, Сатуьйсуш хиларе сайн синна хьаам, Бодано хIаваах иэдича вета. Сан набарх чекхдуьйлу хьан вастан ладар, Кхетаман тхьуздоьлла пардо а Iадош. Хьо гIенах гар а ду – хьуна тIе вадар, Собаран-Iаспаран баргол а хадош. Можачу балдашца хьан кораш дуий, Кхоладо батто шен юьхь-сибат куьйса – Хьо гушшехь, сан сахьтан сихдалар ду и, Цхьамзанийн куьйгашца дIатуьттуш буьйса. Ша цунна хетийта моз санна хьоьхан, Сан шовкъан Iалашо ца лела боьха. 9. Сан шовкъан Iалашо ца лела боьха. ЦIе санна, цIена ю меженаш цуьнан. ТIекхочуш сатийсам кийра дIабоь хан, ХIутту и якъон сан ойланаш тIуьна. Лела и, малх кхетта де хилахь декхна, Хьан дегIан IиндагIах шен духар дина. Ткъа, буса и беттан берд хуьлу текхна Седарчийн жагIанца хьан бIаьргийн Iина. Дийцахьа, хIун ду-те хьо къехкар цуьнах, Бахьанза даьккхина бехкаме орца? И кхиъна яц хьуна акхачу хьуьнах, КIомсаршна тIехьоькхуш мокхазан орцха. Цуьнгахь ницкъ хиларна шайн а бан чидам, Къона бу сан шерийн массо а битам. I0. Къона бу сан шерийн массо а битам. Хьаж хабош яц хьуна ас хьоьх ен ойла. Нигат деш сингаттам улле ца бита, Хьан дегайовхонан Дала сий дойла. Ма гойла цкъан цкъа а хьан бIаьргийн чуьхьа Къеначу цхьалло шен можала Iенош. Дуьнено салт дуьллуш хьан ирсан дуьхьа, Маликийн дарж долуш хуьлда хьан денош. Эхь-бехко къийвале, чехкка со вига Безаман къинойх ца доккхуче гIуда. Реза ву со хIинцца дIаван а цига – Дан деза некъаш ахь сан кога туда. Дага а ца йолуш я соьх, я хьоьх а, Хьо хесто гулло сан ойланийн пхьоьха. II. Хьо хесто гулло сан ойланийн пхьоьха, Сан коьртехь и атта йоха ца туьгу. БIаьрхиша юьзча хьан бIаьргийн ши пхьегIа, Хьан гIайгIа сайн синна ас маре юьгу. Стиглара доьссина хьо еза пурба, Лаьттаца ловзу и, хилла къоркхокха. Со лара ца войтуш ша лаца гур бан, Цу сохьта сан кийрахь шен бен цо бо-кха. Кхоьру со, хьуна сайн дог-ойла йотуш, Ларамза йисарна хьо сайн син къилахь, Стигалахь йоьлхуш ерг марха а йоцуш, Сан бIаьрза къанбелла сатийсам хилахь. Хала а хир ма ду и гIалат тида-м, Хьан вастан лар лаха векалбеш тидам. I2. Хьан вастан лар лаха векалбеш тидам, Со Iашшехь, хьо ядон кIелхуьйшу зама. Хьан акха испайлла идахь а ида-м, Цуьнан а-м дезар ду цкъа караIама. И хIунда ю-техьа, сай санна, сема, Дог тохаделча а, дIаэккха кийча? Ма хала хир ду-кха, дарж санна тIеман, И шовкъан Iома чохь резаяр лийча. И суна муьтIахь еш (хьайн долахь йолу) Хьо кхочур яц-техьа яьлла а-м хета… Ас цхьана къурдаца и ойла молу, Хьуна а некъ буьтуш сайн сих къахета. Хьо сайна евзинчу дийнахь ас аьлла: Хьо – Делан бIаьрхи ду – и воьлуш даьлла… I3. Хьо – Делан бIаьрхи ду – и воьлуш даьлла, Чохь сирла са лела, дилхане тIадам. Бахьана хьо долуш, сан собар хаьлла, Ас динчу доIанна жоп хилла адам. Ас дагахь дуьйцург а хьуо хилча хезаш, Ойлае, оьший-те къехка, пебетта? Седарчийн даар ду – хьан сирла месаш: Уьш суна карайо хьаьвди чохь беттан. КIур тийса баьлча сан гIайгIанан къуьда, Нур дахьаш дахкийта хьай бIаьрийн секхаш. ЗIаьнарийн кхача бу – хьан беснеш хуьта, Уьш лохуш, херцадо ас маьлхан текхаш… Хьоьх лаьцна дош ала цкъа карахдаьлла, Сайн кхиэлан зерат со хьоьх дина ваьлла. I4. Сайн кхиэлан зерат со хьоьх дина ваьлла, Лууш хьан тешаме мухIажар хила. Шен бага йоьхкича хьестарийн гаьллаш, Терсарца гIадъоьху сан ирсан гила. Мустъелла хиллехь а, сан хенан гуьйриг ГIа хеццалц, ловза-м йи хьан деган кхаша. ТIелуьсту сан массо сиркхонийн уьйриг Де-буьйса цIе йолчу хьан урчакхаша. Дуьйлина латтадо хьайн бIаьргийн иэс ахь ГIайгIано лоьхучохь шен жоьра ижу, Хьекъадеш суна хьайн сибатан хесахь Довхачу балдийн ал-цIегIа ши гижу. Цундела бекаш бу сан иллин мерз а. Ма хета ас дуьйцург цхьа кега-мерса. I5. Ма хета ас дуьйцург цхьа кега-мерса, Хьо цхьаъ ю аьлча ас дуьненал хаза. Тийналлехь ирдо ас вайн уьйран лерса, Ахь ечу бIаьцанийн къамелаш хаза. Iемина сан дагах мотт хьекха бовха Ас хьоьга сатийса марзбина лаам. Хуьлу сан кхетамна йоI-бIаьргал ховха ГIенаша хьох лаьцна мел бина хаам. Сан шовкъан Iалашо ца лела боьха, Къона бу сан шерийн массо а битам. Хьо хесто гулло сан ойланийн пхьоьха, Хьан вастан лар лаха векалбеш тидам. Хьо – Делан бIаьрхи ду – и воьлуш даьлла. Сайн кхиэлан зерат со хьоьх дина ваьлла. 1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#1054 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Кхозлаг1чу борг1алийн аьзнашла лестина буьйса. Iуьйкъенан б1арлаг1а тоххарехь ламчу тилла. Т1уналло т1ера лар хуьйдина тача ду куьйса – Шовданан корта цо тховса а ларбеш хилла. Ламанца мустъелла дахкаран етташура. Боьранийн лергашка тийналло биллина бамба. Г1енаша боддинчу г1аша до дайн шур-шураш, Ша беша луьйзу ког мох г1ерта ма-хуьллу байбан. Набаран буржалша д1амалди к1айн сатасар. Варшахь тхи диллина. Луьста буц техкаре яьлла. Наштаран баттана гуо баьхна сан сатийсар, Анайист айъинчу Iуьйренца эшаре даьлла. Зезагийн б1аьрсине къастало маьлхан з1аьнарш. Уьш а ю сихъелла стигалан ездари дара. Лечанан бенчуьра еттало йовха Iаьнарш, Хьекъабеш Iуьйренан х1аваан йовхонан барам… Ангалин жарж шайна т1ехула баржийна бецаш З1аьнарийн пхьаьрсаш т1ехь баьццара чоьш хилла тий… Илли а товш ду-кха Даймехкан Iаламна децаш: И-м сих д1акъаьстина, Iаламан аьзнех д1аий… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1055 |
|
Вес репутации: 27 |
Заманан мазлагIа
Заманан мазлагIа хаддаза екайо адамийн ойланийн вено. ХIоккхузахь сан оьмар-никх а ду шена чохь ас IаIош балоз а, моз а. Оьшшучу барамехь дургалца кхачоян дуй биъна къоналлин хено: Коьртера цо хIора гIаттийна ойла ю – хьуьнаре накхаран моза. Ял такха кечделла шатайпа зезагаш къедош ю Даймехкан аре: Адамах Доглазар, Къинхетам, Дикалла, Сатийсам, Сий, Оьздангалла… Башхачу хьожанца геннара схьакъесташ дахаран чолхечу ярех, Уьш ду сан ойланийн юнашла хийлазза йиллинарш шайн синхазалла. Амма ду кхиндерш а, цIуналахь дахкалуш, серлонна тIекъерзаш гома: Гамо, ХьагI, Питана – иштта дIа кхин а ю оцеран и цIераш дукха… Синхьехам леллашехь, Iожаллин зезагах дIахехкош ойланаш тIома, Сан кхардам бевзачу сакхташа лергинчу зезаго леван там бу-кха… Хьажахьа, Малонан парталчу зезаган хьожано тилийна ойла Хьанала къинхьегам къахьбелла, эхьдоцчу жуккаран цIе лелон яьлла. Шен гIоьнца даьккхина доцу моз цо дууш цкъан цкъа а суна ма гойла! И лалла доьналла соьгахь ца хилахь, со хьовзийла накхарх цIе яьлла!.. Зуламан Iаьржачу зезаган дургало тIеийзон сайн цхьа кхин моза Ас халла саций-кха, орца а даьккхина сайн долахь мел долчу вега… ДIаьвше и зезагаш цхьаццадерш куц-хьарам хуьлуш ду – ма хиларш гIоза! ХIинцца тIекхиъначу мозаша, Iехалуш, ма бала бахьа-кх шайн дега… Делахь а, тIаьхь-тIаьхьа царна шен хьехар дан тIера ю накхарийн эла: Евза-кха суна и – Даймахках лаьцна ас хаддаза еш йолу ойла – Малх санна, сирлачу зезагийн кортош тIе хуьйшу сан мозий цундела, Iалам а бер долуш, вовшашлахь тийсинчу уьйраша церан барт бойла! Баркалла, Даймохк, ахь кхиорна хьайн арахь зезагаш уггар сан хьоме. ГIенийн кIур бетташ, ас улхара моз оьцу хьоь болчу безаман Iайгахь… Чудуьйла, адамаш! Ас шуна даьккхина деган моз, хьовсийша чоме, Аша-ъ ца вуьтий со, синойн и улхан моз жимма а ца диъча шайгахь… Ерриг а мазлагIа шен дола яьккхинчу замано сонта кIеж туьйсу: Диканиш-вониш а ца къестош, цо накхарш къоъмаза оту-кха хийла. Ойланаш, Бакъдолчу Зезагийн хьошалгIахь хьеелларш, лензаллехь юьсу – Дуьненан иэсехь йохйо цара оьмарийн цхьайолу кийсигаш шийла… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1056 |
|
Вес репутации: 9 |
Как-то я писала об етом стихе свои мысли,а сегодня увидела повтор стиха Амазонкой и поняла , почему Поэт обратил внимание на этот цветок.Одиночество-вот она эта причина,как мы бываем слепы,когда не хотим видеть.)
Баппане Хьуна петухуш, т1ехвала ду 1аламат хала, Лазаман це кхетта сан тидам ма хета дола… Хьан корта буьззина, къоьжалла къедахь а хьала, Ца лаь кесталгИа хьо дерза къаналлин дола. Со-м хьуна декхар вай: хьан къоьжа х1уш т1е ма-дийннехь, Луьста варкъ диллина сан г1айг1а бос хийца яьлла. Ма хила г1ийла кху яча кечделлачу дийнахь, Сан деган коран б1аьрг хьан дато нур леца баьлла. Ма доха, шайн мазах къахьалла кхетарна кхоьруш, Накхаран мозий ца эхарх а хьайна аьттехьа. Делахь а, дог 1аьвжа, массарел хьуо миска лоьруш, Экаме са махах лардеш, хьо таьИаш лаьттехьа… Х1етте а, кхелана буьрканах тарбелла корта Къоначу мехаша х1уй-пака боккхий-цца, къовсий… Сатедан хаз-хаза зезагаш доллушехь шорта, Йоьлху сан ойланаш, т1омачу месашка хьовсий… Коьртаза шийла г1ад, х1авао долийнарг к1амдан, Чурт санна, ца латта, бацала дужур ду кхана… Кхетаман хьесапехь – кхелхина зезагийн тхьамда, Ткъа деган кхетамехь – дИаяьлла оцеран нана… Иилман Юсупов Я много раз перечитывала етот стих Юсупова...Каждый раз я понимала,что оно необычное,но вот чем,почему оно так меня притягивает..Не может быть ,чтобы поэт принял такое участие в судьбе какого-то Одуванчика.Что он хотел нам сказать на примере этого цветка,какие мысли,какие переживания пытался передать?!Ведь я же слышу ето так реально,он говорит,а мы не понимаем...Я попробую представить мое понимание етого стиха...Ето нелегкая задача,но мне так хочется подойти как можно ближе к тайнам внутреннего мира Ильмана,к его виденью мира,как человека необычайно творческого,интересного... Почему-то гляда именно на этот цветок поэт предается размышлениям. Все так переплетено,но я осмелюсь сказать,что речь в основном идет о любви ,о грусти и сожалении ,о жизни в общем..... Хьуна петухуш, т1ехвала ду 1аламат хала, Лазаман це кхетта сан тидам ма хета дола… Хьан корта буьззина, къоьжалла къедахь а хьала, Ца лаь кесталг1а хьо дерза къаналлин дола. Жизнь так быстротечна,и ето остро чуствуется наблюдая за судьбой етого цветка.ведь вроде бы только что он был ярким цветком ,притягиваюшим к себе взгляды прохожих...Но ето время ушло,и цветок сменяет свое обличье,на более зрелое ,как и в судьбе человека,время,когда становишься более беззащитным,более уязвимым... Возвраст понимания и переосмысления всего,что было для тебя важным-любовь дружба,несбывшиеся мечты,потери,победы, упущенные возможностии...Как много всего приходит на ум... Сколько нежности и заботы в его словах обращенных к цветку,может быть ето слова оставшиеся когда-то несказанными какой-нибудь женщине,может быть в них выражено сожаление об упушенном моменте...Как знать... Со-м хьуна декхар вай: хьан къоьжа х1уш т1е ма-дийннехь, Луьста варкъ диллина сан г1айг1а бос хийца яьлла. Ма хила г1ийла кху яча кечделлачу дийнахь, Сан деган коран б1аьрг хьан дато нур леца баьлла . Ма доха, шайн мазах къахьалла кхетарна кхоьруш, Накхаран мозий ца эхарх а хьайна аьттехьа. Делахь а, дог 1аьвжа, массарел хьуо миска лоьруш, Экаме са махах лардеш, хьо таь1аш лаьттехьа… ХИетте а, кхелана буьрканах тарбелла корта Къоначу мехаша х1уй-пака боккхий-цца, къовсий… Сатедан хаз-хаза зезагаш доллушехь шорта, Йоьлху сан ойланаш, т1омачу месашка хьовсий Да, жизнь коротка,и подобно жизни етого цветка летит она незаметно,как пух одуванчика,не дает шансов ничего повторить снова, изменить что-то, исправить...Может именно ети мысли хотел Ильман донести до нас,хотел сказать нам ,чтобы мы старались не делать ошибок , чтобы мы ценили и любили людей ,которые рядом с нами,не когда-нибудь,а сегодня ,сейчас, хотел сказать,что каждое мнгновение любви и счастья - есть дар божий ,чтобы мы не упускали возможности,дарованные нам судьбой,чтобы не стыдились дарить свою нежность и заботу окружающим нас людям...Не исключаю ,что могла и ошибаться , но ведь это мое мнение,мое восприятие этого стиха ,надеюсь это меня прощает.)) |
|
|
|
#1057 |
|
Вес репутации: 27 |
Каждый человек- это свой собственный мир, непохожий на все остальные. Жизненный опыт, детские впечатления, поиски истины в юности, зрелые размышления, все это складывается в уникальную индивидуальную картину мира, где каждой вещи, каждой идее определено свое место и своя цена. Каждая новая идея, своя или вычитанная, примериваются, приспосабливаются к ней или отвергаются, если не вписываются.
1илман Юсупов-поэт,показывающий нам этот мир своими неповторимыми стихами, окрашенными эмоциональными переживаниями. Человек,в меру своей индувидуальности или ее отсутствии воспринимает его стихи, у каждого своя реакция. Только никому нет дела до тех чувств и эмоций, тех идей и мыслей, которые хотел выразить поэт этим шедевром, это его мир, в котором нет места посторонней и лишней суете. Для глубокого духовного восприятия его произведения нужно хотя бы быть здравомыслящим человеком. Дала аьтто бойла хьан,1илман! Дахаре Хенан сиркхо — наб тIегIерташ, бIаьргийн хIоаш луьйсуш, Дахар, и хьан маьIна довза сан а дийзи-те? Сан механа еза йоцу гIеметталла къуьйсуш, Кхиэлан туька гатъеш, хIуьтту-кх шераш гийзиге… Кхача гIерта юьхь сан хершнийн гезгамашин кара, СингIаш хьега девлла баьрзнех эгначу гIанийн… Амма дегI сан боддинехь а, лагI ца йи ахь хIара Деган Iомахь буру хьийзо шовкъийн кIуркIмани… Ца юсторна нехан хьокъо сан рицкъанан ворта, ХIуьтту хир ду теш хьо деган цIеналлина сан: Ахь семанна даьтта хьаькхна сан оьмаран ворда ТIера яц-кха, цIийзаш, адамашна кула ян… Лиъна хьан нийсонан хьоста къинхетамза лакъон, Вуонаш гIерташ диканийх дан шайна муьтIахь леш, Елла-те ахь, «дахар» аьлла, хьайн цIе тилла бакъо Кху деношна, уьш хиларх а, дIадовларца леш?.. Байтийн совнахдевлла генаш синан херхо хедош, Сан ойланан бага юзуш дешнийн жираша, Хьо го суна пхьуьйшахь, четахь хазахетар къедош — Чохь а, тIехь а дашо динарг ирсан тираша… Лалур доций хууш хьайга дог сан къийдалар, Сих-сиха ахь соьга кховдош ши совгIат ду, дахар: Ойланаш яр — син пардонна сийлахь даьIнаш дахар, Илли алар — йоьрзуш йоцчу чевнах цIий далар… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1058 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Туьнкалган легашка хIоьттина бIаьстенан догIа, Даьгначу дечигна тIехь боьлху пешара кIурз. Сирачу овкъарша къардина аз доцу цIогIа, Йишхаьлла бисина бистина севсина кIур… ЦIераш-ма яьгна-кхи адаман къизачу пешахь, Синтарийн синошна цкъа мацах техкинарш хаза: Тийжачу баьллашка мехаша кадам бо бешахь, ГIайгIано макхдина варшара баьццара база. Мутт-бIаьрхиш литтина, ножо шен синпхенаш аьгна, БIарзбелла, леста поп дагчуьра ламанан чIожан: Товханан набахтехь вежарий церан а баьгна – Ма чIогIа къаьхьа ю хьомечу овкъаран хьожа… Туьнкалган легашка хIоьттина бIаьстенан догIа. Луьстачу кIуьралахь банне а къурд ца бало. Язбина боллушехь, горбоьду сан иллин могIа, Хуьлу сан лазамо мерцинчу дагна хало. Сан иллеш, хьуьнхарчу лаьттах каш даккха дIахIитта, Пана дIа ца кхуссуш, дIайолла пешара юкъ – Кошаза мукъане ма дита докъаза дитташ, Чурт а хьакъ ду царна – дIадогIа дIо орцан дукъ! 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1059 |
|
Вес репутации: 27 |
«ДЕГАН ЦАСТАРШ» цикла юккъера
*** Сан кхиэлан хIосташка дирзина хьан некъийн дерташ. Хьан хIуонан дакъа ду ас доь1уш долчу син Iаь а. Хьан аре — кераюкъ — сайн деган кан кхио г1ерташ, Моьнаша — нахаран хершнаша — юьзнийла хаьа… *** «Даймохк» боху доккха дош ду хьо, гуьйренан стигал. Хьан чаккхенехь гIаргIулеш ю — дукхатIадамаш: КI о р г а ду хьан л е к х а маьIна со ойлане виггал, Лаьттахь даккхий синош даха хIиттол адамаш… *** Машаречу Iаламо а ша теш хилар къуьйсу, Даймахкана ха деш, даим само хьекъаран: БIаьста диттийн чIенигаша хьуьнхахь тапча кхуьйсу, Аьхка юьйлу йоккха топ а стигал къекъаран… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1060 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Со бIаьстенан хьаннаш юккъехь кхерста, Дашо хеташ буц а, тIулг а, хатт а. Лаьа гонах техка бецаш хьеста, Лаьа хIора дитте хьал-де хатта. Бецан тхилахь деган куьйгаш дуьлий, Салам ло ас хIокху маьлхан кIоште. Хьуьнан аьзнех дIаэн лаам хуьлий, Бацалахь сан ойла лахло гоштIе. КIорда ца до хьежа стигла хьала, Хестош гIуш-лакхенан сийна зовкх а, Сайн Даймехкан лаьттан токхе хьал а, Сатасар а, ваьккхинарг со новкъа… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|