Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 03.09.2007, 01:50   #91
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Цитата:
Сообщение от Dodam Посмотреть сообщение
Амазонка, аса х1инцца х1ун дира хаий хьуна?)
Х1ара комп сайна караеанчуьра
ахьа кху чохь мел язйина йолу
1илмани байташ сайна "скопировать" йира-кх)
Дикка ойла а еш а уьш йоьшур ю аса...
Я же только открываю для себя
его творчество...
Ларамца Малика)
Додам, Дала диканца бекхам бойла хьуна. Сунна-м боккха хьаам хуьлу хьо сайна г1о дан г1оьртича а. Сом х1инца марзъелла яьлла х1окху балхе. Лексешкахь кхечу пачхьалкхийн метаний урокашкахь, нохчийн метан дешнаш хуьлу коьртехь хьийзаш))) Бехкениш Апти а, 1илман а ший а ву. Цаьршинаа байташ бен ас кхин нохчийн маттахь йоьшуш х1ума а яц цкъа х1инца. Лара ца йо со. Со д1а мА тасалахь))) Ларамца Эльмира.
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 03.09.2007, 02:36   #92
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
* * *
(Тимиргаев Хьасайне)

Кхелхи хьо. Барам тIехь юьртахойн коьшкала хиъна,
Волу хьо тIаьххьарчу юьхь-чаккхе йоцучу новкъа…
Дийначийн ойланех хьекхалуш, даI даккха кхиъна
И некъ а, меллаша лахьтичу буссушехь, бов-кха….

Даьстинчу лаьттах схьаеттало Iожаллин хьожа.
Стаг хьулвеш, сутара яраш ю и худа гIерташ.
Тийналло гIорасиз доькуьйту доIанан дош а,
Божарийн бIаьрхиша лоьлхуьйту стогаллех дерташ.

Къаьрзинчу йозанца чурт хьожу адамийн бIаьра-м,
Цецдолий шен когех хьаьрчинчу биъларчу борзах…
БIаьрзечу буоберах тера бу бассийна барам,
Дегнех каетташ бу лазаман гушбоцу морзах.

Хьан когийн баррамал шоръелла дуьненан майда
Верасийн пурбано, тхов беш, хьан чуртана тилли.
Назманийн гIийлачу мукъамна доьгIна дац айдан
Хьан озан гIорранал жимделла дахаран илли.

Хьан кхиэлан ворданан кегъелла дIаевлла милкаш
Ден деган дилханах кIоргга чуйиссина уьрсах,
Доцачу хьан ирсан хеназа дIаяйна милташ
Лан ма-ллу йоьттина хьан ненан гIайгIанан кIуьрзах…


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 03.09.2007, 02:41   #93
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Аьхкенан буьйса

ХIара буьйса… Маьрша хиларг сагIа тоьлла аьхкенан…
Кхунна тайнна хьошалла ца дича ас ма хиндарий!
ГIайгIано ятийна хилла деган беш а аьхкина,
Кхуо самалхадаьккхи чIогIа сан ойланийн синтарийн.

Олхазарша гихь лелийна хIаваан дегI дайделла,
Сан садеIар карахь ловзон цуо а-м дера Iамийна!..
Мархийн чопа гонах йоккхуш, беттан саба кIайделла,
Цунна кхехьа хи хьаштхилла Чухчахьеран чамина…

Дитташ лаьтта, орамийн тIамарх чуйоьлла тийналла,
Стоьмийн беснийх барташ дохуш гIаннабарийн Iехано…
Детталучу деган озе лууш дийгIа цIийнна ла,
Сатийсамийн ваIданашка са ма атта Iехало!..

Шур-шураш дан дуьйладели, лаьттахь шеллуш, IиндагIаш.
Тхилахь ешна буц а ма ю – массо чо а бусийна!
Белшаш хебош хоршано шайн, ваьштатеIаш хинда гIаш,
Йовхо къийъян эхь ца хетча кху медачу буьйсанна!

Нуьре сенаш долу бIаьргаш бетташ, гежа седарчий,
Царна чуьра эгош наггахь суй-седанийн дато кIеш…
Легаш Iуьйдуш синхаамийн – гарехь, уггар ледарчийн,
Тоьллачаьрга аса-м тховса туьйсуьйтур ю ма-ттов кIеж…

Буьйса, сихха чекх а ялий, со ма хьолахь саготте!
Хьайн IиндагIийн ловзаргахь дош луо сан дагна-вотанна…
Баттах турмал йина, хьоьжуш йолчу хьуна ца го-те
Кху сан дегIан дукъо даош, шерша хенан воттана?..


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 03.09.2007, 02:56   #94
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
***

Буьйса текхош, къайладели беттан можа бурам.
Веччалг санна, лаьттан чкъурах йоьлла гIура-йис.
ГIулч ма-яьккхи, бека берриг къерсигбаьлла урам.
Дахкарлахь цхьа ирке серлайолу анайист…

Махехь яздо туьнкалгаша кIаррийн сетта йоза.
Довха иза доьшуш, мархийн бIаьрхиш дакъало.
Ша хьаькхначу тIулга тIера гIоттуш цIирцIир-хьоза,
Сан даге цхьа кIеда-мерза илли даккхало…

Шан пардонан ахкарг дина генаш гIоьвно гIорош,
Некъа йистехь, могIа бина, цIийза акхтаргаш.
Дато долуш санна хета кIац йиллина гIораш.
Шалмаз хьаькхча санна, вовшахлиетта эгна гIаш…

ХIара бу-кх и хенан хIоттам, шахматийн у санна,
Шеца ши бос болуш болу, ши бос — Iаьржа, кIайн:
КIайн ду лаьмнийн баххьаш, лахахь — кIурбиллина хьаннаш.
КIайн ду куьзга хинан, амма Iаьржа — чуьйнан тIай…

Хета шалгоюьйлуш суна кху сайн иллин шовкъ а —
Бода хьоьстуш лела, тIаккха серло хастайо:
Iаьржа гIайгIа даг тIе тесна, гуьйре йоккхуш новкъа,
Iа тIедаре хьоьжуш лаьтта ойла къежйи цо…


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 03.09.2007, 12:23   #95
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
***
(ИбрахIиме)

Сан Iодика яр а доцуш, хьо-м дIаваха ц и г а,
Суна сайнна буьтуш хехка Лаьттан буьнжоьлаг…
Кхойкхуш хийла шен дитташлахь левзинчу хьан сига,
Хьан иллех шен назма йина, тийжа хьун-боьлак…

Со, чуластон хан текхаччалц, генна хьалавуьгуш,
Дагалецам вичIабоккхуш, лакхло шерийн гIат…
Ас сайн иэсехь кегон йоза стамдалаъ ца туьгуш,
Оза тептар хилла и — хьан денойн шериIат…

ХIора буса сан набаран корта узуш хуьлуш
Ду хьан амат, ойлаеш сан гIенаш леIаран…
Мича бехкана со ву-те син хьацарца дуьлуш
ХIара хIаваъ — зоьпар хилларг хьан садеIаран…


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 04.09.2007, 02:17   #96
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Заманан мазлагIа

Заманан мазлагIа хаддаза екайо адамийн ойланийн вено.
ХIоккхузахь сан оьмар-никх а ду шена чохь ас IаIош балоз а, моз а.
Оьшшучу барамехь дургалца кхачоян дуй биъна къоналлин хено:
Коьртера цо хIора гIаттийна ойла ю – хьуьнаре накхаран моза.

Ял такха кечделла шатайпа зезагаш къедош ю Даймехкан аре:
Адамах Доглазар, Къинхетам, Дикалла, Сатийсам, Сий, Оьздангалла…
Башхачу хьожанца геннара схьакъесташ дахаран чолхечу ярех,
Уьш ду сан ойланийн юнашла хийлазза йиллинарш шайн синхазалла.

Амма ду кхиндерш а, цIуналахь дахкалуш, серлонна тIекъерзаш гома:
Гамо, ХьагI, Питана – иштта дIа кхин а ю оцеран и цIераш дукха…
Синхьехам леллашехь, Iожаллин зезагах дIахехкош ойланаш тIома,
Сан кхардам бевзачу сакхташа лергинчу зезаго леван там бу-кха…

Хьажахьа, Малонан парталчу зезаган хьожано тилийна ойла
Хьанала къинхьегам къахьбелла, эхьдоцчу жуккаран цIе лелон яьлла.
Шен гIоьнца даьккхина доцу моз цо дууш цкъан цкъа а суна ма гойла!
И лалла доьналла соьгахь ца хилахь, со хьовзийла накхарх цIе яьлла!..

Зуламан Iаьржачу зезаган дургало тIеийзон сайн цхьа кхин моза
Ас халла саций-кха, орца а даьккхина сайн долахь мел долчу вега…
ДIаьвше и зезагаш цхьаццадерш куц-хьарам хуьлуш ду – ма хиларш гIоза!
ХIинцца тIекхиъначу мозаша, Iехалуш, ма бала бахьа-кх шайн дега…

Делахь а, тIаьхь-тIаьхьа царна шен хьехар дан тIера ю накхарийн эла:
Евза-кха суна и – Даймахках лаьцна ас хаддаза еш йолу ойла –
Малх санна, сирлачу зезагийн кортош тIе хуьйшу сан мозий цундела,
Iалам а бер долуш, вовшашлахь тийсинчу уьйраша церан барт бойла!

Баркалла, Даймохк, ахь кхиорна хьайн арахь зезагаш уггар сан хьоме.
ГIенийн кIур бетташ, ас улхара моз оьцу хьоь болчу безаман Iайгахь…
Чудуьйла, адамаш! Ас шуна даьккхина деган моз, хьовсийша чоме,
Аша-ъ ца вуьтий со, синойн и улхан моз жимма а ца диъча шайгахь…

Ерриг а мазлагIа шен дола яьккхинчу замано сонта кIеж туьйсу:
Диканиш-вониш а ца къестош, цо накхарш къоъмаза оту-кха хийла.
Ойланаш, Бакъдолчу Зезагийн хьошалгIахь хьеелларш, лензаллехь юьсу –
Дуьненан иэсехь йохйо цара оьмарийн цхьайолу кийсигаш шийла…

Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 04.09.2007, 17:57   #97
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Яздарче

Илланчин цIе езаш, дарж дина лело,
Деса дош вотанах ахь декадо.
Сан ненан маттана мел хилла гIело,
Хьан байташ ма-йийшши, ма шера го.

Шех хьакхаелча хьан йозанийн шело,
Къиг санна, хебна Iа хьан деган тIо.
ХIетте а, сирачу мог1анийн кIело
Хьанна а ян хьаьгна хуьлуш ву хьо.

Ца яздеш хьо Iийча, хинболчу мэло
Пирдовсе буьгур бу масийтта бIо.
Делахь а, и ца деш хьо хIунда Iело
Тера ду, хетарехь, кхеттачух со:

Бакъволу илланча, гIелвелча, вело
Хьо цунна кховдийна совгIат ду кхиэло…


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 05.09.2007, 02:13   #98
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
***

МостагIчо дайн латта дIалаьцна, со уьйрех хадар
Тергал дIа ца далла дог-Iаьржа хиллера дуьне.
Хийрачу нахалахь йохьана ян гIерташ мадар,
Ас хийла синхаам бейти-кха шеконийн уьне.

Хено шен цхьа га а, пайденза ду аьлла, кхадар
Ла ца луш Iийначу сайн дагалецамийн хьуьне
Доьху ас жимма шен орамаш кхетамехь кIаддар,
Лайначун къахьалла ца йилла хийрачу шуьне.

Геналлехь гIенах гуш дайн лекха сатийсам — маршо,
Суьпачу сица ас Iалашдо цIийн озан уммат…
Сатийсам дIабоьхуш хьомечу стигалан Iаршо,
Сих-сиха ойланийн садаа хIуьтту цхьа хIума:

Со пана махкара цIавоьрзуш, гитоьхна са-лам,
Даймахко дIаоьцур дуй-техьа ас делла салам?..


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 05.09.2007, 03:22   #99
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Лаьттан цамгар

ГIуранан энаша дIалаьцна меженаш лаьттан,
Дац цуьнан шовданийн-бIаьргийн бен меттаххьан де.
Лохха тIеязъелла стигал а ойлаеш лаьтта,
Ца хууш иштачу лазарна ша хIун дер-те…

Стигалан гIайгIане ойланаш — лайн чимаш — оьгу,
Iаь етташ, кхетам чу балабеш цомгашчун хьиэ.
Хетарехь, цундела сонта мох бу царех хьоьгуш —
Карзахе хьоькху и, ца туьгуш цхьажимма тиэн.

Дарц а ду-кх стигалан ойланийн шатайпа гIаттам.
Эзарнаш куьйгашца цо хьийча шен зийза дегI,
Iаламан дог-ойла екхаеш, толур ду латта-м,
Паналлин маршонаш юха а цецйохуш шех…

Стигало лаьттана гIоли еш ца хилча денна,
Цкъан цкъа а бIаьсте гур яцар-кха кIайчу дуьненна…


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 06.09.2007, 12:54   #100
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
***

Деган маргIалш хено кхадар суна-м сане даьлла:
Велавалар зевне дуьйлу, ойла сирла ю.
Деба амал лаьцна долчу шерийн гу тIе ваьлла,
Со-м Iа, бIаьргийн йийсар йина сийна анаюх…

Ца гуш хIун ду хIоккхузара! Гу ца хилар боккха
Эшам бу я толам бу сан хууш вац-кха со:
Буьххье ваьлча, мархаш юккъехь садаккхалац доккха,
Гу лахенехь паргIатваьлча, анаюх ца го…

Баххьийн хIуно садукъдарх а, анаюх ган хьаьгна,
Къарбан лууш шерийн тIеттIа лаккхабуьйлу гу.
Аьчган мIараш туьйсуш, шерийн букар басеш аьгна,
Шерийн гунан когашкара вог1уш верг со ву!..


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.