Показать сообщение отдельно
Старый 02.03.2008, 21:12   #43 (ссылка)
Lara
 
Аватар для Lara
Дишни!!!Этот стих я посвящаю тебе!

Зил т1ера йозанаш..

Лелина даш 1ена,уг1уш хьан сина,
Стигал а,Латта а доьлху хьан къина,
Садууш ,1ожалла хьуна т1ехь лаьтта,
Лоьхуш шен т1аьххьара катоха аьтто.

Диехьа а,сиехьа а,раг1 лаьцча санна,
Накъостий бу оьгуш.Дерачу дагна:
-Рог1ера хьо вуй-те?-кхерам т1етуьссуш.
Шокъалийн дарц хьийза,хьуна гуо туьссуш.

Ткъа ,эккхал,буьзначу хьан деган кийрахь,
Сел къиза,гатвелла хьаьвзинчу дийнахь,
Бац,базбеш,хестийначу Даймехкан амат,
Яц хала кхийна хьо вина нана.

Бац нийса накъостий-бисина генахь,
Хьо бен,кхин дан амал доцчудуьненахь
Цхьа дисна хьан сих-ц1ийх схьадёвлла бераш,
Хьан х1усам ларъеш 1ен нана а берийн.

Уьш дерриш д1адёвлла,ца хилча санна,
Къематан дийно ша 1адийча санна,
Къардала б1аьрзделла хьийзачу сино
Гечдар а ца доьху,летийна къинош....

Цхьа лаам бу даг чохь-деккъа цхьа до1а:
-Сан Дела,ма велахь накъостел кхоа,
Иэгначу,оьгучу к1енташна хьалха
Юьхь1аьржа хир воцуш,нисделахь кхалхар....


ДИШНИ!Этот стих я посвящаю тебе!Я знаю,насколько ты переживаешь,за всех своих друзей,которые пали в бою,за нашу многостродальнюю Чечню!Дала Г1азот Къобал дойла церан!
__________________
Никогда не женись на женщине, с которой можно жить.
Женись на той, без которой жить нельзя!!!

Могу слушать бесконечно......
Lara вне форума   Ответить с цитированием